Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Ичкерин символика лоьхуш рейдаш ю дIахьуш Нохчийчохь  

0
Нохчийчуьрчу бахархоша хаамаш бо, республикехь ницкъаллин структурийн белхахой рейдаш еш хиларх лаьцна, бахархойн бедаршна тIехь а, церан хIуманашна тIехь а берзан символика лоьхуш. Борз ша тайпа меттиг дIалоцуш ю нохчийн культурехь. Майраллан а, доьналлан а симбол йолчу Беттан к1еллахь 1уьллучу ша лелачу берзан силуэт яра йозуш йоцучу Нохчийн республикан Ичкерин герб, борз яра нохчийн байракхна тIехь а.


"Рейдаш хиларх лаьцна хаамаш кхочуш бу тайп-тайпанчу кIошташкара, иза тоьшалла ду рейдаш ерриг а республикехь йоьлхуш хиларан. Вайна дага а догIуш, цкъа а хилла хIума дац цхьа символика лоьхуш рейдаш яр. Тхуна хетарехь, цу тайпа цхьа а доцург долу рейдаш дIахьуш ю кадыровгIеран режиман алсам болуш болчу Iедал карара даларца боьзначу кхерамца", - дийцина Кавказ.Реалиига Нохчийчохь долчу Iедалшна оппозицехь болчу 1ADAT боламехь.


Цул сов, Кавказ.Реалиин хаьсто дийцарехь, рейдаш дIахьуш ю ерриг а школашкахь а. Хьехархошка доьха дай-наной а, бераш а варе деш хилар "цу тайпа духар лело мегар цахиларх" лаьцна, жоьпе озор бу бохуш кхерамаш а туьйсуш.



1991-шарахь Лахьан-беттан 2-хь № 7 йолчу сацамца, Нохчийн Республикан байракх тIечIагIйира парламента. Байракхан шолгIачу вариантехь цу тIехь яра нохчийн герб -  баттана кIеллахь Iьуллуш йолу борз а, 9 седа а – тукхумаш (тIеман политикан цхьанакхетараллаш. - Ред.билг.) тIехь болуш.  


 




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса