Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

ТIаме кхийсар. "Исламан пачхьалкхехь" хIун деш лелла Советан пачхьалкхера схьабевлла нах

0
ТIаме кхийсар.

ДАIИШан могIаршкахь тIемаш бина Советан пачхьалкх йоьхча шаьш-шайна бевллачу мехкашкарчу бахархоша. Стенна бахана уьш Шема, стенна караэцна герз? Оцу хаттарна жоп лаха араелира Киевера журналист Сергацкова Екатерина. "Исламан пачхьалкхехь" хиллачу нахера бакъйолу истореш лехьош, кхаьчна Сергацкова масех пачхьалкхе, хилла иза ДАIИШах мукъаяьхначу Иракъан территорешна тIехь а. Советан Iедалх мукъаевллачу пачхьалкхашкара схьабевллачу, бевзаш болчу а, бовзанза бисинчу а террористех лаьцна ю цуьнан книга. Царех цхьаболучара дуьйцу леллачух лаьцна, шьш тIемаш бина хиларе терра. Маршо Радиона интервью елла Сергацковас.

 

"Шен воккхаволчу кIентан Хьамзатан 17 шо кхаьчча, иза а, шолгIа кIант Халид а да волчу, Австре, деша дIахьажийна Лайлаа – радикализман хьу йоьллачу Паьнказарчу кегийрхошна юкъара а ваьккхина. Итт шо даьлча, дешна а ваьлла, нана йолчу юхавеъна Хьамзат – пхи мотт а хууш. Амма 2013-чу шарахь, цIеххьана тохавелла, дIавахна иза Шема. Цигахь цунах талмаж а, уллера накъост а хилла Батирашвили ТархIанан ("Исламан пачхьалкхан" тIеман министр, аш-Шишани Абу Iумар – Маршо Радион билгалдаккхар). Шемахь нохчашлара тоьлла нускал а далийна цо – Дудуркаев Асун йоI Седа. Оцу муьрехь йоьIан да вара Нохчийчохь миграцин урхаллин коьртехь. ЙоI махкара Шема яхча, даржах а вохош, Кадыровс къиза хьовзийра Асу – велла а, висина а, йоI цIаяло вахийтира. Ткъа Хьамзатан нана Лайлаъ а яхара Шема, герз карахь цигахь тIом бечу шен кIенте цIавар деха. Ткъа иза дIакхаьчча, цунна гира Хьамзат "Исламан пачхьалкхан" дуьхьа вала кийча вуйла а, бусалбанашна юкъа ша нийсо юьллу бохуш иза хьийзийла а. Шишани Абу Iумаран гIагIадиллина джип хоьхкуш, тIеман духарахь, гехь герзаш лелош гира нанна Хьамзат. ТIемалойн боккха ларам а бара цуьнга. Уггаре хьалха уьш баккхийбера цо Кадыровна хIуьттаренна, деза нускал Седа шена дигарна".

Иштта ду "Iодика йойла, "Исламан пачхьалкх": хиндерг бе дац дуьсуш. Малхбалера Европерчу террористийн истореш" книги тIера дакъа. Дудуркаева Седех лаьцна журналистна дийцина цунан марзхойх хиллачу зудчо – ткъа Седа маре яхана хилла Борчашвили Хьамзат (Аш-Шишанин гIоьнча –МР) кхелхина Шемарчу тIамехь. Цул тIаьхьа Дудуркаева йигина аш-Шишанис (тIаьхьо кхелхина иза а).

Велла Шемахь Лайлаан шолгIа кIант а – Хьамзатан ваша, ткъа берийн бераш гина дац цунна цкъа а. Дудуркаева Седа лаьцна Туркойчоьно, шен шина бераца цхьаьна набахтехь ю иза.

Евзаш йолчу исторех ю лакхахь йийцинарг, ткъа дукха ду дийцарш Оьрсийчоьно йихкинчу ДАIИШехь тIемаш бинчу нахах лаьцна. Книги тIехь дагалецамаш бу Шемахь баланза бисинчу нехан а, цигара бевддачийн а, церан гергарчийн а. Дац оцу дийцаршкахь деза къамелаш – халахетарш а, дохкобовлар а ду. Масала, Хьасана, книгин цхьана турпалхочо, тIемаш бина Шемахь, амма шекваьлла ДАIИШан политиках, кхетта ша лелориг эрна хиларх – оцу бахьаница набахти чу воьллина даIишхоша, лоьхуш лелла дIаваха некъ, амма аьтто ца баьлла."Оха накъосташца, гул а лой, ДАIИШан проблемаш йийцарейора, гарехь, ладоьгIна АМНИАТерчу белхахоша (ДАIИШан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллера ницкъаш– РС), цара цкъа сан накъостан цIа чу а лилхина, дIавигира со. Кхин цул тIаьхьа сайн доьзал ца гина суна", – дуьйцу Хьасана.

