Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Нохчийчохь лецна шайн гергарнаш маьршабаьхна, боху Халитовс а, Мамакаевс а

0
Нохчийчохь лецна шайн гергарнаш маьршабаьхна, боху Халитовс а, Мамакаевс а

Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана а, Бельгехь дIатарвеллачу Мамакаев Iилмана а дийцина, Истанбулехь полисхочунна йиттинчул лаьтта Нохчийчохь шайн лецна гергарнаш маьршабаьхна аьлла. Нохчийчохь чIир хьейинчу беа доьзалан декъах бу ХалитовгIар а, МамакаевгIар а. "Кавказский узел" интернет-ресурсан корреспонденте дийцина Халитов Хьасана, шен 75 шо долу да ГIани а, 46 шо долу ваша Рамзан а, ишта Москвара бертаза вигина хилла шолгIа ваша Хьусайн а дIахецна, цIахь бу аьлла.

Гергарчаьргахула шена тIеIаткъам бан гIерта уьш, Iедалхошна дуьхьал ша ен критика сацаяйта Iалашонца аьлла, дIахьединера блогеро. Халитовс бахарехь, цуьнан цIийнах болчу наха аьлла кхуьнга, нохчийн Iедалхоша шайна зенаш дан тарло аьлла.

"Гергарнаш дIахецна, меттигерчу телевизионехь ("Грозный" каналан эфир) гайтира уьш, амма кху беттан 8-чохь соьга телефон а тоьхна бохура: "Тхох цхьаъ верна ца кхоьру хьо?" Интернетехь хьаштдоцург ма леладе аьлла", - дийцина Халитов Хьасана. 

Бехк боцуш чIир кхайкхийна шен нахана аьлла, дIахьедо Мамакаев Iилмана. Шен дIабигина хилла гергарнаш - 73 шо долу да а, кхо ваша а цIа бахкийтарх хаийтина Бельгехь цо а. Цунна хетарехь, шен цхьа ваша Туркойчохь вехаш вуй хуучу нохчийн полисхошна тарделла хила тарло, иза а йиттинчаьрца цхьаьна хилла хир ву аьлла.

"Сан нах дIахецна оршотан дийнахь. Йиттина царна, чIир а хьейина, деа а бехк а боцуш. Со суо 2015-чу шарахь дуьйна Бельгехь вехаш ву. YouTube-каналехула вевза суна Халитов Хьасан. Истанбулехь хиллачух йа со а, йа сан доьзал а хьакхабелла бац", - дIахьедина Мамакаевс.

Туркойчохь веха шен ваша Iела а, йа ша а цкъа а хилла вац блогер, йа нахала а вуьйлуш, Кадыровна критика еш лелла а вац, боху цо.

"Сан ваша Iела Туркойчохь ву, амма иза хилла вац оцу юкъахь, ас къамел дира цуьнца. И дерриг а интернетехь бен гина дац шена боху цо. Иза тIелеттачаьрца ца хиллий шайна а хаьа царна. Амма кадыровхошна дуьхьал ву сан ваша, цундела интерес йолуш хьийза уьш. Лаьцна вигина, тIехь ницкъбина ву иза нохчийн полисхоша. Цул тIаьхьа ведда вахна а вара иза", - дийцина Мамакаев Iилмана.

Карладоккху, ницкъаллин структурашкахь болх бинчу Шуьтарчу Арсанукаев Ахьмадан гергарчара чIир кхайкхийра Нохчийчуьрчу доьзалашна: ХалитовгIарна а, НаурбаевгIарна а, МамакаевгIарна а.

Туркойчохь веха оппозицин блогер Халитов Хьасан Наурбаев Рустамца цхьаьна Истанбулерчу шен доьзална тIелеттера, "зуда а, шо кхаьчна йоI а юьйр ю" бохуш, чIагIдора экс-полисхочо. 

Видеокхайкхамехь Арсанукаевс чIагIдо, байначу беттан 20-чохь тIелатар дира шена Истамбулехь, ткъа шолгIачу дийнахь хьаьвзаш долчу некъашца Нохчийчу юхаван аьтто белира шен бохуш. Ткъа чIир кхайкхон сацам хила цуьнан хIинца - ши кIира даьллачул тIаьхьа.

Яржийначу видео тIехь божарийн тоба, шайлахь Арсанукаев а волуш, Халитовн а, Наурбаевн а гергарчийн керта а оьхуш, шогачу кепехь дIахьедо, шаьш царна чIир кхайкхош хиларх.

Iедалшкахьа йолчу инстаграмерчу аккаунташкахь и тобанаш цаьрга оьхуш, кеп-кепара яьхна, дика монтаж йина видеош зорбане яьхна.

"ХIара гIуллакх шуна дуьтур дац! Цунах жоп доьхуш арабевлла тхан нах. Шайга дIа ца хьедина ма бахалаш. Шун кIант вуьйр ву! Тхо царна тIе ца кхиахь а, со воцуш кхечо и шайтIа хIаллакдахь а, жоп шуьгара доьхур ду", - НаурбаевгIеран цIийнах болчу къаношна тIе мохь хьоькхура Арсанукаевс.

2010-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIираш йитийтаран Iалашонца, леррина комисси а кхоьллина, болх байтинера нохчашна юкъахь. 2011-гIа шо чекхдолуш цо дIахьедар дира, чIираш кхайкхорца йоьзна проблема дIаяьккхина ша аьлла. Iедалша чIагIдарехь, цу комиссин декъашхойн аьтто белира шерашкахь схьадохьуш хилла 451 дов дIадерзо. Ткъа меттигерчу бахархоша дийцарехь, бертаза нах маслаIате бохуьйту цара.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA огорчила Елену Рыбакину после турнира в Мадриде






В Воронеже умер актер и бывший музыкант группы «Крематорий» Вячеслав Бухаров

Минздрав Подмосковья рассказал о влиянии укуса клеща на организм

Карпин: Песьякову предложили контракт, а что дальше будет — без понятия

Московский НПЗ «Газпром нефти» вошел в пятерку лучших работодателей России