Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 29.09.2021

ГIалгIайн футболхоша суьдхочунна йиттина

Radiomarsho.com 

Наьсарерчу "Ангушт" футболан клубан виъ ловзархо еххачу ханна тобанера дIаваьккхина, Прохладный гIаларчу "Энергетик" клубан суьдхойн тобанна тIелатар дарна. Дуьйцур ду бахьанех а, летарийн тIаьхьалонах а.

Халитов: Кадыровс кхайкхаяйтина суна чIир

Radiomarsho.com 

Туркойчохь вехачу нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана бехке вина Нохчийчоьнна коьртехь волу Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна

ХIирийчуьрчу клиникехь ковидах беллачарна къоланаш до, латкъамаш бо гергарчара

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчохь коронавирусах беллачу нехан хIуманаш лечъийна меттигерчу Клиникан дарбан хIусамехь, чIагIдо церан гергарчара. Меттигерчу яхархочуьнан Лучкина Еленин нана елла Марсхьокху-беттан 9-хь. Лучкинас чIагIдарехь, цуьнан пIелгара мухIар даьккхина, яздо Mash телеграм-канала. "Цуьнан мухIар дара, цкъа а плгара доккхуш а доцуш. БархI шо хьалха цунна совгIатана деллера оха иза. Госпитале охьайижош мухIар цуьнан пIелга тIехь дара. Дара иза цуьнца реанимаце юьгуш а. Амма морге кхаьчча цуьнан мухIар дацара", - дуьйцу Лучкинас. Читать дальше...

RT-н каналаш дIакъовларна YouTube-на блок хIотто кхерам тесна Роскомнадзора

Radiomarsho.com 

Роскомнадзора тIедожийна Google-на блок дIаяккхар Оьрсийчоьнан пачхьалкхан RT (Russia today) телеканалан немцойн маттахь йолчу редакцин ютьюб-каналашна. Оцу регуляторан дIахьедар кхаьчна "Интерфакс" агенталлин редакце.    Шен кехатехь Роскомнадзора чIагIдо, Google-о динчо "йохайо маьршша хаамаш дIасабаржо йолчу бакъонан коьрта принципаш", иза цензуран акт ю, Оьрсийчьурчу зорбан гIирсашна йина йолу. Дукха хан йоццуш тIеэцначу низамо бакъо ло иза дахь болх малбан а, блок хIотто, Оьрсийчоьнна иза цензуран акт ю аьлла хеталахь. Читать дальше...

Нохчийн блогера Кадыров бехке вина шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна

Radiomarsho.com 

Туркойчохь вехачу нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана бехке вина Нохчийчоьнна коьртехь волу Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна. Гезгмашин-бутт болалуш Арсанукаевн гергарчу наха дIахьедира, Халитовс, шайн стаг а, цуьнан хIусамнана а, цхьа шо долу цаьршина йоI а юьйр ю аьлла, кхерам а тесна, видео дIаязъяйтина цуьнга нохчийн ницкъаллин структурийн белхахой сийсазбеш. "Ахь и спектакль хIоттийна... Читать дальше...

Хайп оьккхуьйтуш къийсам. Американ президенташна дуьхьал ву Кадыров (чакхе)

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь гейш бац - юха а шогачу кепехь дIахьедина Кадыров Рамзана. "НIаьнеш яц, йа и дош а дац лелош. Церан метта котамийн майрой бу", - яздинера мехкан урхалхочо шен телеграм-каналехь. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Джо Байденан дIахьедарна делла жоп дара и. Гезгамашин-беттан 21-чохь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн (ООН) Инарла ассамблейхь вистхуьлчу заманчохь америкахойн лидеро Нохчийчоь хьахийнера, ЛГБТ-машанан векалийн бакъонаш Iалашъян езаш хиларх дуьйцуш. Африкерчу Камерунца цхьана могIаре йиллинера Байдена республика. Читать дальше...

Мюнхенехь велла журналист Мильштейн Илья

Radiomarsho.com 

Мюнхенехь велла Grani.ru сайтан гуттарлера автор а, Свобода Радион сайта тIехь вуно тIе тидам озочу материалийн автор а Мильштейн Илья. Валаран бахьана ду пехашна цIе ца йоккху цамгар кхетар. Болчу хамца, журналист велла дарбанан хIусамехь. Мильштейн винера 1960-чу шарахь Москвахь. Цо чекхъяьккхинена Москван пачхьалкхан университет, журналистийн факультет. Мильштейн артиклаш язйина либералан чулацам болчу махкарчу газеташкахь а, "Огонек" а, "Новое время" а журналашкахь а. 1997-чу шарахь иза, махках а ваьлла, ваха хиира Германехь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Названы победительницы матчей Рыбакиной и Путинцевой за четвертьфинал турнира в Мадриде






Двухлетний ребенок выпал с 7 этажа на улице Корнейчука

Ульяновские росгвардейцы и кадеты «Гвардейской смены» написали «Диктант Победы»

Актриса Аронова призналась, что согласилась на съемки "Лед 3" после уговоров

Как «рафики» использовали на Олимпиаде-80