Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

"Iедалца тIом бу сан". Черногори реза ца хилла Орсийчоьне Ростовра безнесхо дIавала

0

Оьрсийчоьно Интерполехула лаца кхайкхийна волу Ростовра 46 шо долу бизнесхо Манукин Алексей Орсийчоьнан каравала реза ца хилла Черногорера Iедал. Полицехь шена ницкъ барх лаьцна цо арзнаш дахь а, бехккъасторхоша иза бакъвинехь а, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело цуьнгахьа сацам бинехь а, жоьпе ийзаво иза цIахь. ДоьазлагIа гIоьртича бен ца белира цуьнан аьтто Оьрсийчуьра вада – 2020 шеран гурахь.

2016 шеран ГIуран-баттахь доладелира дерриг а, Ростов-гIалин вахархо Манукин Владимир кхеташ доцчу хьелашкахь велча. Лазийна корта а болуш иза карийча, полицино шеконе ийцира цуьнан воI Алексей – кхачийра Пролетарски кIоштан декъе.

"Шина дийнахь-буса гIело латтийра суна тIехь. Хьалхарчу дийнахь куьйгех гIоьмаш ца йоьхкира, соьга цхьаъ дайта гIерташ, амма суна хаьара со экспертизе вуьгур вуйла, цундела ас куьйг сайн лардора. Экспертизе валийча, со верриг а йиттина вара, ткъа куьйгаш дийна дара. Эксперта хаьттира, хьан йиттина суна. Ас элира: "Цара" – оперативан белхахошна тIе пIелг а хьажош, эксперта дIаяздира. И дерриг а долуш ду бехктакхаман гIуллакхехь. Со полице дIавигича, кхин а чIогIа йиттира суна", - дуьйцу Манукина.

 

Лечу дийнахь дас телефон тоьхна кIанте, цхьа гIовгIанаш йолуш, вон хезаш хилла къамел, амма, гарехь, гIодоьхуш хилла цо. Алексей тIекхаьчча, коьртахь йина чов а йолуш, кертахь Iуьллуш карийна да. Я цхьа бохам иккхина, я инсульт а хилла, охьакхеташ лазийна иза, аьлла хета кIантанна. Амма талламан версица, Алексейс йиттина дена, цо бераллехь ша а, доьзал а дIатасарна йолчу гамонца. Ткъа кхуьнан я духарца а, я дегIаца а, бохам хиллачохь а ца карийна цхьа а лар, веллачунна гонах охьаихина дуккха а цIий хиллехь а.

Алексейс а, цуьнан адвокаташа а полисхоша шайца лелош ю аьлла шайна хета харцо юзу Ростовн центрехь лаьтта Манукин Владимиран цIенош цхьана хьаькамна дезадаларца. Манукин-воккхахниг велла шо даьлча, цIе а яьлла, дегира иза ваьхначу меттехь бIе гергга цIа. Листа даьккхича, гучуделира Манукинан яьгна гIишлош кхечу наханна тIеяздина хилар – ткъа цуьнан зудчунна, кIантанна ца елла компенсаци.

Полицехь Алексейна, бинташца куьйгаш тIехьа а дихкина, йиттина пхеамма. Iазап лан ницкъ а ца кхаьчна, цо тIеэцна шена зулам, даредина ша да куьйгашца а, мийрабетташ а вийна хиларх.

2016 шеран ГIуран-баттахь йинчу экспертизо билгалдаьккхина Манукин Алексейн юьхь йиттина естийна хилар, мара лазийна хилар. Масех баттахь латтийна иза изоляторехь.

Iазап а, бехкькъасторхоша бакъвар а

ТIаьхьо массо а инстанцешка шена еттарх, ша хьийзорах лаьцна аьрзнаш дIасахьийсийна Манукина. Яьхна шена гIелойинчу полисхойн №7 декъан хьаькамийн цIераш: Щербаков а, Буткон а. Амма Талламан комитето масийтазза юхадаьккхина цуьнан арз, бехке нах жоьпе ца озош. Иза Оьрсийчохь зийна ду, Iедалхоша еттарх лаьцна бехктакхам айбайта юккъерчу барамехь вахархо ялхазза вала веза аьрзнашка, боху хьал девзачу  "Iазапна дуьхьалоечу комитето".

 

Регионерчу Талламан комитетан урхалло полиграфах чекхваьккхина Бутко, сацам бина, цо а, цуьнан накъосташа а "Манукинан дегIа тIехь чевнаш ца йитина", аьлла. Ткъа полицин хьаькамех волу Щербаков ур-атталла леван а аьтто ца баьлла – букъ лазабаьлла, " парггIат хиина Iалуш вацарна, ша могуш вац цо аларна", боху хIиттийначу документаша, оцу бахьаница витина ца зуьйш.

Аьрзнашца Москва а кхаьчна Манукин. Цо дийцарехь, полицин декъан куьйгалхо дIаваьккхина даржера, ткъа Пролетарски кIоштара талламчас ша дIатесна болх.

