Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Нохчийн полицино федералан кхелахочун хIусамнана лачкъорах "ца теша" Кремль

0
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс журналисташца денна хуьлучу брифингехь дахьедина, Кремлехь хууш дац Нижний Новгородехь федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин хусамнана Мусаева Зарема лачкъорах лаьцна.


"Федералан суьдхочун зуда Нижний Новгородехь лачкъорах ма-дарра хууш дац Кремлна, цунах йа теша а ца лаьа",- жоп делла Песковс "Эхо Москвы" радиостанцино деллачу хаттарна.


Де хьалха суьйранна нохчийн полисхой ду шаьш аьллачу наха Нижний Новогородерчу федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина, адвокатна а, суьдхочунна а, цуьнан йоIана а, хIусамнанна а тIе йиттина хилла. Цул тIаьхьа диабет а, коронавирус а йолу Мусаева Зарема бертаза машена хаийна, гIаличуьра арабевлла уьш.




"Новая газета" яздарехь, Янгулбаева Зарема бертаза нохчийн полисхойн каралуш гIо дина Нижегородскан полицино а, Нижний Новгородерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан 7-чу декъо а. Хиллачуьнца доьзна Нижний Новогородерчу ФСБ-н урхалле бевлира журналисташ. Шен цIе яккха ца лиинчу белхахочо "иштаниг хуьлийла дац" аьлла, дIахьедира.

Хьалхо полисхоша лаьцнера ЯнгулбаевгIеран к1ант - бакъоларъярхо, Къилбаседа-Кавкаpерчу "Iазапашна дуьхьало латторан Комитетан" офисехь болх беш хилла Янгулбаев Абубакар. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дийцинера, Нохчийчохь шен гергарнаш полисхоша дIабигарх



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса