Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 26.09.2021

Нохчийн батальонан штабан куьйгалхочун хIусам теллина Украинан полицино (+видео)

Radiomarsho.com 

Шейх Мансуран цIарахчу батальонан штабан куьйгалхочун Идрисов Муслиман хIусамехь талламаш бина Украинан полицин белхахоша. Кавказ.Реалии портале цо ша бина и хаам. Идрисовс билгалдаьккхина, цхьана а кепара бакъо а йоцуш хьоьвсина уьш шен хIусамах аьлла. "НеIаран горгали бийкира, ас схьайиллира. Патрулан полицин ши белхахо вара белхан барзакъ доьхна, кхин а виъ вара могIарчу бахархойн духарца. Цхьаммо  белхан кехат гайтира суна, зуламхойн гIуллакхаш толлучу декъера ву ша аьлла. Цуьнан цIе а, муьлхачу даржехь иза ву а деша ца кхиира со"... Читать дальше...

Байденан администрацина бехкбиллина Трампа, нелегалан мигранташ совбовларна

Radiomarsho.com 

Иттаннашкахь эзарнашкахь нелегалан мигранташа дуьзна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дозанаш тIаьххьарчу деношкахь аьлла, дIахьедина пачхьалхкан экс-президенето Трамап Дональда. Цунна бехкбиллина цо президентан Джо Байденан администрацина, яздо Коммерсанто. Трампа бахарехь, "хаа а хууш, цхьаммо билггал хIаллакъеш ю" Цхьаьнатоьхна Штаташ. "Техас штатерчу Дель Риохь шуна гуш бу, вайн дозанаш дIадуьзна иттаннашкахь эзарнашкахь нелегалан мухIажарш, вайн дозанан полицин агенташна юьхьдуьхьал бийла а буьйлуш"... Читать дальше...

Масех стаг вийна Гератехь тIалибаша нахана а гуш

Radiomarsho.com 

"Талибан" (терроран болам бу аьлла, Оьрсийчохь йихкина ю) боламан декъашхоша нахана хьалха дIа а хIиттийна, масех стаг вийна. Афганистанан малхбузехь йолчу Герат гIаларчу коьртачу майданахь ирхъоьллина карийна диъ дакъа, кхин а кхо дакъа тIалибаша дIадаьхьина кхечу гIалашкахь а дIагайта, хаамбина и сурт гинчо Associated Press агенталлана еллачу интервьюхь. Меттигерчу хьаькамо бахарехь,  и нах байъина, афганхойн бизнесхо а, цуьнан кIант а лачкъийначул тIаьхьа хиллачу кхийсаршкахь. Кхечу хаамийн гIирсаша яздарехь... Читать дальше...

Ткъе кхоъ шо хьалха стаг лачкъон гIортарна кхеле хIоттийна гIалгIа

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштара ТIой-Юьртахь лаьцна, 23 шо хьалха стаг лачкъийна аьлла кхоллаеллачу шеконашца, 48 шо долу меттигера вахархо Телигов. Оцу шерашкахь бакъонашларъяран органех лечкъаш лелла иза делахь а,Кавказ.Реалиига Талламан комитетан векало дийцарехь, иза лехар сацийна а дацара. Телигов декъах волуш хилла инцидент I998-чу шарахь нисъелла, ГIалгIайчоьнца дозанехь йолчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштан Майский олучу эвлахь. Кхо стаг, царлахь хила тарло Телигов а, машен эца дагахь хиллера. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Полина Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






Получить разрешение на использование объектов животного мира стало проще в Подмосковье

В Соединенных Штатах признали проблемы с тестированием гиперзвукового оружия

Не хотела при нем мерить джинсы. Абьюзер в Москве при всех покромсал бывшую

«Ленком Марка Захарова» представит спектакль «Кабаре Пушкин»