Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 19.09.2021

Оьрсийчохь кхажтасар дIадирзина Пачхьалкхан думан харжамашкахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь дIадирзина Пачхьалкхан думан харжамаш. Кхажтасар хилира кхаа дийнахь, бозуш боцчу тергамхоша дийцарехь, уьш дIабахара дуккха а низам дохараш а хуьлуш, шайна юкъахь бюллетенаш чукхийсар а хуьлуш. Карарчу хенахь дагардеш ду кхаьжнаш. Свобода Радио тергам беш ю цунна онлайн-трансляцица. ЦхьамоггIа регионашкахь – Генарчу Малхбалехь а, Сибрех а – хIинцале а хууш ду хаьлхара харажамийн жамIаш. Иштта, кхаа куьпахь хьалха ю "Единая Россия" а, КПРФ а партеш. Кхоччуш сурт девзар ду, хетарехь, кхана Iуьйранна. Читать дальше...

Оьрсийчохь дIадоьдуш ду Пачхьалкхан думан харжамийн коьрта де

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь дIадоьдуш тIаьххьара, Пачхьалкхан думан харжамийн коьрта де. Оьрсийчоьнан бахархоша хоржуш ву 450 депутат – 225 цхьана мандатан гонашкахула а, 225 -партийн тептаршкахула а. МогIарера дукхаралла хила партина Думехь оьшу 226 мандат, конституцин дукхараллина оьшу -300. Камчаткехь а, Чукоткехь а харжамаш дIабирзина, Москвахь Iуьйранна 11 даьлча. Пачхьалкхан думан харжамашкахь шолгIа де дIаьдаьлча къажтасарехь дакъалаьцна Оьрсийчохь (аннекси йинчу ГIирмехь а цхьаьна) 31,5% харжамхоша, хаам бина Коьртачу харжамийн комиссино. Читать дальше...

Песков: Путинан Iедал дац шен сахьташна тIехь терахь нисдеш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Iедал дац шен сахьташна тIехь терахь нисдеш. Иштта кхетийна президентан зорбан-секретара Песков Дмитрийс Гезгмашин-беттан 17-хь протоколан видео йоккхуш президентан сахьт 7 денна тIаьхьа дисна терахь гойтуш хилар, хаам бо "Подъем" зорбан гIирсо. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран сахьт 10-гIа де гойтуш ду видеошна а, суьрташна а тIехь, чIагIдерехь, цо Пачхьалкхан думан харжамашкахь кхаж тосучу хенахь. Цунна тIе тидам бахна "Настоящее время" телеканалан. Читать дальше...

Оьрсийчохь кхажтасарехь ши де дIадаьлча даькъалаьцна 31,5% харжамхоша

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан думан харжамашкахь шолгIа де дIаьдаьлча къажтасарехь дакъалаьцна Оьрсийчохь (аннекси йинчу ГIирмехь а цхьаьна) 31,5% харжамхоша, хаам бина Коьртачу харжамийн комиссино. Оцу терахьна юкъахь бац электонан кепехь кхажтеснарш. Оьрсийчуьрчу регионашна юкахь харжамашкахь жигаралла гайтарехь хьлхаяьлла ю Нохчийчоь. Цигахь, шотдийнан сарахь лаьрча, къаж тесна 73,5% харжамхоша. Кхаж таса уггар къезиг харжамхой баьхкина регион ю Хакаси – 17%. Гезгмашин-беттан 18-хь делкъалтIаьхьа 3 сахьт даьлча... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева обыграла Вондроушову в третьем круге турнира WTA в Мадриде






Вакантная задолженность. Кто будет выбивать долги вместо коллекторов

АРМЕНИЯ. В Армении заявили о сохраняющихся проблемах в отношениях с Россией

Всего 1,18 млн рублей за новую Lada Vesta. В Белоруссии стартовали продажи Lada Vesta Black Line

Американский истребитель F-16 потерпел крушение в Нью-Мексико