Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Январь
2022
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28
29
30
31

Авторитаран режимийн уьйр? Стенна баьхкинера Сербера латархой Нохчийчу

0
Авторитаран режимийн уьйр? Стенна баьхкинера Сербера латархой Нохчийчу

"Боксан сферехула Сербица юкъарлонна тIетайначу нохчийн лидеро Кадыров Рамзана маршалла хоттуш кехат дахьийтина пачхьалкхан президенте", - оцу тайпа дIахьедар дина Сербин боксан Федерацехь Дечкен-беттан 24-чохь делегаци Соьлжа-ГIала еанчул тIаьхьа. Дуьненан юкъаралло шерашкахь бехкевора Нохчийчоьнан куьйгалхо адамийн бакъонаш хьешарна а, ЛГБТ-н векалшна дуьхьал зуламаш лелорна а, яздо Свобода Радион Балканан сервисо.

Сербин Ассоциацин делегацин урхалла деш вара цуьнан президент Боровчанин Ненад, профессионалан боксер хилла волу, кегийрхойн а, спортан а министраллан экс-статс секретарь. Кадыровца хиллачу цхьанакхетарехь кхиндолу совгIаташца  – Сербин президентера юккъерчу бӀешерийн тур а делира цо.

 

Ассоциацин дIахьедарца а догIуш, Кадыров лерина ву Соьлжа-ГIалахь Сербин а, Оьрсийчоьнан а боксан тобанаш кечъян а, кхиндIа Белградца юкъаметтигаш кхион а, "шинна а пайда а бохьуш".

Шога адамийн бакъонаш йохош йолу территори ю Нохчийчоь, Кадыровца юкъарлонаш кIаргдар вон билгало хир ю аьлла, дIахьедина Маьрша Европа Радионе Серберчу ЛГБТ-н жигархоша.

Ткъа Серберчу боксан Федерацино материал зорбане яккхале кхин жоп ца делира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца юкъаметтигаш чIагIъярца организацина зене хир дуй аьлла, журналисташа деллачу хаттарна.

Нохчийчуьрчу зударийн а, ЛГБТ-нехан а хьал

 

Сербин боксан Ассоциацин зерашца, Нохчийчохь кхиъна ву тоьллачех латархо – Бетербиев Артур. Делахь а и регион дика евзаш ю дуьненан юкъараллина хаамийн гIирсашкахь ЛГБТ-н векалшна а, политикан диссиденташна а тIаьхьабевлла леларца.

Нохчийчуьрчу масех мухIажаран интересаш Iалашъйина ву Белградера адамийн бакъонашкахула волу адвокат Ковачевич Никола. Свобода Радион Балканан сервисе цо дийцарца, доккхачу декъанна шайн махкара и нах бовдаран бахьана дара ЛГБТ-н векалш вовшашца барт бина маре эхийтар, зударий балор, ницкъбар а.

"Дукха дацара оцу тайпа гIуллакхаш, амма тхан талла аьтто хиллачара тоьшалла до мухIажарийн аьрзнаш бакъ хилар. Оцу тIера, хьесап дойла ю, Нохчийчуьрчу зударийн а, ЛГБТ-векалийн а хьал ирча хилар бакъонца а, практикехь а", - дIахьедина Ковачевича.

ЛГБТ-нехан бакъонаш Iалашъечу Da se zna ("Да будет известно") организацера Спаравало Стефана хаамбира, Европерчу в, Юккъерчу а Азера а бакъоларъяран группашкахула шен ассоциаци Оьрсийчуьрчу бакъоларъяран организацешца зIенехь ю аьлла.  Цо карладаьккхира, Нохчийчохь гейшна тIаьхьабийларх информаци дуьненан юкъаралле кхаьчна масех шо а ду аьлла.

"Информаци ю, меттигера Iедалхоша гейшна а, бисексуалашна а лерина лагерш вовшахтоьхна, царех дукхахберш тIепаза байна, ткъа церан гергарчаьрга нуьцкъаша хаамаш бойтура полисхошка ЛГБТ-н юкъараллица болчу шайн нахах лаьцна", - дуьйцу Спаравалос.

ХIун хаамбина бакъорларъярхоша?

