Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 16.12.2020

Кадыров: Нохчийчохь гIаттамхо вийна, Оьрсийчохь лечу нехан терахь рекорде даьлла

Radiomarsho.com 

ТIехьа-Мартанахь дIаяьхьначу леринчу операцехь тIемало вийна; Оьрсийчохь лечу нехан терахь рекорде даьлла тIаьххьарчу итт шерачохь; Буденновскехь хиллачу тIемалочунна 13 шо дехна прокуроро

Доьзалехь гIело латтийначу нохчочунна набахтехь яккха хан тоьхна Францин кхело

Radiomarsho.com 

Шен хIусамнанна а, берашна етташ хиллачу Нохчийчуьрчу вахархочунна набахтехь даккха кхо шо хан тоьхна Францехь. Ним гIалин кхело тIечIагIдина, тIаьххьарчу пхеа шарахь доьзалехь цо ницкъ беш хилар. Меттигерчу Objectifgard гIирсо бина цунах лаьцна хаам. Кхелан шолгIачу ладегIаршкахь бехкевечо мукIарло дина, ша билггал зудчунна етташ хилар, цунна шена "пайдена" аьлла. "Ас хIусамнанна тоьхнехь а, цунна йогIуш тухура", - аьлла, дIахьедина цо кхелахошка. Берашна тIехь гIело ца латтийна ша аьлла цо: "Вовшех лета бераш. Читать дальше...

Адвокаты Царнаева ответят в Верховном суде США, в связи с запросом правительства о пересмотре решения о применении смертной казни

Radiomarsho.com 

Адвокаты Джохара Царнаева, устроившего взрывы во время Бостонского марафона, должны в четверг, 17 декабря ответить на вопросы Верховного суда США (SCOTUS ) в связи запросом правительства США о пересмотре решения об отмене смертной казни. Об этом пишет газета Boston Globe. На заседании, прошедшем 24 ноября этого года, адвокатам Царнаева было частично предоставлено 10 дополнительных дней для подготовки ответа на запрос американского правительства, известный как ходатайство о выдаче судебного приказа. Читать дальше...

Бицираев Сайд-Хьусайн - Петербургера суртдиллархо

Radiomarsho.com 

Жима стаг волуш ша деша вахначу Петербургерчу суртдиллархойн академехь даиманенна «висина» Бицираев Сайд-Хьусайн. Шена хьехархочо йитинчу чоьнашкахь бо кечбо цо шен крела-керла белхаш, аьлча а, дохку Оьрсийчоьнна а девза суьрташ. Суртдиллархойн къона тIаьхье кхиийна Бицираевс – нохчий а бу царалахь. Амма диц ца ло цунна ша мила ву, стенгара ву, муьлхачу дахаран халонех чекхдаьлла шен да-нана, къам. Цуьнан куьйгаша кхоьллина ерриг а исбаьхьалла ю нохчийн къомана лерина, цуьнан дахарх чекх гойтуш.

Москварчу метрохь теракт дара кечдеш аьлла, дийцина лаьцначу Дагестанерчу вахархочо

Radiomarsho.com 

"Киевская" олучу метрохь теракт дара кечдеш аьлла, дийцина Москвахь лаьцначу Дагестанан вахархочо Койбаковс. Baza телеграм-канало бечу хаамца, 2018-чу шеран ГIуран-баттахь Койбаковна вевзаш волу Омаров а, Юсубов а метро чохь эккхийтар а деш, террорхо-Iожалхо хила бохуш, хIара бертавало гIиртина хилла. ГIуран-беттан 2-чу дийнахь дара иза боху Койбаковс, "Киевская" олучу метрона уллорчу "Европейский" цIе йолчу туькана хьалха. Baza ресурсо дийцарехь, талламчаша дуьхь-дуьхьал хIоттийна хилла Юсубов а, Койбаков а. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь ковидах велла тIаьххьарчу дийнахь-буса 33 дархо

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 33 дархо, вирус къаьстина кхин а 1 293 стагаца. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 13 дархо, Ставрополан махкахь ялх кхелхина, Дагестанехь пхиъ, ГIалмакхойчохь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а шишша, Нохчийчохь цхьаъ велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь ун даьлла ву аьлла, вовшахкетта 4 129 стаг ву. Ставрополан кIоштахь... Читать дальше...