ТIемалойн дийцаршца цхьаьна дагалецамаш бу книги тIехь йоIарий тIеман йийсарехь бисинчу нанойн а - ДАIИШан территори тIехь берашка дешийта аьтто боцуш бисинчу зударийн наной (цигахь иза дихкина хилла). Бисина оцу зударех дукхахберш цIийндай а белла. И тайпа зударий белла тIамехь я кхаьчна набахтешка. Байнарш а бу дукха, цIерачара карорах дог а ца дуьллу.

"Исламан пачхьалкх" хIаллакйинчул тIаьхьа шераш девлла, амма цигахь тIемаш бинарш герга бу вайна. Герга бу, уьш вайца бацахь а. Адамийн юкъараллаша шайх дIакъастийна уьш. Лелларг дуьжур дац цкъа а, парггIат бахалур бац уьш. Леллачун буржолаш дохку цаьрца. Хиндерг церан ду ала а дац", – яздо Сергацковас шен книгин дешахьалхехь.

Книгин турпалхой я церан гергарнаш бу Азербайджанера, Дагестанера, Гуьржийчуьра, Казахстанера, Нохчийчуьра, Оьрсийчуьра, Украинера. Стенна тоьхна ДАIИШо и нах цхьаьна, мел боккха тIеIаткъам бина цо леллачунна – Советан пачхьалкхера хиларо, Оьрсийчохь лаьттинчу хиламаша – оцу хьокъехь дийцира Сергацкова Екатеринас Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь.

– ДАIИШна генарчу Украинехь ехаш йолу хьо стенна еара оцу теми тIе – ДаIИШах долчу дийцаршка? 

– "Исламан пачхьалкх", терроризм а санна, доза доцу территори ю. Ца хуьлу иштачу боламан цхьана пачхьалкхехь дозанаш, ун санна даьржа и тайпа зулам. Иштта яра ДАIИШ. Шемахь, Иракъехь а сецна йолчу ДАIИШан террорхой кхочура Малхбузе а, Америке а, Европан пачхьалкхашка а. Жигара хьийзара цуьнан дакъош дукхайолчу пачхьалкхашкахула. Со хаа гIертарг дара, Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкахь кхиина нах сенна боьлху ДАIИШе, цара мел доккха дакъа дIалоцу цигахь хаа лааро араяьккхира со. Эзарнаш бахана Шема тIаме. Юккъерчу барамехь 15 эзар тIемало вахана. Царна тIетоха церан доьзалш, ДАIИШехь дина бераш. Доккха терахь ду иза. "Исламан пачхьалкхан" арахьарчу ницкъех кхоалгIа дакъа дара Советан Iедална кIел лаьттинчу мехкашкара. Оццул дукха кегийрхой Советан пачхьакхера схьабевллачу нахах стенна бахана кхеташ дацара, иза теллина а дацара. Human Rights Watch тептарш-м дешнера ас, амма уьш деккъа цхьа терахьаш а, цIе йоцчу нехан тоьшаллаш а дара, адамаш дацара гуш царна тIехьа. Ткъ суна кхолламаш талла, адамаш ган, довза лиира. Иштта йолаелира сан книгин истори.

– ТIеман дакъашхошца, лелларг гиначаьрца къамелаш даро хIун билгалдоккху, стенна бахана Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкара оццул дукха нах "Исламан пачхьалкхехьа" тIемаш бан?

