Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 28.09.2021

Кадыровн дуьхьалончийн гергарнаш хьийзор

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь хьийзош бу республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзанан дуьхьалончийн гергарнаш. Оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос хаам бина, шен ненехула гергара болчу нахана чIир кхайкхор ю аьлла кхерам тасарх лаьцна. Цуьнца цхьаьна кадыровхоша нуьцкъала лецна шозза дIабигина Закаев Ахьмадан гергарнаш

ТIаме кхийсар. "Исламан пачхьалкхехь" хIун деш лелла Советан пачхьалкхера схьабевлла нах

Radiomarsho.com 

ДАIИШан могIаршкахь тIемаш бина Советан пачхьалкх йоьхча шаьш-шайна бевллачу мехкашкарчу бахархоша. Стенна бахана уьш Шема, стенна караэцна герз? Оцу хаттарна жоп лаха араелира Киевера журналист Сергацкова Екатерина. "Исламан пачхьалкхехь" хиллачу нахера бакъйолу истореш лехьош, кхаьчна Сергацкова масех пачхьалкхе, хилла иза ДАIИШах мукъаяьхначу Иракъан территорешна тIехь а. Советан Iедалх мукъаевллачу пачхьалкхашкара схьабевллачу, бевзаш болчу а, бовзанза бисинчу а террористех лаьцна ю цуьнан книга. Читать дальше...

Суьдхошна тIелатарна таIзар дина Несарарчу "Ангуштан" футболхошна

Radiomarsho.com 

Несарарчу "Ангушт" клубан футболхошна таIзар дина, Прохладный гIалахь меттигерчу "Энергетик" клубаца ловзар дIадирзинчул тIаьхьа суьдхойн тобанна тIелатар дарна, хаам бо Кавказ.Реалиино ГIебартойн-Балкхаройчуьра футболан тоба, 2:1 жамI а долуш, толарца дIадирзира ловзар. Хилларг иштта ду. Ловзаран 88-чу минотехь "Ангуштан" кевнашна чу "штрафной" кхайкхийна суьдхочо. Оцу тобан футболхочо Алиев Бек-хана оьзда доцу дешнаш аьлла суьдхочунна Смирнов Сергейна. Суьдхочо цIен кехат гайтина Алиевна, иза ловзарна юкхарвоккхуш. Читать дальше...

Хайп оьккхуьйтуш къийсам. Американ президенташна дуьхьал ву Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь гейш бац - юха а шогачу кепехь дIахьедина Кадыров Рамзана. "НIаьнеш яц, йа и дош а дац лелош. Церан метта котамийн майрой бу", - яздинера мехкан урхалхочо шен телеграм-каналехь. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Джо Байденан дIахьедарна делла жоп дара и. Гезгамашин-беттан 21-чохь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн (ООН) Инарла ассамблейхь вистхуьлчу заманчохь америкахойн лидеро Нохчийчоь хьахийнера, ЛГБТ-машанан векалийн бакъонаш Iалашъян езаш хиларх дуьйцуш. Африкерчу Камерунца цхьана могIаре йиллинера Байдена республика. Читать дальше...

ГIалгIачунна тоьхна 17 шо хан ца хуьйцуш йитина Москварчу апелляцин кхело

Radiomarsho.com 

Апелляцин тIеман кхело хийцам ца беш битина Магасехь ДПС постехь теракт ян кечлуш хилла аьлла, бехке а вина, 17 шо хан тоьхна чувоьллинчу Евлоев Абубакаран латкъам. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узело". 2019-чу шарахь Гезгмашин-беттан 30-хь гIалгIайн полисхоша чов йинера, кхело къасторца, кехаташ гайта аьлча, урс даьккхина царна тIелатар динчу меттигерчу вахархочунна Евлоевна. Оханан-беттан 22-хь цунна 17 шо хан кхайкхийра колонехь яккха, ДПС постехь теракт ян гIортарна а, ницкъаллин структурийн белхахой байъа гIортарна а бехке а вина. Читать дальше...

Кхиаме hypersonic олу тIехчехка ракета зийна Америкехь

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Шаташа 2013-чу шарахь дуьйна дуьххьара кхиаме дIадирзина аз даржаран сихаллел а тIехчехка йолу (hypersonic) тIемаш долу ракета зер, хаам бо Свобода Радионо. Ракета аьтто болуш ю аз даржаран сихаллел а пхоьзза чехка яха, хаам бина Американ тIеман министралло оршотан дийнахь. Ракета хецнера кемантIера. Пентагона динчу дIахьедарца,1алашонашна юкъахь дара кхидоцург, ракета кеманах хоттаеллачуьра дIаяларан кхерамазалла а, ракетан мотораш латаран система а зер. Northrop Grumman компаница цхьаьна ракета кхуллуш а... Читать дальше...

Нохчийчохь лоьцуш бу Закаев Ахьмадан накъостан гергарнаш

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Чечанах лоьцуш бу Солтыханов Iелим-Пашин гергарнаш. Иза юххера накъост ву Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан. Герзаш карахь хиллачу муьлуш буц а хуучу наха схьагулбар тIедожийна царна берш а Солтыхановн дегаху юххера гергара нах, хаам бина ша Закаевс. Цунна хетарехь, иза доьзна хила мега Солтахановс бинчу кхайкхамца. КIиранан сарахь цо видео яржийнера интернетехь, муьлхха бахьанашца чIир кхийкхор дита аьлла, кхайкхам а беш. Кавказ.Реалиино бинчу хаамца... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Полина Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






Актриса Аронова призналась, что согласилась на съемки "Лед 3" после уговоров

В Балашихе подросток на автомобиле сбил женщину с ребёнком

Сергей Собянин поздравил москвичей с 1 Мая

Какой шашлык — таков и мужик: что говорит о характере манера жарить мясо