Оьрсийчоьнан регионашкахь COVID-19 вирусан 4-гIа тулгIе йолаяларх дIахьедина
COVID-19 вирус Оьрсийчохь юха а яржар билгалдаьлла. Роспотребнадзоран зерашца, пачхьалкхан 36 регионехь ун даьллачийн терахь 6,7 проценте даьлла, Москвахь а цхьаьна.
Дийнахь керла ун даьлла 21 эзар стаг хилар къаьста, пандеми яьржичхьана верриг а цомгашхилларг ву 7,5 миллион вахархо.
ЙоьалгIа тулгIе йолаяларх дIакхайкхийна Нижегородскан кIоштарчу могушалла Iалашъяран урхаллин министро Мелик-Гусейнов Давида: "Ун маса даьржаш ду. Чолхечу хьолехь берш дукха бу, хьалхарчу кхаа тулгIенехь хиллачул а. Баларш алсам хила тарло цундела".
Аннекси йинчу ГIирмерчу могушалла Iалашъяран министралло "Коммерсанте" бинчу хаамца, коронавирус кхеттачу нехан терахь десташ долу кIира а ду. Регионашна юкъарчу Роспотребнадзоран урхаллан хьаькамо Пеньковская Натальяс бахарехь, коронавирусан 4-гIа тулгIе ца хилча йиш йоцург ду, амма ГIирман бахархошлахь кIезиг бу вакцина йойтурш.
Пермскан кIоштарчу оперативан штабо дIахьедина, эпидемина дуьхьал барамаш чIагI ца бича девр дац шаьш - синбахамаллин меттигаш а, ресторанаш, кафеш а дIакъовлуш, нах вовшахбетташ барамаш хIиттор а дехка деза аьлла. Цул совнах, оперативан штабо "компромиссе" вариант кечъеш ю - QR-кодаш хилийтар тIедожош.
Воронежан кIоштахь цхьа де хьалха дIахьедира, кхайкхийна "Чернозем" рок-фестивал хир яц аьлла. Башкирехь а хир ю аьлла хета пандемин 4-гIа тулгIе.
Верриг а Оьрсийчохь вакцинацех чекхваьлла лоруш ву 43 миллион стаг (бахархойн 29 процент).
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь 54 процент ву ший а доза тоьхна, ткъа цхьа компонент яйтинарг ву 75%. Эксперташа бIобулуш дIахьедо, йоьду кхоалгIа "дельта-тулгIе" тIаьххьара хир ю, коронавирус эндемин инфекцин статусе йоьрзур ю бохуш.