Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 19.12.2020

Дагестане "хIума хуучу" зудчунна тIевахана вогIу ши стаг лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Дагестане "хIума хуу зуда" йолчу ваханчуьра вогIуш лаьцна шаьш аьлла, Нохчийчуьра ши стаг гайтина пачхьалкхан "Грозный" телеканало. Сюжет яьккхинчара дийцарехь, шегара дIаяхна зуда цуьнан гIоьнца юхаерзон лаам хилла цу шиннах цхьахволчун. "Кавказский узел" агенталлан тидам хилла телехьожийло гайтинчу сюжетан. "Дагестанера Нохчийчу юхабогIуш совцийна хиллера кегий нах цаьргарчу инзаречу багажах бIаьрг а кхетта. Эчиган догIа а, дарбанаш лелийна хи а, кхин а шеконе гIирс а хилла цара бохьуш. Полисхоша... Читать дальше...

Ломан Карабахехь Оьрсийчоьнан эпсар велла

Radiomarsho.com 

Шуша гIалина гергахь некъ минех цIанбечу заманчохь велла Дуьненаюкъарчу минашна дуьхьал лаьттачу центран эпсар аьлла, пIераскан дийнахь Iорабаьккхина хаам Оьрсийчоьнан тIеман министралло, яздо "Интерфаксо". Чолхе чевнаш йина эпсар лазартне вуьгучу хенахь новкъахь велла, хаамбо министралло. Цхьана дийнахь-буса Степанакертахь эккханза 1 200 мина карийнера Оьрсийчуьра бахначу машарбархошна аьлла, кху беттан 16-чохь дIахьедира тIеман министралло. Минех 16 чакхарма цара дIацIанйина хилар билгалдоккхуш. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хьал: 29 дархо велла, ун даьлла 1 292 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех велла 29 стаг, вирус къаьстина кхин а 1 292 стагаца. Эпидемица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь цхьайтта  дархо велла, Ставрополан махкахь ворхI, Дагестанехь пхиъ, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а шишша, ГIебарта- Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а цхьацца велла коронавирусах. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах кхелхина пандеми йолаелчхьана 4 222 стаг. Къаьсттина... Читать дальше...

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь 585 стаг велла коронавирусах

Radiomarsho.com 

Яхначу буса а, дийнахь а Оьрсийчхь коронавирусан инфекцех кхелхина 585 дархо аьлла, шоьтан Iуьйранна хаам зорбане баьккхина ун ца даржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо. Церан зерашца, эпидеми йолаелчхьана кхелхина уьнах 50 347 пациент. Росстатан ларарца бIостане ду оперативан штабан жамIаш. Охан-баттера ГIадужу-батте кхаччалц кхелхина боху Росстато 78 эзар стаг. Дагардаран методологица доьзна ду аьлла, кхетадо цара шайн терахьаш цхьанацадар. Росстато шайн статистике оьцу ковид хьакхаелла, амма кхалхар кхечу лазаршца хилла пациенташ а. Читать дальше...

Шо доладелчхьана Оьрсийчохь 37 бехктакхаман гIуллакх даьккхина ковидах фейкаш яржийначарна дуьхьал

Radiomarsho.com 

Доьду шо карадеачхьана Оьрсийчохь 37 бехктакхаман гIуллакх диллина яьржинчу коронавирусан пандемих фейкаш яржорна. Пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-центро бина и хаам, ТАСС агенталле. "2020-чу шарахь йоллу Оьрсийчохь 37 зулам дина, харцдерг дуй хуушшехь, бахархойн дахарна а, кхерамзаллина а новкъарло ен информаци яржош", - аьлла ду хаамехь. Зазадокху-беттан 1-чу дийнера схьа дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло 450 протокол хIоттийна коронавирусах фейкаш зорбане яьхначарех. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

16-летняя теннисистка Андреева обновила рекорд турниров WTA-1000






Из аэропортов Москвы депортировали 643 граждан Таджикистана

У путіна погрожують Заходу через заморожені активи

Конкурс с призом! – задачка про китайскую приблуду (и как обойтись без нее)

Польская армия предупредила о колоннах военной техники у границы с Россией