Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Нохчийчуьра кхел кхоччуш реза цахилла вежарийн Магомадов Салехьан а, Исаев ИсмаьIилан а гIуллакх кхечу регионе дIадала

0

Нохчийчуьрчу Лаккхара суд реза цахилла вежарша Магомадов Салехьа а, Исаев ИсмаьIила а дина аппеляцин арз къасто - цаьршимма доьхург ду шаьшшинна гIуллакх кхечу регионерчу кхелехь къастадайтар.

Цунах лаьцна хаам хаам бо "Настоящее время" телеканало, "СК SOS" кризисан тобанна тIе а тевжаш. "СК SOS" тобан зорбан-секретара Розанова Миронас дийцарехь, Нохчийчоьнан лаккхарчу суьдо тIечIагIдина Мгомадовна а, Исаевна а тIехь дIахьуш йолу ерриг а суьдан процесс низамашца йогIуш цахилар.

 

20 шо долу Магамадов Салехь а, 18 шо долу Исаев Исмаил а ши ваша ву. Дуьххьара лецира и шиъ 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь юха а лаьцна, Нохчийчу дIавигира Исаев а, Магамадов а. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.

Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а бехке вира низамашца йоцучу тIеман тобанна гIо дарна. Нохчийчурчу "Грозный" телеканахула вистхуьлуш Кадыров Рамзанан гIоьнчо Дудаев Ахьмада дIахьедира, лаьцна волчу шимма "гIо дина Котар-Юьртахь Дечкен-беттан 20-хь вийна волчу Бютукаев Асланан терроран тобанна юкъахь волчу низамца йогIуш йоцучу тобанан декаъшхочунна Борчишвили Рустамана" аьлла.

Марсхьокху-беттахь вежарша дIахьедира, шаьшинна еттарх, бехк тIелаца бохуш. Амма Нохчийчуьрчу Талламан комитето дуьхьало йира, "шаьшшинна ницкъ бина, бохуш латкъамаш а беш, Магомадов а, Исаев а шайн гIуллакх Оьрсийчоьнан кхечу субъекте дехьадаккхийта гIерташ ву, Къилбаседа Кавказана юкъайогIуш йоцчу кхечу регионе дехьаваккхийта дагахь, шаьшшинан ламасте йоцу ориентаци бахьана долуш" аьлла.

"Мемориал" бакъонашларъяран центро (арахьара агентийн реестрна юкъахь ю иза, организаци реза ца хилла цунна) политикан тутмакхаш лерина Магомадов Салехь а, Исаев ИсмаьIил а




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Чех Легечка пожелал здоровья россиянину Медведеву, который снялся с их матча






В Белгороде работает выставка, посвящённая 50-летию начала строительства БАМа

Куклачев обратился к поклонникам впервые после перенесенного инфаркта

6 мая: какой сегодня праздник, что было в этот день

Благодатный огонь из Иерусалима доставили в Воронеж 5 мая