Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 18.12.2020

Кадыровн воккхавер, ГIалгIайчуьра талламаш, Оьрсийчоьнна тоьхна гIуда

Radiomarsho.com 

Путина пресс-конференцехь хастийна Кадыров; ГIалгIайчоьнан хиллачу вице-премьеран а, цуьнан кIентан а хIусамех хьоьвсина полисхой; Деа шарна дихкина оьрсийн спортхошна чемпионатехь хила

Нохчашна язйина а яц амнисти?

Radiomarsho.com 

1990–2000-чу шерашкахь Нохчийчуьрчу тIемашкахь дакъалаьцна нах жоьпе ийзабо Оьрсийчохь. ТIаьххьара лецначех бу вежарий ИдаловгIар. 2000-чу шерашкахь амнисти кхайкхийнера царна, амма деношкахь и шиъ бехкевина тIеман гIаттаман декъашхо хиларна а, Iедалан ницкъашна тIелатарна а.

Умаров веран хьокъехь Оьрсийчоьно дIахьейина верси харцйина Талламан комитето

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Талламан комитетера официалан жоп деана бакъоларъярхошка. Нохчийчуьра вахархо Умаров Мовсар верца доьзна шаьш болийна талламаш берзийна урхалло, яздо Кавказ.Реалиино. Кху шеран аьхка хеттарш дан аьлла, лаьцна, дIавигинера иза полисхоша. Шен жоьпехь комитетан хьалхарчу декъан куьйгалхочун гIовса Хамидов Шемала билгалдоккху, Умаровн гергарчара хIинццалц схьа нийса тоьшаллаш дина хилар. "Умаровца полкан декъа тIехь шаьш цхьанакхетарх а, цу чуьрчу хьолах а, йийбарх а, кабинеташчуьрчу интерьерах а ма-дарра дийцина цара. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь 33 дархо велла ковидах

Radiomarsho.com 

Коронавирусан уьнах 33 дархо велла тIаьххьарчу дийнахь-буса, вирус кхетта 1 233 стагана. Эпидемица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 12 ковид токхуш хилла дархо, Дагестанехь а, Ставрополан махкхаь а велла ворх-ворхI, ГIалмакхойчохь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ, Нохчийчохь цхьаъ велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 4 193 пациент. Къаьсттина дукха цомгуш нах хаабелла Ставрополан кIоштахь -240 стаг.... Читать дальше...

Нохчийчохь коронавирусан уьнах кхин а цхьа дархо велла

Radiomarsho.com 

Тахана, ГIуран-беттан 18-чу дийнахь бинчу хаамца, Нохчийчохь коронавирус зуьйш 468 117 тест йина Нохчийчохь. Царехь 2 969 йина тIаьххьарчу дийнахь-буса. COVID-19 ун даьлла ву верриг а 6 876 дархо. Ткъа тIаьххьарчу 24 сахьтехь вирус къаьстина 142 вахархочуьнца. "Пандеми яьржичхьана 3 220 дархочунна дарба дан аьтто хилла, 86 пациент велла уьна",- дIахьедо мехкан Роспотребнадзоро.

2022-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан спортхойн бакъо хир яц чемпионаташкахь хила

Radiomarsho.com 

Шайн пачхьалкхан байракхца 2022-чу шеран ГIуран-беттан 16-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан спортхойн бакъо хир яц шайн хьуьнарш гайта. Дуьненаюкърчу а, оьрсийчоьнан а антидопинган агенталлашна юкъахь лаьттачу къийсаман гурашкахь бина оцу кепара сацам спортан арбитражан кхело. WADA-н исполкомо хьехна деа шарна Оьрсийчоьнан спортхой дуьненаюкъарчу къийсадаларшка ца битар. Цул совнах, шина шарна Оьрсийчоьнера дIаяьккхина дуьненан чемпионат а, Олимпиада а дIаяхьа бакъо а. Дехкар ца хьакхало континенталан ловзарех. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Россиянка Андреева стала рекордсменкой на турнирах WTA-1000






Актриса Аронова призналась, что согласилась на съемки "Лед 3" после уговоров

Аркадий, ты где?

Тишковец: 1 мая в Москве ожидается до плюс 20 градусов

Члена молдавской оппозиции задержали в аэропорту после визита в Москву