 

Iедалшца йоьзна йоцчу дуьненаюкъарчу Human Rights Watch (HRW) организацино 2017-чу шарахь рапорт кечйира шовзткъе итт гергга агIонашкахь нохчийн Iедалхоша ЛГБТ-на тIехь лелийначу Iазапех дуьйцуш.

Зенаш лайначара дийцарехь, церан дийцарш HRW организацино шайн рапорта юкъа дахийтира,  нохчийн полицин белхахоша бакъо йоцуш дIалехьабора уьш шайн хIусамашкара, балха тIера, йа урамашкара, цхьа а юридикан бух боцуш дIакхачабора уьш набахтешка. Цигахь полицин белхахоша масийттазза шаьш йеттара царна, йа кхечу лецна балийначаьрга йоьттуьйтура.

"Оха "карусель" олура цунах. Цара [ницкъахоша] нах бертал лаьтта охьа а бохкий, еттара турбанашца. Цул тIаьхьа кхинболчу чохь латточаьрга кхин дIа йоьттуьйтура. ХIора стагана 70-80-зза тохуьйтура. Иштта хуьлу иза…ГIода юккъера кIажош тIе кхаччалц сенлора стаг",- дийцина HRW -н жигархошка цхьахволчу тутмакх лаьттинчо.

 

Лаьцначуьра стаг маьршаваккхар дац нохчийн режиман бала хьегна валар. HRW-н информацица, царех дукхахберш сийсазбинера кхин тIе а "бехкаш тIе а лаца, къера а хила" бохуш церан гIеметтахIиттинчу гергарчу божаршна хьалха.

"Цул тIаьхьа хьаькамаша сийдоцчу бохура гейн гергарнаш, цаьрга а сийсазбойтура шаьш лецнарш, доьзалехь гIело латтош ю боху атмосфера кхуллуш, иштта сий лардеш баъа а", - аьлла ду HRW-н рапортехь.

Дуьненаюкъара организацино дехар дина Оьрсийчоьнан Iедалхошка массарна а гуш таIзар де ЛГБТ-нахана Нохчийчохь тIаьхьабевлла лелачарна, эвсара, озабезамаш а боцуш, таллам а бе аьлла. ХIетте а, кхочуш ца дира, Свобода Радион Балканан сервисо билгалдаккхарехь, цецволийла дац, хIунда аьлчап, 2013-чу шарахь коьртехь президент Путин Владимир а волуш, Оьрсийчоьно низам тIеийцира "гей-пропаганда" йоьхкуш. ХIетахь дуьйна ЛГБТ-юкъараллан векалша дIахьедо, царна ницкъбар а, уьш лецар а хаалуш алсамдаьлла хилар.

 

Серби Нохчийчоьнна герга ялор

 

Оьрсийчохь ЛГБТ-нехан хьал тиша хиларна Белградан "Iаьржачу духаршца зударий" ассоциацино бакъоларъяран дуккхаъчу организацешца цхьаьна масийттазза протесташ йира Белградерчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха.

"Нохчийчоьнна а, Сербина а юкъахь цхьана къахьегар хила тарлора, гомосексуалаш хьийзор, цаьргахьа мостагIалла лелор алсамдолу шина авторитаран режимашна юкъахь зIе латтор а, ши къам гергадалор а", - аьлла, дIахьедина "Iаьржачу духаршца зударий" организацин жигархочо Урошевич Милоша.

Сербин а, Нохчийчоьнан а яц чIогIа экономикан а, политикан а юкъаметтигаш, амма Белградо а, Кремло а билгалъйоху уьш "вежараллин"санна. Цуьннан коьрта бахьана ду, Косовоца юкъаметтигаш дийцарш а деш, нисъярехь Оьрсийчоьно дакъалацар. Оцу позицица а догIуш, Белградна а, Приштинана а (и гIала Косовос шен коьрта гIала лору. Редакцин билгалдаккхар.) юкъарчу диалого юридикехь барт бойла ду Сербин а, Косовон а.

Кадыров Рамзана даийтинчу маршаллин кехатах лаьцна Сербин президенто Вучич Александра массарна а хезаш дIахьедар дина дац.

Адвокатна Ковачевич Николана хетарехь, Сербин а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш жигара йовлар ца тан хьесап ду меттигерчу ЛГБТ-юкъараллана.

