Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 30.09.2021

Кадыров а, Талибан а

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана мах хадийна, Афганистанехь Iедал дIалаьцначу Оьрсийчохь бихкиначу "Талибан" боламна. Шена хетарг цо довзийтина инстаграм аккаунтехь, яздо Кавказ.Реалиино

Ша-шена рекордсмен. Стенна ву Кадыров нахана Путинал а чIогIа "вевзаш"?

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iаламан Iилманийн академик, чоьхьарчу эскарийн инарла-майор, физкульту ран лараме белхахо, Самукъанечийн, ТIах-аьллачийн клубан (КВН-телешоу) Нохчийчуьрчу лигин президент, тхэквандохь а, кекусинкайхь а лаккхара даржаш даьхна латархо, профессор, лараме фермер Кадыров Рамзан кхаьчна шен рогIерчу рекорде: Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь Оьрсийчоьнан цхьана а хьаькамо ца баьхначул дукха кхаьжнаш баьхна цо - 99,7%. Кадыров лакхенга кхачах лаьцна хаам баржийна "рекордаш тIечIагIъечу... Читать дальше...

Кадыровс гIортор йина Оьрсийчохь йихкинчу "Талибанна"

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана мах хадийна, Афганистанехь Iедал дIалаьцначу  Оьрсийчохь бихкиначу "Талибан" терроран боламна. Шен хетарг цо довзийтина инстаграм аккаунтехь, яздо Кавказ.Реалиино. "Нагахь уьш баккъалла а, шаьш дIакхийкхош йолу, шайн ерриг дика идейш дахарехь кхочун ян дагахь белахь, ас гIортор йо царна", - яздина Кадыровс. Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхина, иза дуьненаюкъара хаттар хилар, ткъа ша иза лууш ву "берриг а бусалбанаш машарехь а, кхечу къаьмнашца а, динашца а барт болуш бехийла". Читать дальше...

"Со вен аьтто лоьхуш бу уьш". Нохчийчоьнан Iедалхошца даьллачу керлачу девнех дуьйцу блогеро Абдурахмановс

Radiomarsho.com 

Гезгамашин-беттан 27-чохь герзашца нах баьхкира Йоккхачу АтагIа, Швецехь вехачу нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон гергарнаш болчу. Ультиматум хIоттийра царна: блогер саца ца вахь, шаьш чIир кховдор ю аьлла. Цул а цхьа де хьалха Абдурахмановца телеграмехь йиллинчу чате ваьллера Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад. Жигархочунна кхерамаш а туьйсуш, цо чIагIо йинера, цо дуьйцучух цуьнан гергарчаьрга жоп доьхур ду ша аьлла. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Абдурахмановс дийцина... Читать дальше...

Ша бехке хилар тIе ца оьцу Росгвардина тIелатарна бехке вечу нохчочо

Radiomarsho.com 

Росгвардин белхахошна тIелатар дина аьлла Оьрсийчохь бехке вечу Нохчийчуьра схьаваьлла, карарчу хенахь Украинехь вехачу Бакаев Iедал шен ютьюб-канал а кхоьллина анонс йина ша цхьамогIа видеош кечйеш ву, ша бехке ца хилар гойтуш аьлла.  "Цул хьалха аудиокхайкхам а бина Тумсога [Аюдурахмановга] дIахьажийра ас доцца кхетош со декъа цахилар, структурашкара бехахошка сайца зIене бовлар доьхуш. Амма цхьа зIене ца велира, я вала дагахь а вац, соьга ладогIу лууш цхьа а вац. Гарехь, дерриг а хьалхха сацам бина чекхдаьккхина. Читать дальше...

Полисхошна тIелатарна 27 шо хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Къилбан гонан тIеман кхело луьрчу хьелашкахь набахтехь даккха 27 шо хан тоьхна 27 шо долчу ГIалгIайxуьрчу вахархочунна Имагожов Ахьмадна, хьалхара 5 шо набахтехь а доккхуш, Магасехь некъан полицин постана тIелатар дарна. Цунах лаьцна хаам бина кхел йоьдучу чохь волчу Кавказ.Реалиин корреспонденто. Чуволларал сов, суьдо гIуда тоьхна Имагожевна 2 миллион сом барамехь. Иза бохам барна билгалъяьккхина компенсаци ю кхелхинчу полисхочун зудчунна дIалур йолу. Имагожевн адвокаташа дIахьедина кхелан сацам дукха тIехь луьра аьлла. Читать дальше...

Путина рогIера орден елла Кадыровна.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира тIе куьг таIийна Нохчийн республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзанна III-чу тIегIанан "За заслуги перед Отечеством" орден ялар хьокъехь долчу указана. Оцунах лаьцна хаам бина инстаграмехь Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбан а, хаамийн а министро Дудаев Ахьмада. Цо зарбане яьккхина Путинан указан копи. Цу тIехь аьлла ду Кадыровна орден луш ю Нохчийн республика социалан а, экономикан а кхиорехь доккха дакъалацарна а, дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а" аьлла. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев обыграл Бублика и вышел в четвертьфинал "Мастерса" в Мадриде






Дональд Трамп допустил использование армии для выдворения нелегалов в случае своей победы

Прогулки по Германии: Мюнхен, Германия

53-летняя Айсылу, вышедшая замуж за 23-летнего приемного сына, подала на развод

«Начальник Чукотки» против «хозяина тайги». Как жили звезды «Бумбараша»