Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 23.09.2021

Даудовс кхерамаш тийсина Закаевна

Radiomarsho.com 

Нохчийн парламентан спикера Даудов Мохьмада хаам бина Лондонехь вехачу политике Закаев Ахьмаде, цуьнан "гергарчу нахе иза хIун стаг ву дуьйцуьйтур ду" шаьш аьлла. Республикерчу хьаькамо бахарехь, нагахь санна, Закаевс Нохчийчоьнан куьйгалхочунна ен критика саца ца яхь, и дан дагахь бу уьш

Даудовс бехкбаьккхина Ичкерин векалшкара, Францехь хьехархо вийначу кIантана тIе ца хIиттарна

Radiomarsho.com 

Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр волчу Закаев Ахмадера а, Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIантера Масхадов Анзорера а бехкаш дохучу нохчийн парламентан спикера Даудов Мохьмада дIахьедина, Францехь историн хьехархо Пати Сэмюэль вийна нохчо Анзоров IабдуллахI "жихIадехь велла" ала кхийрира уьш аьлла. "Шух цхьаммо охьа а хиъна, и кIант жима вара, вий иза, Мохьмад Пайхамарна карикатураш яхкарна дуьхьал хиларна, Дала гIазот къобал дойла цуьнан ца элира. ХIетахь-м ца элира аш, шаьш майра делахь хIинца алийша. Читать дальше...

Парламентан спикеро Даудовс кхерамаш тесна Закаевна, шаьш гучувоккхур ву аьлла

Radiomarsho.com 

Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада инстаграмехь хIоттийначу видеохь кхайкхамбина Лондонехь вехачу политике Закаев Ахьмаде, цуьнан "гергарчу нахе иза хIу стаг ву дуьцуьйтур ду" шаьш аьлла. Регионерчу хьаькамо бахарехь, нагахь санна, Закаевс Нохчийчоьнан урхалхочунна ен критика саца ца яхь, и дан дагахь бу уьш. "Ас хьох лаьцна дийцахь, нах кхин башха цецбевр бац. Цундела ас хьайн нахе вуьцуьйтур ву хьо ма-варра. Дуьххьара дац цара, хьо едда яхана, лара оьшуш йоцу хIума ю боху. Хьуна юха а хазорхьама, кхин цкъа а бохуьйтур ду ас цаьрга.

"Нуьцкъала кхажтасар". Нохчийчохь муха туьйлира Кадыров

Radiomarsho.com 

Кхечу регионашка хьажча, Нохчийчохь цхьа а харцо лелор гучу ца даьлла харжамийн каппашкахь. Харжамхойн бакъонаш ларйон "Голос" боламан (Оьрсийчохь лерина бу иза арахаьра агент санна - Ред.) "Низам дохоран" картана тIахь гайтина цхьа а хаам бац (Нохчийчохь) цхьаъ хилла аьлла. Ткъа дуй иза Нохчийчоь Оьрсийчохь уггар цIена харжамаш дIабаьхьна регион ю бохург? Республикехь дац "Голос" боламан дакъа а, бац тергамхой а, билгалдоккху оцу болман кхеташонан декъашхочо Аверин Виталийс. "Хьан хаам бийр бу хьоьга харцонах лаьцна, иза дан стаг ца хилча?

ТIалибаша набахтешкара арахецначу зуламхоша кхерамаш туьйсу экс-прокурорашна

Radiomarsho.com 

Афганистанан Iедал карчале хьалха белхаш бинчу прокурораша дIахьедо, шаьш набахте хьийсийна хиллачу зуламхоша кхерамаш туьйсу шайна аьлла, яздо "Азаттык" Радионо. "Талибанан" тIемалоша Марсхьокху-баттахь пачхьалкх дIалоцучу заманчохь набахтешкара тутмакхаш арахечначул тIаьхьа кхерамаш кхача боьлла царна. Экс-прокурораш Афганистанехь къайлах лела безаш бу. Афганистанан къилберчу Гильменд провинцехь даккхий зуламаш толлуш вара Хумаюн. Оцу регионехь кхиош ю дуьненан опиум, цигахь кечйо героин. Низамехь... Читать дальше...

Лецна балийначу Закаевн гергарчаьрга иза емалвайтина

Radiomarsho.com 

Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна хилла кхаарин дийнахь герзашца, муьлш бу цахуучу наха. Цуьнах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига ТIехьа-Мартанарчу хьасташа. Лецначарлахь хилла Закаевн вежарий - Бувади а, Iела а, церан хIусамнаной Сацита а, Раиса а, цхьахйолу йиша - Зеза а. Дуьххьара Хьалха-Мартанарчу полицин декъе балийнера уьш, ткъа тIаьхьо, лецначара шаьш бахарехь, Соьлжа-ГIала дIабигира, "нефтяной полк" олучу территорри тIе. Масех сахьтехь цигахь латта а бина... Читать дальше...

Кхечу пачхьалкхарчу нахана бераш доьзале эцар дехка дагахь бу Пачхьалкхан думин депутаташ

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин арахьара юкъагIертарна дуьхьалоярехула йолу комисси дагахь ю "Яковлев Димин низам" (Закон Димы Яковлева), болх баран агIонаш массо а кхечу пачхьалкхийн бахархойх хьакхадолуьйтуш шордан. Цунах лаьцна яздо Свобода Радионо. Карарчу хенахь, Оьрсийчуьрчу беран да хӀоттарца доьзна и низам хьакхалуш дац Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахойх а бен. Комиссехь кхетийна, тIаьхьарчу хенахь америкахой хилла ца Iан Оьрсийоьнан махкахойн "бух буьллчу бакъонашна а, маршонашна а тIекхидарш". Читать дальше...

Старовойтова Галина ейтинарг хенал а хьалха набахтера аравалийта реза ца хилла

Radiomarsho.com 

Политик Старовойтова Галина юьйш дакъалаьцна ву аьлла, бехкевина, набахтехь даккха 17 шо токхучу Пачхьалкхан Думан депутат лаьттинчу Глущенко Михаилна дуьхьало йина хенал а хьалха набахтера аравалийта Санкт-Петербургерчу кхело. 1998 -чу шарахь Лахьан-баттахь шен цIийнан чувоьдучохь йийра Старовойтова. Цул тIаьхьа пхийтта шо даьлча и зулам вовшахтоьхнарг ву аьлла, бехк кховдийра Глущенко Михаиле. 2015-чу шарахь кхело сацам бира цуьнан хьокъехь.  Бехк а тIелецира цо, вуьйр ву аьлла, кхерам теснера... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






«Российская газета»: Депутат Сергей Гаврилов объяснил, как исправить информацию о стоимости недвижимости

В СКА рассказали, почему не стали продолжать сотрудничество со «СКА-Карелией» в МХЛ

«Волонтеры Победы» и «Единая Россия» поздравили ветеранов с наступающим Днем Победы

«Для начала — молочные белки»: как завершить Великий пост без вреда для организма