Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 22.09.2021

"НIаьнеш яц": хIун жоп делла Кадыровс Байденна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь бакъонаш Iалашъеш цахиларх лаьцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена шога динчу дIахьедарна жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республике кхайкхина иза. Шен Telegram агIонехь пост хIоттийна Кадыровс цунах лаьцна, яздо ТАСС агенталло

Ашхабадехь полицино доьхку божаберашна а, мехкаршна а паркехь цхьаьна лела

Radiomarsho.com 

Свобода Радион туркменийн сервисо хаамбарца, Ашхабадехь полисхоша ца могуьйту зудаберашана а, божаберашна а цхьаьана буьйлабелла лела. Полицин белхахоша кехаташ хоьтту кегийрхошка, къаьсттина жигара хьийза уьш "Ылхам" олучу паркехь. Нагахь санна, кIанта шеца йолу йоI шен йиша ю алахь, документаш схьагайтар тIедуьллу царна. Нагахь, кIантаца цхьаьна доьшуш и йоI хилахь, полицин декъе даладо ший а, цул тIаьхьа дешаран хьукмате бовлу, билггал церан цIераш къасторхьама, тIаккха студентийн дега-нене дIахоуьйту. Читать дальше...

ООН-н Инарла ассамблейхь шайна дош доьху тIалибаша

Radiomarsho.com 

Афганистанан Iедале юхабаьхкинчу тIалибаша ("Талибан" болам террорхойн организаци санна Оьрсийчохь йихкина ю) дехар дина кху кIиранах Нью-Йоркехь йоьдучу ООН-н Инарла ассамблейхь дистхила шайна дош ло аьлла. Свобода Радионо бина цунах лаьцна хаам. ООН-н инарла секретаран векало Гутерриш Антониус хаамбарца, дуьненаюкъарчу организацин куьйгалхочуьнга кехат кхаьчна "Талибанера", лаккхарчу тIегIанехь дебаташкахь дакъалацийта шайга аьлла. Дехар кхаьчна кху беттан 20-чохь. ТIалибийн Iедалехь арахьарчу... Читать дальше...

Терроризмана гIо латтийна ву аьлла, набахтехь даккха пхи шо тоьхна дагестанхочунна

Radiomarsho.com 

Ростов-ГIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхело юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь даккха пхи шо хан кхайкхийна Дагестанерчу Агульскан кIоштарчу 25 шо долчу Аликберов Салимханна.  Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан "Террорхошна гIо латтор" аьллачу артиклехь иза бехкехилар тIечIагIдина кхело, яздо ТАСС агенталло. Талламан версица а догIуш, 2015-чу шеран Лахьан-баттахь 1 105 сом дехьадаьккхина цо "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанхойн хьашташна. Хьалхо Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша хааме даьккхира... Читать дальше...

ГIалгIайн протестан лидер Погоров Ахьмад кхин дIа а чохь вуьтур ву

Radiomarsho.com 

ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц "гIалгIайн гIуллакхан" цхьахволу фигурант, протестан лидер Погоров Ахьмад чохь вуьтуш сацамбина Ессентуки гIалин кхело. Погоров бехкевина  Iедалан ницкъашна дуьхьалоярна а, "экстремистийн юкъаралла" кхолларна а, хаамбо ОВД-инфо гIирсо. 2002-2003-чу а шерашкахь гIалгIайн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллехь вара Погоров. Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьал къийсам латточу юкъанна 2018-чу шарахь меттигерчу оппозицин цхьахволу лидер хилира цуьнах. ГIалгIайн... Читать дальше...

Экажевохь латтанашца харцонаш лелорна шеконаш кхоллаелла хьаькамех

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Экажево эвлан администрацин белхахойх шеконаш тасаелла, бух боцуш меттигерчу бахархошна 1,3 миллион сом мах болу латтанан дакъош церан ду аьлла, кехаташ кечдарна. Талламан версица, исс баттахь, 2017-чу шеран ГIадужу-баттера схьа дуьйна меттигерчу масех вахархочунна Экажевон администрацин  хьаькамаша документаш деллера, гIишлош ян таро луш, церан цIартIехь латтанаш ду аьлла. Оцу кехатийн буха тIехь, 1,3 миллион сом сов мах болу латтанаш бахархоша шайна дерзийнера аьлла хета талламхошна. Читать дальше...

Американ президентан дIахьедар ца тайначу Кадыровс иза хьошалгIа кхайкхина

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь бакъонаш Iалашъеш цахиларх лаьцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена шога динчу дIахьедарна жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана махка кхайкхийна иза. Шен телеграмерчу агIонехь пост хIоттийна Кадыровс цунах лаьцна, яздо ТАСС агенталло. Шинарин дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин (ООН) трибунитIера кхайкхам бира Американ президента, доллу дуьненахь а ЛГБТ-н векалийн бакъонаш ларъяйта цхьа юкъара барамаш лело беза аьлла, Нохчийчоь а Камерун а билгалйоккхуш. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Теннисист Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку Корнееву






Институт СТЭИ при поддержке Комитета общественных связей и молодежной политики города Москвы реализует проект "Вода Москвы"

Семшов считает, что на «Спартак» давили постоянные слухи об уходе Абаскаля

Уже завтра вы не узнаете цены: «Магнит» и «Пятерочка» приняли решение для россиян

Reuters: установленный Западом потолок цен на ...