IADAT: ГIуран-баттахь мел кIезиг а 74 стаг лачкъийна Нохчийчохь
IADAT боламо билгалдаккхарехь, зорбане яьккхина статистика юьззина яц, хIунда аьлча, лечкъийначийн гергарчара а, бевза-безачара а кхачийна генара теллина информаци бен цу тIехь цахиларна.
Нохчийчоьнан Iедалхоша даим а санна бакъ ца до махкара бахархой шаьш лечкъор. ТIаьхьо лечкъийна бигина аьлла, дIакхайкхийначу наха видео тIехь дуьйцу, шаьш дийна а ду, харцо лелийна а яц шайца бохуш.
"Оха мониторинг ечу юкъанна хIара бутт кхин дIоггара жигара бацара нах лекчкъорна. Шо доьрзуш даим санна муьлххачу а бахьанаца нах идор чIагIдо, хIунда аьлча, Кадыровн ницкъхошна шайн балхахула статистикан сурт хIоттон ма оьшу", - дIахьедина Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь IАДАТ боламан векалша.
Статистика зорбане яккхале хьалха цIа бахкийтинарш тептаре ца язбина шаьш аьлла, билгалдоккху жигархоша.
Нах лечкъийна бигале хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна хилла видеоматериалаш гайтира меттигерчу телехьожийлехь, яржийра инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.
Нохчийчохь нах лечкъийна хилар лач хьахийра Кадыровс йоьдучу пресс-конференцехь, амма тIе ца дитира цунна юкъара ша хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, и нах идорна тIехьа хила тарло, "блогерша а, бакъонашлархъярхоша а вас йина нах".
"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист Янгулбаев Абубакар тешна ву гергарнаш бовдийначу наханна хилларг лечкъадар пайде дацарх. Сихха хаамийн гIирсашкахула, бакъонашлаъярхошкахула официалан хьукматашка лехамаш болабайта беза, иза ца дахь, лечкъийначех хIуъа а хила тарло, аьлла цо.