Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 20.09.2021

Кадыров, цуьнан агIончаш а, духьалончаш а

Radiomarsho.com 

Рекорд а хIоттош, Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь толам баьккхина карарчу хенахь мехкан урхалла дечу Кадыров Рамзана, яздо меттигерчу хаамийн гIирсашкахь. Листинчу 100 протоколашлахь 99,7 процент наха кхаьжнаш дIаделла цунна. Тахана, Гезгмашин-беттан 20-чохь дина оцу кепара дIахьедар ЦИК-н информацин центро

Журналист Гаджиев Iабдулмумин маьршаваккха аьлла, пикеташ дIаяьхьна ХIинжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

РогIера  цхьааллин пикеташ дIаяьхьна ХIинжа-ГIалахь журналистан Гаджиев Iабдулмуминан гергарчара а, цуьнан белхан накъосташа а. Пикете бевллачара тIедожийна, Гаджиевна а, кхинболчу политикан тутмакхашна а дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакхаш совцаде аьлла. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, къайлахчу сервисийн а гIишлошна хьалха иттех сов вара вовшахкхеттарг.  Царех масийттаммо акцехь а цхьаьна дакъалецира. Пикете бевллачарех дIакхийтира тIехбевлла дIабоьлху цхьаболу машенлелорхой а, нах а. Читать дальше...

Нурмагомедов реза вацахь а, Емельяненко Федорна новкъа дац ринга тIедуьйлу зудабераш

Radiomarsho.com 

ММА-н ийначу кепехь латаран доьазза чемпион ваьллачу  Емельяненко Федора комментари йитина, къовсамашкахь ринг-герлз хиларх лаьцна. Цунна хетарехь, цара цхьана а агIор новкъарло ца йо цунна, йа цаьрца гIуллакх а ца догIу цуьнан, яздо NewsMMA гIирсо. "Бакъду, цхьа хIума хийца мегар дара – оьздачу кепехь духар цаьрга дохийтича", - дIахьедо Емельяненкос. UFC-н хилла чемпионо Нурмагомедов Хьабиба, цхьайолчу спортехь ринга тIе буьйлучу мехкаршна (ринг-герлз) дуьхьал аьллачунна тIехула дина ду Емельяненкос шен дIахьедар. Читать дальше...

Кадыровн толам а, харжам боцу харжамаш а

Radiomarsho.com 

Рекорд а хIоттош, Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь толам баьккхина карарчу хенахь мехкан урхалла дечу Кадыров Рамзана, яздо меттигерчу хаамийн гIирсашкахь. Листинчу 100 протоколашлахь 99,7 процент наха кхаьжнаш дIаделла цунна. Тахана, Гезгмашин-беттан 20-чохь дина оцу кепара дIахьедар ЦИК-н информацин центро. Нохчийчуьрчу Харжамхойн комиссино хаам барехь, Кадыров Рамзанехьа кхьажнаш тесна махкарчу 711 973 вахархочо. Дагадоуьйту, 2016 -чу шарахь хиллачу харжамашкахь 97,94 процент гайтира дара Iорадаьхначу жамIашкахь. Читать дальше...

Школашка зударий а, йоьIарий а ца буьту тIалибаша

Radiomarsho.com 

Юккъерчу школашкахь Афганистанехь доьшу зудабераш школе чу ца дитина кху беттан 18 - чохь. "Талибанан" боламерчу Афганистанан керла урхалхоша омра дина школе бахка божаршна а бен ца магош

Перман университетехь герз диттина, вийна лаххара а 8 стаг

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь Перман пачхьалкхан университетехь герз диттина вевзаш воцчу стага, хаам бо Свобода Радионо. Талламан комитетан официлан болчу хаамца, вийна 8 стаг, 10 сов стаг чевнаш йина ву. Iуьйранна 10 сахьт даьлча тIеман духар доьхначу маса-тоьпаца хиллачу стага герз диттина кампусехь, цул тIаьхьа иза чувахна университетан бархIолгIачу корпусана. Телеграм-каналашкахь видео яржийна, цу тIехь гуш ду кIелхьардовла гIерташ оцу гIишлонан корашкахула аралелхаш долу адамаш. Социалан машанашкахь кхайкхамаш бу беш... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу харжамашна дуьхьал митинг хIоттийнера Венехь

Radiomarsho.com 

Кху беттан 19-чохь Венехь Австрерчу нохчийн диаспоран векалша хIоттийначу митинге арабевллера бахархой. Митинган декъашхоша дIахьедира, Нохчийчоьнан урхалхо а, парламенте депутаташ а хоржуш дIабаьхьна харжамаш легитиме бацара аьлла. Кавказ.Реалиига барам вовшахтоьхначу Дунаева Розас дийцарехь, дакъалоцуш хилла оцу митингехь 30 гергга стаг. Нохчий боцурш а, гулбеллера митингехь Украинера а, Шемара а, Беларусера а, Афганистанера а мухIажарш а. Плакаташ дара церан карахь, къамелаш дора спикерша оьрсийн а, немцойн а меттанашкахь. Читать дальше...

Школаш болхбан юьйлаелла Афганистанехь, амма дешархой-йоьIарий а, хьехархой-зударий а чу ца битина

Radiomarsho.com 

Юккъерчу школашкахь Афганистанехь доьшу зудабераш школа чу ца дитина кху беттан 18-чохь. "Талибанан" боламерчу Афганистанан керла урхалхоша омра дина школе бахка кIенташна а, хьехархошна -божаршна а магош. Малхбузено гIо латтийна Iедалхой бохийначул тIаьхьа байначу баттахь оцу исламистийн тобано дош делира, 1996-2001-чу а шерашкахь шаьш латтийначу рожал а кIеда куьйгалла лелор ду шаьш аьлла. ХIетахь школе ца лоьлуьйтура йоьIарий, ткъа зударшна дихкина дара деша а, болх бан а. Делахь а, кху беттан 17-чохь дешаран министралло дIахьедира... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко вышла в ⅛ финала турнира WTA в Мадриде






Из аэропортов Москвы депортировали 643 граждан Таджикистана

Переезд с комфортом. Реновация в столице идёт полным ходом

Книжный шкаф Виктора Астафьева появился в Москве на выставке «Россия»

Первый в России электромобиль Tesla Cybertruck заметили на Москве