"Оцу бахьанаца Кадыровн а, цуьнан режиман а ЛГБТ-н векалшца лелориг кхин хIумма а дац, адаман коьрта бакъонаш талхор бен", - аьлла хета Ковачевична.

Спаравало Стефанна хетарехь, Сербин а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш гергаяхкар  керла "билгало" хилла дIахIуттур яц меттигерчу ЛГБТ-юкъараллана. Цо карладаьккхира, официалан Белградан Туркойчоьнца а, цхьайолчу Iарбойн пачхьалкхашца а уллора юкъаметтигаш хилар, ткъа цигахь а йохош хилар  ЛГБТ-н векалийн бакъонаш.

"Цундела тамашен хIуммаъ дац хIара, прецедент хуьлийла дац хIара хIума а. Вайна хууш ду, дуьненан юкъараллан политикан декъехь адамийн бакъонаш коьрта яц Сербина", - боху Спаравалос.

"Iаьржачу духаршца зударий" ассоциацера Урошевич Милоша билгалдоккху, Сербира дахар адамийн бакъонашна формалехь деклараци йарна а, цигахь аьттехьа а доцчу бакъдолчунна а юкъарчу хадорна тIехь кхоьллина хилар.

"Вай терго йо, Евробертан принципаш ларъян Сербино формалехь тIелацарна а,  адамийн бакъонаш массарна а кхачош яц, бакъонийн культура хила езаш яц кхузахь бохуш, хьийзачу режимна а юкъахь лаьттачу декъадаларан", - аьлла Урошевича.

Малхбузерчу Балканашкахь Нохчийчоь

 

Спорт йоцург а, Нохчийчоь ша гайта хьийза Малхбузерчу Балканашна динехула а, культурехула а. 2021-чу шеран Мангал-бутт бовш Сербин Нови-Пазар гIала баьхкира Европан бусулбачийн форуман делегаци Ниязов Iабдул-Вахьид (Москварчу Исламан культуран центран президент.-Редакцин билгалдаккхар. ) коьртехь а волуш. Президентан Путин Владимиран уллора накъост лоруш ву иза.

Ниязовс дош делира, Нохчийчоьнан ахчанах оцу гIалахь КъорIан Iамош исламан школан центр кхуллур ю аьлла. Цо бахарехь, цунна тилла еза мехкан куьйгалхо волчу Кадыровн ден Кадыров Ахьмадан цIе.

Нови-Пазар йоцург а, стохка шо юккъе даьллачу хенахь Европан бусулбачийн форуман делегаци яхара иштта юккъерчу Боснин а, Герцеговинан а Завидовичи муниципалитете. Меттигерчу Iедалхошна ахмиллион евро дала дош делера, Завидовичера тIайн цхьа дакъа тодан, нагахь санна, цхьахболчу урамна  Кадыров Ахьмадан цIе тиллахь.

Европерчу бусулбачийн форуман делегаци Босни а, Герцеговине а кхечира кхин цкъа а масех бутт баьллачул тIаьхьа, стохка ГIадужу-баттахь, Сараево, Завидовичи, Горажде гIаланаш Нохчийчуьра Соьлжа-ГIала а, Шела а Гуьмсе а доттагIаллин гIаланаш хила тарло аьлла, дIа а хьедеш.

2021-чу шеран Мангал-баттахь Кадыров Рамзан коьрта турпалхо хилира Билечехь хIоттийначу Chechen Fest музыкалан фестивалан. Боснин а, Герцеговинан а къилба-малхбалерчу Сербин муниципалитет ю иза. Фестивалан афишана тIехь а, социалан машанашкахь а зорбане даькхинера цуьнан тIеман барзакъца даьккхина сурт. Свобода Радиога фестиваль хIоттийначара дIахьедира, къовсаме хIумма а ца го шайна нохчийн лидеран сурт хьалхадаккхарна, ткъа "Чечня фест", церан дешнашца, забар санна дагадеара царна.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus



Азербайджанский мигрант возмутился из-за того, что в Калининграде суд назначил 4,5 года лишения свободы за убийство в ДТП школьницы. Видео

МОСКОВСКИЙ ФЕСТИВАЛЬ ПОД ФЛАГОМ РУССКИХ СУПЕРГЕРОЕВ.

