Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 04.12.2020

Нохчийчохь - карантинан хьелаш, Украинехь - экстрадици

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а маьждигашка 65 шо сов долчу нахе цалелар доьху; Шен маршонехьа лиэтта "Ушармин батальонера" бIаьхо Молдаван каравелла Украино; Дагестанан куьйгалхо Москва вигина дарба дайта

Моде баьлла "муфтийн куй"

Radiomarsho.com 

ТIахьарчу хенахь моде девлла Нохчийчохь республикан мутийс лелочух кеп йолу куьйга бина боца чо болу месала Iаьржа куйнаш.

Теракт кечъярна нохчочух шеко ю Австрин Iедалан  

Radiomarsho.com 

42 шо долу Оьрсийчоьнан махкахо Австрехь теракт ян дагахь хилла аьлла, шеко йолуш ду оцу пачхьалкхан Iедалш, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Цунах лаьцна яздо меттигерчу Heute таблоидо Рид-им-Иннкрайс гIаларчу прокуратурана тIа а тевжаш. Дийцарехь, иза теракт ян дагахь хилла ГIуран-беттан 11-чу дийнахь, хенал хьалха набахтера ша араваьллачул тIаьхьа. Ибрагимовна хан тоьхнера террорхойн декъахь хиларна. 2017-чу шарахь Товбеца-баттахь Ибрагимов Мохьмад (Абу Хьамза а олура цуьнах) чувоьллира Австрин кхело, 7 шо хан а тоьхна. Читать дальше...

Аптекархо лачкъийначу Нохчийчуьрчу полисхошна цIахь йоккху хан тохар дехна

Radiomarsho.com 

Гуьмсерчу гIалин кхеле цIахь даккха шишша шераш тохар дехна прокурора Дагестанехь аптекархо лаьцначу полисхошна Абдурашидов Бекханна а, Дукаев Асланна а (аптекархо доьза вайна цара лаьцначул тIаьхьа). Оцу хьокъехь яздо "Медиазона" ресурсо. Хасу-Юьртара аптекахо Кардашов Алексей вайна 2017-чу шарахь. Иза къайлаха наркотикаш юхкуш ву аьлла хетта лаьцна хилла Нохчийчуьрчу полисхоша. Полицин ялх белхахочо – царех виъ шена везира – Соьлжа-ГIалара Хасу-Юьрта вигира, ткъа цигара – Гуьмсерчу полицин декъе... Читать дальше...

Килбаседа Кавказера COVID-статистика: велла 34 стаг, цомгуш хилла кхин а 1199

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах дIавьалла 34 пациент, керла цомгуш хилла нах бу 1199. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, белла нах бу: Дагестанера – 9, Краснодар-махкара – 7, Ставропол-махкара – 6, Нохчийчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра – кхоккха, ГIалмакхойчуьра – 2, Къилбаседа ХIирийчуьра, ГIалгIайчуьра, Кхарачой-Чергазийчуьра – цхьацца. Пандемин муьрехь регионехь вирусах велла 382о стаг, боху официало. Карлаяьккхина статистика иштта ю (де-буьйса а... Читать дальше...

Шен маршонехьа лиэтта "Ушармин батальонера" бIаьхо Молдован каравелла Украино

Radiomarsho.com 

Украинан Кхерамзаллин Урхалло, пачхьалкхерчу Инарла прокуратурин сацам кхочушбеш, Молдован каравелла ГIалгIайчуьра схьаваьлла, Украинерчу "Ушармин батальонехь" гIуллакх дина волу Акиев Руслан. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бина Киеверчу вайнехан диаспоран векалша. Урхалло (СБУ) пахьалкхан доза лардечу хьукмате дIавелла Акиев, ткъа цо дIахьажор ву Одессан кIоштарчу Молдован дозанерчу "Старокозаче – Тудор" хане. Документо тIетовжар до иза "Интерполехула" лохуш хилла хиларна. Экстрадицех болчу... Читать дальше...

Глава села Шалажи опроверг переименование улицы в честь убийцы французского учителя

Radiomarsho.com 

лавы администрации села Шалажи в Чечне Салман Магомадов опроверг новость некоторых российских СМИ о переименования улицы в честь этнического чеченца Абдулаха Анзорова, обезглавившего во Франции учителя Самюэля Пати.   Одна из них газета "Московский комсомолец" газета, которая напоминает, что семья Анзорова - выходцы из Шалажи. И на днях там кто-то прикрепил табличку с "новым названием" улицы. Однако из текста видно, что газета сама понимает, что на самом деле чья-то самодеятельность. Главы... Читать дальше...

Дагестанан куьйгалхо Москва вигина дарба дайта

Radiomarsho.com 

Кхаарин буса Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушден Меликов Сергей – коронавирус гучуяьлла цуьнца - ХIинжа-ГIаларчу дарбан хIусамера Москва вигина Дагестанерчу а, Москварчу а лоьрийн консилиум хиллачул тIаьхьа. Мехкан куьйгалхочун пресс-векало Гаджибалаев Низамис "Кавказ.Реалиига" бинчу хаамца, могашаллин хьал гIеххьачу барамехь ду Меликовн. Цо дийцарехь, дистанционан кепехь шен болх дIакхоьхьуш ву мехкан куьйгалхо. Дашестанехь 19 20о сов стаг ву коронавирус кхетта. Официалан статистико гайтарехь, уьнах велла махкахь 968 вахархо. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а маьждигашка 65 шо сов долчу нахе цалелар доьху

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, мехкан муфтийс Межидов Салахьа а, махкахь коронавирус юхаяьржина хиларна, хоьху 65 шарал сов хан йолчу нахана, маьждигашка ца лелаш,  цIахь совцар. Муфтиято шен инстаграмехь бовзуьйту и хьехам. Межиевс дехна баккхийчаьрга ца эхар "алссам нах гуллуче, хуьлда иза зуда ялийна меттиг, тезет, къаьстина пIерасканан джума-ламаз". Маьждигаш дIа ца къовлийта гIерта шаьш, цундела оьшу и хьелаш лардан, аьлла муфтийс. Дагестанан муфтийс а дехна шен махкахошка маьждиге тобанашкахь ца эхар. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция матчей Рыбакиной и Путинцевой за выход в 1/8 финала турнира в Мадриде






Шеф-бармен Работягов рассказал, как приготовить лучший витаминный коктейль

Члена партии "Шанс" Шапу удерживают в аэропорту Кишинева после визита в РФ

Синоптики спрогнозировали облачную погоду и до плюс 19 градусов в Москве 1 мая

Верный защитник: в Москве шестилетний сын спас свою маму от смерти