Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Афганистан тIалибашна дIаяларна шена гечдар дехна къоме ГIани Ашрафа 

0
Афганистан тIалибашна дIаяларна шена гечдар дехна къоме ГIани Ашрафа 

Афганистанан хиллачу президенто  ГIани Ашрафа шен къам къинтIера даьккхина, Марсхьокху-беттан 15-чохь Кабул дIа а тесна, радикалан боламе "Талибане" пачхьалкх дIаяккхийтарна.

"Ас гечдар доьху доллу Афганистанан къоме, кхечу агIор дерриг а дерзон ницкъ ца кхачарна. Афганхойн къомана со муьтIахь хилар шеконашка дилла йиш йоцург ду, велла дIаваллалц цаьрца хир ву со", - аьллачу веддачу президентан дешнаш далийна Tolo News гIирсо.

Экс-президенто билгалдаьккхина, цхьаболчу арахьарчу бахархоша шена кIело кечъеш хилар. ГIанис бахарехь, президентан шахьара чулилхина хиллера уьш, иза Кабулера дIавахначул тIаьхьа, кабинеташчухула бевлла леллера, президент лоьхуш.

"Пачхьалкхера дIа ца вахча йиш яцара сан оцу хьелашкахь, сайн когара кIархаш хийца а ца ларош дIавахара со. Сайн дахарера уггар а дезаниг дIадахьа а аьто ца белира сан: сайн книгаш а, йозанаш а, сайн ноутбук а. Пачхьалкхехь хиллачу дуьненаюкъарчу ницкъашца сайн дIавахарх дагавала а ца кхиира со, къайлахчу сервисийн белхахоша Iаткъамбина, дIавахара со. ТIерачу костюмца даймохка дIатаса бизира сан. Дала пурба лахь, ма-дарра тIаьхьо дуьйцур ду ас", - яздина ГIани Ашрафа, ша Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь хилар билгалдоккхуш.

Афганистанан хиллачу президенто бакъ ца дина, афганхойн миллионашкахь долларш ша даьхьна бохург а.

Дукхахболчу Афганистанехь болчарна хета, ГIани Ашраф вадар - "Талибанна" Iедал дIалуш леррина кечйинчу планан цхьа дакъа ду аьлла.

Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.

ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Свентек переиграла Соболенко и выиграла титул WTA в Мадриде






Молочному производству в Ногинске помогли найти поставщика

Похолодание и снег с дождем не повлияли на движение поездов МЖД

Более трех тысяч человек приняли участие в памятной акции в Музее Победы

Мужчину с ножевым ранением сердца спасли в больнице в Лобне