21 бутт баьккхина Манукин Алексейс Новочеркасскерчу а, Ростоврчу а изоляторшкахь. Таллам бахбарх а, низама дохош ша лаьцна латторах а цо Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьажийначу орзах даре а деш, Оьрсийчоьнан векала Гальперин Михаила дехна кхеле 2019 шеран Зазадоккху-баттахь девне гIуллакх ца кхачор, официалехь аьлла, пачхьалкх кийча ю цунна 2100 евронна компенсаци яла. Юстицин министралло дIаделла Манукинна и ахча.

2020 шеран Чиллан-беттан 18-чохь Пролетарски кIоштан кхелехь бехккъасторхоша бакъвина Манукин. Амма аппеляци чуелла прокуратуро, ткъа Ростоврчу регионан кхело юхабаьккхина иза бехказвоккхуш бина сацам, юхаталла хьажийна гIуллакх.

Доьазза вада гIоьртича баьлла аьтто

Ростоврчу Пролетарски кIоштан кхело ша бакъвийр воцийла а хууш, 2020 шеран Гезгмашин-баттахь пачхьалкхера вада сацам бира Манукина. Амма хала дара новкъавала: регион ца йита Iедална хьалха яздина куьг, шен бизнесах дIадаланза дуьсу кредиташ.

Виза хьашт йоцчу кхечу пачхьалкхе а кхаьчна, цигахула вада Iалашо хилира цуьнан. Юхьанца кеманца кхечира Соче, дагахь вара Ереване ваха, цигара Тунисе, кхидIа – Франце. Амма Адлерехь ФСБ-но сацийра, пурстоьпашкахула махкахвала бакъо яцар а къастош. Лаьттахула лела трнспорт хаьржира цо рогIехь, воллура Украинехула некъ бан, ткъа лецира дозанхоша Брянскна гергарчу "Троебортное" дозан пунктехь. ДоьазлагIа новкъа волуш, шена бевзачу нахехула 24 сахьтанна мохк бита бакъо а яьккхина, Москвахула кеманца Туркойчу вахара Манукин.

Балканашкахь бизнес елла вуьйлира иза хенан йохалла, амма лецира Оьрсийчоьно Интерполе велла хиларна.

Экстрадицин кхерамна кIел

Экстрадици ян кечвеш лаьцна стаг 8 баттал сов чувоьллина кхаба йиш йоццушехь, 28 де сов латтийра Манукина Черногорехь изоляторехь.

 

"Ас айса оцу хьокъехь Европан низаман урхаллашка арз айса дийр доцийла тешийча, Черногорера Iедал кIадделира соьца йолчу юкъаметтигашкахь. ГIуран-беттан 31-чохь къамел дира соьца юстицин министран гIовса, хьийхира, ас хIун дан деза лаьцначуьра мукъавала. Со бехкевацарх долу документаш а гулдина, дуьненаюкъара тховкIело йийхира ас", - дийцира Манукин Алексейс Кавказ.Реалиига.

ХIинца хаттар лаьтта даймахкара веддачунна хьалха – Черногорино мукъаваьккхина иза, Оьрсийчоьно бехках тешош кехаташ ца кечдарна цунна дуьхьал, амма вуьсуш ву иза дуьненаюкъарчу лехамашкахь, цундела аьтто бац ша вехачуьра дIасавала.

"Экстрадици йича хиндериггий? Кеманца Москва вуьгур ву, цигара Ростов давуьгуш шайна луъург дийр ду сох. РогIехь дIовш мелларг вер сох я вуьйр ву, хилларг къайла а хьош. Iедалца тIом бу сан, суна бекхам бан гIертар бу уьш. Новочеркасскерчу изоляторехь со вен тарло, аьлла соьга цхьана накъосташа къайлах. Ростоврчу Пролетарски кхело со гергахь а воцуш таIзар кхайкхийна, Новочеркасске кхачор ву лаьцначул тIаьхьа, ткъа цигара дехьаваккхале вуьйр ву", - бохура Манукин Алексейс.

***

Ставропол-мехкан Кисловодскерчу вахархочо Камнев Даниила дIахьедина, шега етташ, кхерамаш туьйсуш, даредайтина ша терроран тохар кечдеш хиларх лаьцна, аьлла. ХIинца шена бевзаш болчу накъосташна, уьш Оьрсийчоьно магош йоцчу "Ат-Такфир Валь-Хьиджра" жамаIатера бу аьлла, дареш даха гIерта шегара, боху цо.

Ростоврчу №19 туберкулезан дарбан хIусамерчу психоневрологическин декъехь деношкахь маьнгех бихкина, хьийзош, молханаш даош кхаьбна лецна нах. 60 сов ву цунах тоьшалла дина, амма меттиегрчу Талламан урхаллина ца крийна бехктакхаман гIуллакх айдан бахьана. ГIаттийна таллам махкара прокурор а, набахтеш карахь йолчу урхаллин хьаькам а хийцича.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Уимблдон

Финалистка юниорского Уимблдона-2023 получила временное отстранение за допинг






МИД Японии выразил обеспокоенность заявлением Москвы о боевой готовности ядерных сил

Глава Ступина Мужальских поздравил ветеранов труда с Днем Победы

В Москве из-за холодов снизится число комаров

Гонконгская компания всё-таки подала иск о банкротстве завода "Москвич"