Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 07.09.2021

"Со ца йийна". Тарамова Хьалиматан керла кхайкхам

Radiomarsho.com 

Доьзалехь бечу ницкъах Нохчийчуьра ХIинжа-ГIала едда, цигара полисхоша юхаялийначу Тарамова Хьалимата кхайкхам бина, "шех лаьцна доцург ца даржош", ша "паргIат йитар" доьхуш. Бертаза цуьнга дIаязяйтина и видео аьлла, тешна бу бакъонашларъярхой.

ГIалгIайчохь 2020-чу шарахь лерринчу операцехь байинчийн декъий дIаделла

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь байинчу вежарийн ЛолохоевгIеран а, Гадаборшев Аслангирейн а декъий дIадохкийта дIаделла аьлла, хаамбина бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар)  Стохка Марсхьокху-баттахь ГIалгIайчуьрчу Сунжан кIоштахь байира ЛолохоевгIар а, Гадаборшев Аслангирей а. ХIетахь дуьйна "Мемориалца" цхьаьна церан декъий схьадоьхура гергарчара. "Цара ден теракт юкъахдоккхучу заманчохь байина бу" бохуш... Читать дальше...

Терроризмна бехкебина ПIаьнгазахь лецнарш дIахецар тIедожийна Гуьржийчуьрчу нохчаша

Radiomarsho.com 

Нохчий алсам бехачу ПIаьнгазан чIожера масех иттаннашкахь наха дакъалецира, меттигерчу Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн Дуисерчу декъан гIишлона хьалха, Iедалхошка дIа а хьедина, хIоттийначу митингехь. Пачхьалкхан кхерамзалин урхалло байнчу беттан 24-чохь дIахьочу лерринчу операцехь "доцург кхоьллина "низамехь доцуш" пхи нохчо лацарна дуьхьал протесте бевллера уьш. Пачхьалкхан къайлахчу сервисаша а, прокуратурано а бехкаш дехкина 18 шарера 20 шаре бевллачу Мачаликашвили Мохьмадна а, Цатиашвили Юсуфна а... Читать дальше...

Коьртахь йовлакхаш доцуш школе дахка ца магийна Дагестанерчу зудаберашна

Radiomarsho.com 

Коьртахь йовлакхаш долуш деша дахкар тIедожийна Дагестанерчу Кайтагскан кIоштарчу Маджалис эвларчу школан администрацино зудаберашна. Дешаран министралло толлуш ду иза. Дешархойн дайша-наноша кху беттан 6-чохь дIа а язйина, социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду, коьртахь йовлакхаш доцу йоьIарий пенах дIа а хIиттийна, школа чу ца буьтуш. Гарехь, дай-наной реза бац оцу суьртана. Республикерчу дешаран министралло Кавказ.Реалиига хаам барца, дешархошна йовлакхаш тIеэгорна бехк бу кIоштан куьйгаллин. Читать дальше...

Туркойчохь кадыровхошца къийсам латтош бу махкахбевлла лела нохчий

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вина масех стаг Туркойчохь вовшахкхетта, шаьш а, шайн махкахой а шайна кхераме болчу кадыровхойх а, Оьрсийчуьрчу лерринчу сервисийн белхахойх а ларбала. Диаспоран декъашхошка хаамаш дIасабаржо цара кхоьллинчу Security Turkey телеграм-канало. Цигахь цара дуьйцу Нохчийчуьра Туркойчу богIучу ницкъаллин структурийн белхахойх, билггал аьлча, шаьш лоьхучу нахах лаьцна. Канал болх бан доладелла Марсхьокху-беттан 5-хь дуьйна, амма иза кхоьллинчара дийцарехь, цунна тIе хIинцале а тидам бахийтина Нохчийчуьрчу Iедалийн векалша. Читать дальше...

Ичкерин 30 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар хилира Берлинехь

Radiomarsho.com 

Оршотан дийнахь Германин коьртачу шахьарахь Берлинехь вовшахкхеттера тIаьххьарчу ткъа шерачохь Оьрсийчуьра дIабахна нохчийн диаспоран векалш. Нохчийчоьнан Ичкерия Республика йозуш йоцуш хилар дIакхайкхина 30 шо кхачарна лерина гулбеллера уьш. Германехь вехачу Ичкерин векало Сулейманов Хизира Кавказ.Реалиига дийцарехь, цхьаьнакхеттачара бийцира шайн дагалецамаш, иштта билгалдаьккхира нохчийн къомо йозуш йоцчу республикан курс къастош бина харжам нийса хилар а, и къийсам бицбина цахилар а. Къамелехь дакъальцна коьртехь Тураев Мохьмад а волуш... Читать дальше...

Кадыровн критикан гергарнаш лечкъийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштарчу полисхоша да а, ваша а вигина Туркойчохь вехачу Халитов Хьасанан. Хецна емалвора цо мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Де хьалха шайн цIера дIавигина ницкъхоша 75 шо долу Халитов ГIани а, 46 шаре ваьлла Халитов Рамзан а. Цул совнах, лачкъийнера Москвахь веха цуьнан жимахволу ваша, Халитов Хьусайн а. Кавказ.Реалин корреспонденте дийцина цунах лаьцна ша Халитов Хьасана. Цо бахарехь, цуьнан оппозицин юкъараллин гIуллакх а, социалан машанехь Кадыровна дуьхьал... Читать дальше...

Доцчу хина латкъамбина зуда бехке а йолуш дирзина гIуллакх

Radiomarsho.com 

Олхазар-КIотарахь шаьш хица балхахьегарх далхийначу зудчунна бехкаш дехкина оцу эвларчу къаноша. "Хьекъал ца тоарна" бина латкъам бу аьлла цара, яздо Кавказский узел ресурсо. Кху беттан 5-чохь "ЧП Чечня" инстаграм-пабликехь видео яржийра Олхазар-КIотарахь хи сецош хиларх меттигерчу яхархочо дуьйцуш. Кадыровн а, Мирзоевн а шина урамехь хи дац, ишта юккъерчу маьждигехь а, шина школехь а бала хьоьгу аьлла, чIагIдо роликца цхьаьна зорбане яьккхинчу информацехь. "Тхо кху юьртара ду, оха дехар до метигерчу Iедалхошка а... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Дарья Касаткина

Теннисистка Касаткина заявила, что скучает по России, но пока не может приехать






Открыт прием заявок на конкурс лекторов от Российского общества «Знание»

Женщина погибла в результате ДТП в Кузьминках

АО «Транснефть – Прикамье» провело свыше 3 тыс. экологических исследований в I квартале 2024 года

Специалисты рассказали, почему выросли цены на стройматериалы