Нохчийчуьрчу тIамах йолчу 4 видеоца "къизаллин пропаганда" карийна Нальчикерчу кхелана
Associated Press агенталло Нохчийчохь тIом боьдуш яьккхина 4 видео бахархошна хьажа дихкина Нальчикерчу гIалин кхело. Журналистийн материалаш "къизалла яржош" ю боху сацамо, хаамбо "МБХ медиа" ресурсо. Хьажа доьхкучу видеорепортажашлахь ю 1995-чу шарахь федералан эскархой йийсаре беш гойту материал. Нохчийн тIемалоша лаьцна волчу ГРУ-н майора Морозов Игора шеца а, ша санна йисарехь болчаьрца а "цецваллал дика бу" шаьш лецнарш боху. Оцу видеоне Ютубехула хьажна ши миллион гергга стаг. Оцу могIарара ю важа кхо видео а. Читать дальше...