Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Американ векало Москвахь МИД-е деъна кхерамазаллин гарантеш ехар хьокъехь кечдина жоп

0
Американ векало Москвахь МИД-е   деъна кхерамазаллин гарантеш ехар хьокъехь кечдина жоп

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москварчу векала Салливан Джона кхаарин сарахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле Малхбузенан цIарах яздина жоп деъна оьрсаша тIе дожорца йоьхучу "кхерамазаллин гарантешна" дуьхьал.

Цуьнах лаьцна цкъа дуьххьара хаам бира зорбан-гIирсаша, цул тIаьхьа иза бакъдира Оьрсийчоьнан арахьаран политикан хьукмато а. Цуьнан сайта тIехь гучубаьллачу хаамехь дуьйцуш ду, Салливан, цуьнан дехарца, тIеэцна хилар Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн минстран когаметто Грушко Александара.

"Цхьаьанакхетар дIахьуш америкахойн дипмиссин куьйгалхочо схьаделира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацино йозанца кечдина жоп, хьалхо Оьрсийчоьнан агIоно кховдийначу кхерамазаллин гарантех лаьцначу шина агIоннна юкъарчу бартана", - аьлла ду сайта тIехь.

Америкахойн дипломат реза цахилира комментари ян ша МИД-е веъча а, цу чуьра араваьлча а, билгадоккху ТАСС агенталло. Оьрсийчуьрчу хаамийн агенталлаш дийцарехь, Салливана МИД-хь яьккхира ах сахьт гергга хан.

Вашингтонехь журналисташна хьалха вистхуьлуш Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Энтони Блинкена тIечIагIдира, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн жоп Оьрсийчоьне дIаделла хилар Дечкен-беттан 26-хь. Цо билгалдаьккхира документ кечдина хилар Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн бертахошца а, партнерашца а цхьана, шайна юкъахь Украина а йолуш.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Российский бизнесмен обвинил Алькараса в договорных матчах. Он направил письмо в ATP






Бывшего мужа Навки арестовали с женой и маленькой дочкой 

Отказ США от российского урана может ударить по ...

КАЛМЫКИЯ. В Москве презентовали первый калмыцкий парфюм

Что можно отметить в этот день