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

В Парке Горького вновь пройдет Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»


Бурятский театр «Ульгэр» показал на выставке «Театральная весна» кукольный постановку: Россия, Дети, нацпроект Культура

СЛД «Чита» филиала «Забайкальский» ООО «ЛокоТех-Сервис» пополнило экспозицию выставки «БАМ: наследие для будущего»

Выставки индустрии моды в Москве

Страдания юного Аюша Булчун


Ballroom culture coming to the Long Beach Pride Festival

AML check crypto

Glen Powell’s parents crash Texas movie screening to troll him

MTA reveals new electric buses, charging stations in Queens


«Грузовичкоф» развивает представителей бизнес-среды

Руки-загребуки или парфюм с запахом уголовного дела

От воды освобождаются дороги и мосты в Оренбургской и Курганской областях

Фикс-тариф будет доступен всем пользователям BelkaCar


RPG Battle of Souls доступна в Google Play 2 стран

Ubisoft cancels The Division: Heartland so it can focus on 'bigger opportunities' like XDefiant

Сегодня выходит Braid: Anniversary Edition на PC, консоли и смартфоны

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



РОССИЯ И КИТАЙ: В МИРЕ ВОЗМОЖНА ГЕГЕМОНИЯ ЛИШЬ ИНТЕРЕСА НАРОДА, ЗАКОНА, ИСТИНЫ И СПРАВЕДЛИВОСТИ.

МОСКОВСКИЙ ФЕСТИВАЛЬ ПОД ФЛАГОМ РУССКИХ СУПЕРГЕРОЕВ.

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Врач-инфекционист Мескина перечислила группы риска по листериозу




Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Что там в IT: ИИ-отрыв Google, ChatGPT почти человек, отечественный BIOS

В Туле опередили лучшую бригаду скорой помощи среди студентов

РОССИЯ И КИТАЙ: В МИРЕ ВОЗМОЖНА ГЕГЕМОНИЯ ЛИШЬ ИНТЕРЕСА НАРОДА, ЗАКОНА, ИСТИНЫ И СПРАВЕДЛИВОСТИ.


США сообщили об ударе хуситов по танкеру, шедшему в КНР после остановки в России

В кабмин и Верховный суд направлен пакет антитабачных законопроектов

Президент Болгарии заявил о невозможности одержать победу над Россией

Гендиректор "Динамо" Пивоваров заявил, что не одобряет оскорбления "Зенита"


Свёнтек прошла в полуфинал турнира WTA-1000 в Риме

Стало известно, при каком условии Медведев может опуститься на 5-е место рейтинга ATP

Звонарёва проиграла американке Крюгер в квалификации турнира в Страсбурге

«Спартак» подарит Циципасу клубную футболку


В кабмин и Верховный суд направлен пакет антитабачных законопроектов

Команда из Егорьевска победила на футбольном турнире в Сочи

В два раза прекраснее. В Москве стартовала «Ночь в музее»

Подмосковье снова присоединилось к «Марафону зарядок» на ВДНХ


Музыкальные новости

Фестивальный праздник «Музыка моего города» в Улан-Удэ включил в программу спектакль Театра кукол «Ульгэр»: Россия и Культура, Праздник и Дети

Певица Кристина Орбакайте призналась, что улетела с мужем в Европу

Сергей АРУТЮНОВ, Astero - Там

«Когда поняла, что вешу девяносто – я заплакала»: певица Бьянка поделилась историей похудения в шоу «УТРО.ТНТ»



МОСКОВСКИЙ ФЕСТИВАЛЬ ПОД ФЛАГОМ РУССКИХ СУПЕРГЕРОЕВ.

Врач-инфекционист Мескина перечислила группы риска по листериозу

РОССИЯ И КИТАЙ: В МИРЕ ВОЗМОЖНА ГЕГЕМОНИЯ ЛИШЬ ИНТЕРЕСА НАРОДА, ЗАКОНА, ИСТИНЫ И СПРАВЕДЛИВОСТИ.