– Жоп сайна карийна аьлла хета суна. Книги тIехь ду хеттаршна дуьхьал делла жоьпаш. Хеттарш юьхьдуьххьал дина дацахь а – хиламаш чолхе хиларе хьаьжжина дина ду хеттарш а. Суна гарехь, социолога Сассен Саскияс expulsion аьлла юкъаяьккхинчу терминца дозу иза - "аратийсар". Радикалан эмиграцех аьлла цо ишта. ТIемаша, экономикан чолхаллаша кхуллуш ю и эмиграци. Пачхьалкхо шен бахархой аракхуьйсу, хIусамех боха декхаре бо нах, ца тов наханна цIера хьелаш. Советан Iедалх бисинчу мехкех дерг аьлча, Оьрсийчоьно дуккха а шерашкахь Нохчийчоьнца тIемаш барца хIиттийна и хьелаш: бахархой цкъор кхиина, тIом боцург, кхин хIума ца девзаш. Уьш кхиийна тIемаша, берийн кара герз кхаьчна I0-I2 шераш долуш, хьала а кхиале беттабелла уьш даймахкарчу тIемалойх, хуьлда иза Нохчийчохь, хуьлда Дагестанехь. И некъ охьа ца биллабелла дуккха а кегийрхошка. Цунах авторитаризманна дуьхьаллаттар олу. Оцу наханна шайн меттиг карийна Шемахь, Иракъехь. Цхьаболучарна иза Iамар дара – даймахка юхабахча Оьрсийчоьнца летархьама, Нохчийчоь цуьнгара юхаяккхархьама. Юккъерчу Азерчу бахархошна терроризмехь дакъалацаро социалан ирхе кхачайора – мах боцу нах цахилархьама арабийлина цигара кегийнах (Москвахь гастербайтерийн декъахь хилла нах бара ДАIИШехь вуно дукха - МР). Цундела оцу наханна мехала хетта оцу хьелашкара бовлар, Шемахь бусалба дахар дIахIоттош хьийзар, дуьне хийца гIортар. Стенна хаьржина оцу наха тIом, маьршачу хьелашкахь дуьне хийца гIертачу меттана? Иза догдиллар дара, кхин некъ царна цагар дара, суна хетарехь.

– "Аратийсар"  дерг аьлча, иза  Донбассехь а хаалуш хьал ду. Хьан книгин турпалш цхьаберш хилла Шемахь хьовха, Донбассехь а тIемаш беш. Конфликташ кеп-кепара елахь а, тIом – тIом бу бохург дуй иза?

– Сунагарехь аьлча, цхьана тIмаера кхечу тIаме лела нах бу. Сан книги тIера турпалхой, нохчий, хилла Гуьржийчуьрчу тIамехь а, Шемахь а – шиннахьа а Оьрсийчоьнна дуьхьаллаьттина уьш. Масала, аш-Шишани Абу Iумар. И нах бара цхьана хенахь цхьана тобанехь, юха кхечунхьа. Цхьаберш Украинера дIабахана а бу – коьрта мостагI Оьрсийчоь ю церан. Амма ала дац церан шайн инфраструктура ю. Яц. Коьртаниг Оьрсийчьнна духьаллаттар ду царна.

– Оьрсийчохь лаьттачу хьоланна мел дуьхьал бу и нах? Нохчийчоьнна гонах лела хьал дуьцу ас. Сан кхетамехь, бовда луурш бевдда, я Паьнказа я Малхбузерчу Европе. Кхачийна цеан тIом. Я шайн цIахь юха а тIемаш бан лаьа царна?

– Цунах дерг хала ду ала. Ас интервью оьцучу хенахь цара бохург хIара дара: тхо Шемахь Iемаш ду, оха Донбассехь тIом Оьрсийчоьнца летархьама бо, аьлча а, массо а агIор Оьрсийчоьнна дуьхьал. Оьрсийчохь я Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш халар а, и саннарг а ду моьттуш яц со церан дагахь. Тахана уьш Оьрсийчоьнах къелхьарбовла гIета шаьш бол-болчу мехкашкахь. Масала, Францино дукха хан йоццуш Оьрсийчу дIахьажийна Гадаев Мохьмад. Шемахь тIом бин вац иза, я Украинехь а ца бина цо тIом. 2010-чу шарахь ведда, ша хьийзош йолчу Оьрсичуьра, шен ницкъ бинчуьра. Нохчийчуьрчу шолгIачу тIеман декъашхо хиларна хьийзийна иза. Эхашарахь лаьцна кхабна иза, цо шена цигахь гIелонех лаьцна дийцина Оьрсийчуьрчу талламчашка. ГIелойинарш бу Кадыровн гонерчу цхьаьннан тобанера нах. Иза ведда, Польшехь тховкIело елла, цигара Франце дIавахна  шен доьзалца. Амма Францино лаьцна, Оьрсийчу дIавигина, дIавелла, цкъа цIахь, бахьана а карийна, набахте хьажийна. Изза хуьлу дукхахболучех.

Дукха ю кеп-кепара истореш, массо а цхьаьна а тоьхна, хIорш кхераме бу, алалур дац. Бакъду, Iедало бехктакхаман гIуллакхаш а гIиттийна, кхолламаш хIаллакбина нах бу дукха.

 

– Кхечу дешнашца аьлча, ДАIИШах ша тIйпа тур дина хьийза-кх пачхьалкх, ша резабоцчарна иза а лестош?

