Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 18.09.2021

Америкера миллионер бехке лаьрра адам дерна

Radiomarsho.com 

Лос-Анджерерчу кхелехь бехккъасторхоша бехке лерина мультимиллионер Дёрст Роберт, 2000-чу шарахь шен доттагI Берман Сьюзен ерна. Иза иштта бехке лаьрра кхидолу зуламаш дарна а, Американ Аз зорбан портала. Зорбан гIирсаш яздарехь, муьтимиллионер чуволла мегаш ву, велла дIаваллц хан а тоьхна, яздо . Суьдхочо вердикт дIакхайкхор ю ГIадужу-беттан 18-хь. Дёрстан ду 78 шо. Дёрста кхо стаг вийна хила мега, аьлла шеко йолуш бу талламхой. Царах цхьаъ ю 1982-чу шарахь тIепаза яйна йолу цуьнан хIусамнана. Читать дальше...

Telegram-а блок хIоттийна "Умное голосование" ботана, "тийналлин денош" бахьана а дина

Radiomarsho.com 

Гезгмашин-беттан 18-чу буса Telegram мессенджеро блок хIоттийна "Умное голосованиу" (Хьекъалан кхажтасар) ботана, хаам бо "Настоящее время" телеканала. Иза схьайиллича гойту цо "меттигера низамаш дохадо" йоза. Иза дале хьалха Telegram кхоьллинчу Дуров Павела хаам бира, мессенлдеро блокаш хIиттор ю "харжамашца йоьзна агитаци йон бтоаш" аьлла. Цу тайпа сацам бар Дуровс кхетийра харжамаш дIабоьлхучу дийнахь агитацин ян ца магийначу "тийналлин деношца", дуккха а деношкахь кхаж тосуш Оьрсийчохь цхьа а "тийналлин денош" дацахь а... Читать дальше...

Нохчийчоь шолгIа ю Оьрсийчохь хьалхарчу дийнахь кхажтасарехь дакъалацарца

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь, хуьлуш ма хиллара, жигара дакъалоцуш ду Оьрсийчуьйрчу харжамашкахь хенал хьалха кхажтасарехь. Гезгмашин-беттан 17-хь республикехь кхаж тесна 300 сов эзар я 39,46% харжамхоша, яздо Кавказ.Реалиино республикан харжамийн комиссина тIе а тевжаш. Ерриг Оьрсийчоь Гезгмашин-беттан 17-хь кхаж тесначу харжамхойн терахь ду - 16,85%. Нохчийчоьнан статистика шолгIа ю Оьрсийчохь. Хаьлхарчу меттехь ю Оьрсийчоьнан тIеман министр, "Единая Россия" партин тептарна лидер волу Шойгу Сргей схьаваьлла Тыва. Читать дальше...

Пентагона бехк цабиллар дехна бохаман гIалат даларна

Radiomarsho.com 

Пентагона бехк цабиллар дехна, дронаца тохар а дина, 10 маьрша адам дерна, Iалашо хилла ракета тухуш даIишан террорхо-Iожалхо, хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо. Марсхьокху-беттан 29-хь Кабулехь тIелатар динарг дара Америкин тIехь пилот воцу кема. И тIелатар дира Кабулан аэропортехь, 13 амеркахойн эскархо а, эвакуаци аре хьоьжуш хилла дуккха а афганхой а бойуш, террорхоша эккхийтар дича. Цул сов Американ дроно тохарш динера Афганистанан малхбалехь а. Цул тIехь Пентагонан векалша бинчу хаамца, даIишан 2 террорхо а вуьйш. Читать дальше...

Путинан сахьто 10-гIа де гойтуш хилла цо кхажтосуш яьккхинчу видеона тIехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран сахьт 10-гIа де гойтуш ду видеошна а, суьрташна а тIехь, чIагIадерехь, цо Пачхьалкхан думан харжамашкахь кхаж тосучу хенахь. Цунна тIе тидам бахна "Настоящее время" телеканалан, яздо Свобода Радионо. Пачхьалкхан думе харжамашкахь кхажтасаран 1-чу дийнахь Гезгмашин-беттан 17-хь Кремло яржийначу видеона тIехь Путина боху, ша дистанцин кепехь кхажтесна, шена гонах болчу нахана юкъахь коронавирусан ун даьлла меттигаш хиларна изоляцехь ша хиларна. Журналисташа билгалдоккху... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Андреева обыграла Паолини и вышла в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде






Ульяновские росгвардейцы и кадеты «Гвардейской смены» написали «Диктант Победы»

Двухлетий ребенок выпал из окна квартиры седьмого этажа на северо-востоке Москвы

Актриса Аронова призналась, что согласилась на съемки "Лед 3" после уговоров

РЕН ТВ: в Москве шестилетний сын спас мать, впавшую в кому