Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Нохчийн бакъонашларъярхочун нана дIахецар дехна ПАСЕ-н сессехь

0
Нохчийн бакъонашларъярхочун нана дIахецар дехна ПАСЕ-н сессехь

Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) сессехь хаам бина "Iазап латторна дуьхьал комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема нохчийн ницкъаллин структурийн белхахоша лачкъийна Дечкен-баттахь 20-хь дуьйна Соьлжа-гIалахь латтош хиларх лаьцна.

Францин векало Гаттолин Андрес дIахьедира, Мусаева лачкъийна, хIинца а дIа а цахецна, цуьнан кIентан бакъоанларъярхочуьнан болх бахьана долуш аьлла. ПАСЕ-н депутата дIахьедира иза сихха дIахеца езаш ю аьлла.

"Даггара а, чакхе йоцу а баркалла ала лаьа суна сан нана кIелхьаръяккхуш дакъалоцучарна. Юкъараллин резонансо а, дуьненаюкъарчу органаша гIо даро а ницкъ ло суна теша, Нохчийчохь тIаьххьара ницкъбар а, адам лачкъор а хир ду иза бохучух", - аьлла Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалиица къамел деш.  

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалийн реакци муха хир ю хууш дац. Лаккхарчу дуьненаюкъарчу трибунашкахь дуккхазза а дина дIахьедарш адамийн бакъонаш йохош хиларх лаьцна, царна юкъахь дара Нохчийчохь адамаш лечкъорах а, кIизаллаш лелорах а, адамаш дайарх а лаьцнарш а, амма иза дукхачу хьолехь тергал ца деш дитара.

"ХIокху хIоьттинчу хьолехь, юкъараллин резонанс хиларна а, Кадыровн политика муха ю кхеташ хиларна а, федералан Iедало цхьаъ дан мега, хIоьттинчуу хьолах хьалхадала, кхин а дукха юьхьIаьржа цахIуттуш", - дIахьедина Янгулбаевс.

Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а. ДIайигинчу дийнахь дуьйна Мусаева Заремигара хьал хууш дац цуьнан доьзална бакъонан статусехь.

КIирандийнахь ренспубликан инфрмацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахмеда хаам бира, Мусаевана 15 де-буьйса админитративан лацаран кхел йина аьлла, полисхочунна тIелетар дарна а, иза сийсаз варна а.

Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.

Кадыровс чIагIдо, ЯнгулбаевгIеран доьзал IАДАТ оппозицин телеграм-канлаца боьзна бу бохуш. Шоьтан дийнахь вистхуьлуш цо бехкебина ЯнгулбаевгIерани доьзал террористийн агIончаш а бу. Туркойчхочхь полисхочун лаьттинчунна тIелатар дарна а гунахь бу аьлла.

Цул сов, Кадыровс кхайкхамбина Оьрсийчуьрчу Лакхарчу кхеле Янгулбаев Сайди суьдхочун статусах ваккха аьлла. Кадыровн дешнаш бакъ цахиларх дIа а хьедеш, Янгулбаев Сайдин а, Мусаева Заремин а воккхаха волчу кIанта Янгулбаев Абубакара кхайкхамбина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "Дождь" телекална интервью лучу заманчохь, Нохчийчоьнан куьйгалхо волчуьра Кадыров Рамзан дIаваккха аьлла.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Российский теннисист Рублев вышел в финал турнира «Мастерс» в Мадриде






Фальшивые билеты продавались агрегаторами на рейсы авиакомпании NordStar

Панда Катюша из Московского зоопарка прогулялась по уличному вольеру

Тайны профессии. Восемь историй о том, когда нотариусы спасают людей

В России увеличивается количество жалоб на таксистов-извращенцев