Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 09.09.2021

"Кадыров а, со а ши мостагI ву". Нохчочо дуьйцу шен гергарчарна гIело ярх

Radiomarsho.com 

Масех да хьалха Туркойчохь йиттира, телеграм-каналаша кадыровхо ву, бохуш хьехочу стаганна. Цара дийцарехь, "Абдурахман" ц1е йолу иза 17-тта гергга шарахь болх беш хилла ву ницкъаллин структурашкахь, ткъа хIинца туркойн махка веана хилла иза цигахь бехачу нохчашна юкъахь, уьш цIабига дагахь, агитаци ян. Туркойн низамаш лардечу органашна цкъачунна ца карийна тIелатар динарг, амма Нохчийчохь хIинцале а бехке бина, цIерашца буьйцуш болу нах. Ши де хьалха СемаIашкахь лецира 73 шо долу Мамакаев Зелимхан а... Читать дальше...

Кадырова Меднина баркалла аьлла Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнене Кадырова Меднега даийтина баркаллин кехат дIаделла Кадыров Рамзана. Шен цIийнаннана декъал а еш, гулбеллачара куьйгаш а детташ, барам хIоттийнера цо

Нохчийчохь лецна шайн гергарнаш маьршабаьхна, боху Халитовс а, Мамакаевс а

Radiomarsho.com 

Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана а, Бельгехь дIатарвеллачу Мамакаев Iилмана а дийцина, Истанбулехь полисхочунна йиттинчул лаьтта Нохчийчохь шайн лецна гергарнаш маьршабаьхна аьлла. Нохчийчохь чIир хьейинчу беа доьзалан декъах бу ХалитовгIар а, МамакаевгIар а. "Кавказский узел" интернет-ресурсан корреспонденте дийцина Халитов Хьасана, шен 75 шо долу да ГIани а, 46 шо долу ваша Рамзан а, ишта Москвара бертаза вигина хилла шолгIа ваша Хьусайн а дIахецна, цIахь бу аьлла. Гергарчаьргахула шена тIеIаткъам бан гIерта уьш... Читать дальше...

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна таIзар дина террорхойн тобанехь хилла ву аьлла

Radiomarsho.com 

Къилбан гонашкарчу тIеман кхело сацам бина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочун Сагданов Александран хьокъехь, ГIалмакхойчуьрчу колонехь хан токхучу юкъанна террорхойн организацехь дакъалаьцна ву аьлла. "Интерфакс" агенталло яздо цунах. "Чиллан-беттан 2016-чу шарахь номер 2 йолчу ГIалмакхойчуьрчу колонехь таIзар токхучу цо террорхойн юкъараллехь хила дош а делла иза, шен лаамехь царех дIакхетта хиллера",- яздо хаамехь. Талламан версица, Сагдановс йоьшуш хилла экстремистийн чулацам болу литература... Читать дальше...

Зударшца дискриминаци лелорна бехкевина экс-чемпион Нурмагомедов Хьабиб

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан боксехь латархо йолчу Семенова Ангелинас бехкевина UFC-н хилла чемпион Нурмагомедов Хьабиб, цхьайолчу спортехь ринга тIе буьйлучу мехкаршна (ринг-герлз) дуьхьал аьллачунна тIехула.  "Дагестанан лаьмнашкахь хиллачу сексизмех воьллачу Хьабиба и йита еза дукха хан ю, нагахь санна, дуккха а хIума хийцаделлачу юкъараллехь ваха ша дагахь велахь. Йа ша схьаваьллачу меттигехь хIиттаде шен низамаш, мацца хийцаделла а, цигара хьелаш а кхуьур ду цкъа мацца а", - дIахьедина Семеновас. Цуьнан дешнаш далийна MetaRatings сайто. Читать дальше...

Шен хIусамнене Путинера кехат делла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнене, цуьнан секретариатан гIовсе, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан вице-президенте Кадырова Меднига Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира даийтина баркаллин кехат дIаделла Кадыров Рамзана. Шен зуда декъал а еш, гулбеллачара куьйгаш а детташ, барам хIоттийнера Кадыров Рамзана. Нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Думан депутат Делимханов Адам а юьстах ца висира оцу гIуллакхна - декъал йира Медни, "хьоме нус" аьлла, ткъа ша Кадыров "хьоме ваша" аьлла. Читать дальше...

Спорт лело дихкина тIалибаша Афганистанерчу зударшна

Radiomarsho.com 

ТIалибаша ца могутьйту зударшна, ишта къоман тобанашна юкъахь хиллачарна а цхьаьна, спортехь хила. Цунах лаьцна хаам бина кхаарин дийнахь культурехула йолчу "Талибанан"* комиссин куьйгалхочун гIовса Васик Ахьмадуллас Австралин SBS News гIирсаца дечу къамелехь. Шен позицех кхетийра цо крикетах ловзаран масална тIехь. Оцу спорте зударий битича, церан яххьаш а, догIмаш а хьовсархошна гуш хуьлу аьлла Васика. "Исламо а, Исламан Эмирато а ца могуьйту и тайпаниг", - дIахьедина цо. ТIалибша духьал бац... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Медведев остался лучшим среди россиян в обновлённом рейтинге ATP, Рублёв — восьмой






А. Новак провел совещание по поставкам нефтепродуктов на внутренний рынок железнодорожным транспортом

Вольная борьба: В Грозном состоится якутский финал первенства России

Во Владивостоке мошенника лишили свободы за хищение 18 миллионов рублей

Мигранты-строители устроили рукопашную на детской площадке в Люблино в Москве