– Iедална резабоцчарна дуьхьал лестадо иза. И тайпа бехктакхаман гIуллакхаш Оьрсийчоьно эзарнашкахь гIиттийна. Украинехь а лоьцу оццу кепехь бахьана а хIоттадой. Бу Украинехь бакъболу даIишхой, бу, амма уьш тийна-таьIIина беха, балха а лела, баха гIерта. Соьгахь йолчу информацица, и нах бац тероран тохарш дан гIерташ. Украина яц церан мостагI.

– И нах вуно къовлабелла беха. Хьан мцха баьлла аьтто уьш карон? Цара хьоьца къамелаш дина, цхьаболчара даггара а…

– Суна хала хаттар ду ахь дийриг. Хала болх бара ас бинарг – темин бух карор, нах карор, цаьрца мотт лахар. Стаг, иза милла а велахь а, хьох теча, кийча ву дог даста. Пхеа шарахь гулйина ас книгина материалаш, эшна собар а, дог схьадиллина лелар а. Уггаре хьалха хьо хьуо хила веза адамца догцIена, тIаккха до хьоьца къамел. Суна пурбаделла сан турпалхоша шаьш дина къамелаш нахала даха.

– Ткъа хьо зуда хиларо новкъарло йорий?

– Ца йора. Цхьаболучара олура, йиш яц шайн зудчуьнца къамел дан, амм магадора иза шайна – лакхара лорура дуьненна шайн дош дIахазор.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus



"Возрождение интереса к народному искусству и ремеслам в современном мире"

Новые вызовы и обеспечение технологического суверенитета квалифицированными кадрами обсудили в Москве

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ


Более 500 человек посетили «Ночь музеев» в Ставропольской краевой психиатрической больнице №1

Команда ювелирной сети «585*ЗОЛОТОЙ» приняла участие в благотворительном забеге от фонда «Антон тут рядом»

Выездной Фотограф для всех желающих, ну и конечно Артистов и Музыкантов.

Дорожные ирригаторы Revyline RL 660 New Black скоро появятся в представительстве бренда в Улан-Удэ


AML check crypto

Precision in Motion: Exploring Baltic Bearing Company-Riga

Glen Powell’s parents crash Texas movie screening to troll him

Gunmen open fire and kill 4 people, including 3 foreigners, in Afghanistan's central Bamyan province


Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

Подтверждена совместимость облачной платформы SpaceVM и операционной системы AlterOS

«Байкал Сервис» стал партнером Премии 2ГИС

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1


Always keep backups: an 'unprecedented' Google Cloud debacle saw a $135 billion pension fund's entire account deleted and services knocked out for nearly two weeks

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Five new Steam games you probably missed (May 20, 2024)

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)


Estischool - Школа за британською програмою


Олимпийский чемпион Роман Костомаров поздравил победителей номинации «Экскурсия без границ» программы «Лига Экскурсоводов»

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» УЛУЧШАЕТ ЗАКОНЫ, управляет патентами и улучшает командное планирование в целях учёта интереса всего народа.

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ

"Возрождение интереса к народному искусству и ремеслам в современном мире"




Что там в IT: ИИ-отрыв Google, ChatGPT почти человек, отечественный BIOS

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

В Москве произошла драка с участием 15 человек, двое в больнице

Уголовное дело возбудили после стрельбы и поножовщины на юге Москвы


Нижегородские школы №№ 118 и 81 одержали победу в областных соревнованиях «Нижегородская Зарница»

Путин попросил Володина передать теплые слова о Раиси на его похоронах

Уголовное дело возбудили после стрельбы и поножовщины на юге Москвы

В Москве возбудили уголовное дело о хулиганстве после драки со стрельбой


Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP

Рахимова прошла во второй круг турнира WTA в Рабате на отказе Таунсенд

Теннисист Медведев потеряет место в рейтинге ATP

Шнайдер вышла в финал турнира WTA-125 в Париже, обыграв Грачёву


Блинкен заявил, что народ Ирана выиграл от гибели президента Раиси

Сергунина: в Москве появилась собственная платформа по разработке моделей ИИ

Глава Лобни встретилась с жителями города на выездной встрече

Китай возмущен провокацией США с «продажей» Дальнего Востока России


Музыкальные новости

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Наследие Шаляпина и Рахманинова представили на выставке-форуме «Россия»

Мистический Тибет: путеводитель по местам силы от Кажетты Ахметжановой



В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ

В Москве произошла драка с участием 15 человек, двое в больнице

Модернизация контейнерных площадок продолжается в Реутове

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» УЛУЧШАЕТ ЗАКОНЫ, управляет патентами и улучшает командное планирование в целях учёта интереса всего народа.


Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

NYT: встреча Путина и Си Цзиньпина показала непоколебимость поддержки РФ Китаем

В Санкт-Петербург прошел ХIХ Санкт-Петербургский международный книжный салон

Театр и Культура, Россия и Дети: 15 мая театр кукол Ульгэр представил спектакль «Мүнгэн мүшэдүүд» в стенах Художественного музея для первых классов гимназии №29 Улан-Удэ


Сергей Лёвкин: вблизи деревни Дудкино возобновили строительство придорожного автоцентра

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о качественном росте отечественного автомобилестроения

Полиция начала поиск скрывшихся участников массовой драки на юге Москвы

РИА «Новости»: арестовали 2 авто и мотоцикл замглавы Минобороны Иванова


В Москве стартовал Национальный конгресс эндокринологов

Путин: РФ продолжит взаимодействие с Ираном как при Раиси

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о качественном росте отечественного автомобилестроения

Глава МИД КНР Ван И заявил, что Пекин ценит позицию Москвы по Тайваню


Заболеваемость COVID-19 в России выросла почти на 14,7 процента за неделю

«Продукт эволюции»: чем опасен новый штамм COVID-19 FLiRT и насколько он заразен




В Москве произошла драка с участием 15 человек, двое в больнице

Россияне рассказали, какие вредные привычки коллег раздражают их больше всего

Онколог Анастасия Марьенко объяснила, кто подвержен риску развития меланомы

Новое отделение вызовов врачей на дом открылось в МОЦОМД в Люберцах


Зеленский объяснил, почему не хочет приглашать РФ на «саммит мира»

Зеленский заявил, что обеспокоен заявлениями республиканцев в США


Олимпийский чемпион Роман Костомаров поздравил победителей номинации «Экскурсия без границ» программы «Лига Экскурсоводов»

«Молитесь, друзья»: сын олимпийского чемпиона Ивана Стретовича погиб во время родов в Новосибирске

Охрана и безопасность. Как роботы и дроны работают на спортивных объектах?

Бонгонда: стадион и база «Спартака» — мои любимые места в Москве


Запись от имени Президента Беларуси сделана в книге соболезнований в посольстве Ирана



Сергей Собянин: Колледжи проведут Дни открытых дверей

Сергей Собянин принял решение о расширении мер поддержки промпредприятий

Собянин рассказал о Международном форуме инноваций БРИКС

Сергей Собянин. Главное за день


Российский рынок одноразовой биоразлагаемой посуды: итоги 2023 г., прогноз до 2027 г.

Четыре города ЦФО вошли в федеральный топ-10 по качеству жизни

Маршруты для прогулок в мегаполисе: 7 экотроп Москвы

Собянин рассказал о развитии инновационной экосистемы Москвы


Путин попросил Володина передать теплые слова о Раиси на его похоронах

Опять «Березка». В Москве хотят вновь открыть «магазин для избранных»

Китай возмущен провокацией США с «продажей» Дальнего Востока России

Свыше 600 навалов мусора устранили в Подмосковье за неделю


Байкеры Архангельска открыли мотосезон

Истории жителей Поморья представили в семейном мюзикле в Архангельске

Еженедельный вестник катастроф

«Северная красота» пусков Плесецка


Литературный монолог «По праву памяти», к 105-й годовщине со дня рождения А.С. Крупнякова, советского и российского писателя.

Выставка славянских истоков «В бессмертье уходит всеведенье литер простых»

«Дефицитный продукт». В Севастополе малогабаритки стали дороже, Симферополь продемонстировал падение стоимости квадрата

Театр и Культура, Россия и Дети: 15 мая театр кукол Ульгэр представил спектакль «Мүнгэн мүшэдүүд» в стенах Художественного музея для первых классов гимназии №29 Улан-Удэ


Сергунина: в Москве появилась собственная платформа по разработке моделей ИИ

Свыше 600 навалов мусора устранили в Подмосковье за неделю

Опять «Березка». В Москве хотят вновь открыть «магазин для избранных»

Путин попросил Володина передать теплые слова о Раиси на его похоронах












Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Камила Джорджи

Экс‑теннисистка Джорджи обвиняется в краже мебели и ковров на €100 тысяч — СМИ






Нижегородские школы №№ 118 и 81 одержали победу в областных соревнованиях «Нижегородская Зарница»

Путин назвал президента Раиси надежным партнером России

Уголовное дело возбудили после стрельбы и поножовщины на юге Москвы

Глава Лобни встретилась с жителями города на выездной встрече