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)


«Динамо» подняло планку // Московский клуб вплотную приблизился к победе в РПЛ

ЦСКА в Петербурге обыграл "Зенит" и повел 1/2 финала Единой Лиги ВТБ

СЛД «Чита» филиала «Забайкальский» ООО «ЛокоТех-Сервис» пополнило экспозицию выставки «БАМ: наследие для будущего»

Наследие Шаляпина и Рахманинова представили на выставке-форуме «Россия»


Три автомобиля столкнулись на проспекте Андропова в Москве

Движение по Садовому кольцу открыли после велогонки и фестиваля

Ужасные пробки образовались на дорогах Москвы из-за велопробега

«В другом месте нельзя?» — автоэксперт раскритиковал велопробег в центре Москвы


Захарова назвала визит Путина в КНР судьбоносным шагом, определяющим будущее всей планеты

NYT: встреча Путина и Си Цзиньпина показала непоколебимость поддержки РФ Китаем

Чемезов: «Многие предприятия находятся в состоянии „лишь бы выжить“»

Алексей Бобровский: санкции США против Китая окончательно фрагментируют мировую экономику





В Москве неизвестные напали на инвалида и бросили в овраге

Терапевт рассказал об алгоритме действий на случай укуса клеща

В Москве неизвестные увезли инвалида и бросили в овраг

Врач-инфекционист Мескина перечислила группы риска по листериозу


Независимая политика Венгрии привела в ярость США

Зеленский заявил о «самом большом преимуществе» России в конфликте

Europe1: Запад готовится убедить Зеленского принять принцип переговоров


Сборная «Ахмат» - лидеры первого этапа Кубка класса МХ700

«Динамо» подняло планку // Московский клуб вплотную приблизился к победе в РПЛ

Разгром в Москве и драма в Сочи: «Динамо» без труда сохранило лидерство, но «Краснодар» остался в гонке за золото РПЛ

Новыми соперниками тульского АКМ станут команды из Магнитогорска, Москвы и Нижнего Новгорода


Человек эпохи наваждения. Год юбилеев Александра Лукашенко

Минск и Баку открыли новую главу своих взаимоотношений



Собянин заявил об увеличении числа резидентов ОЭЗ «Технополис Москва»

Собянин сообщил об увеличении числа резидентов ОЭЗ «Технополис «Москва»

Сергей Собянин. Главное за день

Собянин: Город привлек инвесторов для комплексного развития еще шести площадок


Якутия на выставке в Москве продемонстрировала криокамеру с мамонтёнком Юкой

Депутаты Мосгордумы поучаствовали в экологическом сплаве по реке Яуза в Москве

В Москве создан экспертный совет по сохранению и развитию "Лосиного острова"

Выставка о возобновляемой энергии открылась в метро


«Динамо» разгромило «Крылья Советов», «Краснодар» вырвал победу у «Сочи»

Гендиректор "Динамо" Пивоваров заявил, что не одобряет оскорбления "Зенита"

Мотоциклист впал в кому после столкновения с легковым авто в ТАО Москвы

Лесной пожар потушили 18 мая в Воскресенске


АО «Транснефть-Север» оказало помощь в ликвидации пожара в поселке Приводино Архангельской области

Байкеры Архангельска открыли мотосезон

Жители Чувашии устроили в Архангельске "Заседание Межгалактического комитета безопасности"

Еженедельный вестник катастроф


Театр и Культура, Россия и Дети: 15 мая театр кукол Ульгэр представил спектакль «Мүнгэн мүшэдүүд» в стенах Художественного музея для первых классов гимназии №29 Улан-Удэ

Фестиваль «Музыка моего города» в Бурятии украсил Театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура, Праздник и Дети

В Бурятии прошла Байкальская театральная школа прошла - Россия, Культура и Дети

В Улан-Улан-Удэ пройдет летний дэгэлфлешмоб, организованный театром Бурдрамомы: Россия, Театр и Культура, Дети


Президент Болгарии заявил о невозможности одержать победу над Россией

США сообщили об ударе хуситов по танкеру, шедшему в КНР после остановки в России

«Динамо» разгромило «Крылья Советов», «Краснодар» вырвал победу у «Сочи»

В кабмин и Верховный суд направлен пакет антитабачных законопроектов












Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Карен Хачанов

Свищёв: МОК и ITF не будут реагировать на призывы наказать Хачанова






Президент Болгарии заявил о невозможности одержать победу над Россией

Гендиректор "Динамо" Пивоваров заявил, что не одобряет оскорбления "Зенита"

Мотоциклист впал в кому после столкновения с легковым авто в ТАО Москвы

Подмосковье снова присоединилось к «Марафону зарядок» на ВДНХ