Оьрсийчохь лечу нехан терахь рекорде даьлла тIаьххьарчу итт шерачохь

Radiomarsho.com 

Карарчу шеран Дечкен-баттера ГIадужу-батте кхаччалц динчу жамIашца Оьрсийчохь нах балар лакхадаьлла го тIаьххьарчу исс шерачохь. Росстатан зераш тIехь РБК-с довзийтина и терахьаш. ТIаьххьарчу шерашкахь мел а лахделла гора баларш, ткъа коронавирусан инфекцин пандеми яьржичхьана цIеххьашха терахь лакхадаьлла. 10 эзар бахархошлахь 113,2 стаг велла Дечкен-баттера ГIадужу-батте кхаччалц. Ду иза стохкалерачуьнца дуьстича 10 процентна сов. Росстатан ларарца, 78,6 эзар велла стаг коронавирусан уьнах кхелхина лоруш ву. Читать дальше...

Евробертан 27 пачхьалкхан векалша кхин а эхашарна яхъеш ю Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш

Radiomarsho.com 

Евробертана юкъайогIучу 27 пачхьалкхан векалша дийцаредина кхин а эхашарна дIаяхъян Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна экономикан санкцеш. КарадогIучу шеран Дечкен-баттахь хан чекхйолуш яра санкцийн. Кхаарин дийнахь бина и хаам ТАСС агенталле Евробертан Кхеташонан делегацерчу хьостано. "ХIаъ,  2021-чу шеран Мангалан-беттан 31-чу дийне кхаччалц  санкцеш яхъеш векалша барт бина хIинцца", - аьлла хьостано. Дахначу еарин дийнахь Британино санкцеш кхайкхийра Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна а... Читать дальше...

Еврокомиссино "пиратийн тептаре" яьккхина Telegram а, "ВКонтакте" а

Radiomarsho.com 

Пиратийн контент яржочу гIирсийн тептаре язйина Европан комиссино Telegram мессенджер а, оьрсийн социалан маша "ВКонтакте"а. Зорбане даьккхинчу документа тIехь бина цунах лаьцна хаам. Хаамаш дIасакхехьийтарал совнах, Телеграмехь каналаш ю, социалан машанаш а санна, пиратийн контент вовшашка дIасакхехьийта бакъо луш, боху еврокомиссараша. Ткъа "ВКонтакте" социалан машане язбеллачийн таро ю легалехь йоцучу киношка хьийса, цуьнца йоьзначу плеерца.  Шаьш мелхо а легалехь йоцучу контентца къийсам латтош ду бохуш... Читать дальше...

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш

Radiomarsho.com 

Кадыров: Нохчийчохь гIаттамхо вийна  Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь хаамбина, ТIехьа-Мартанахь дIаяьхьначу леринчу операцехь тIемало вийна аьлла. "Кхиамца дIаяьхьначу контртерроран операцехь ТIехьа-Мартанан кIоштахь вийна гIаттамхо Байдулаев Казбек. Ницкъахойн агIонах цхьа а лазийна, я вийна вац. Даим а санна, говза, вовшашца дага а буьйлуш лелла полисхой", - яздина Кадыровс. Нохчийн куьйгалхочо дийцарехь, 2012-чу шарахь дуьйна лехамашкахь хилла ву Байдулаев. Герзаш лелош... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Названы победительницы матчей Рыбакиной и Путинцевой за четвертьфинал турнира в Мадриде






Уроженец Ростовской области арестован по делу о поджоге вертолета

Синоптики спрогнозировали облачную погоду и до +19 градусов в Москве 1 мая

Тарифы ЖКХ вырастут в России

РЕН ТВ: шестилетний сын спас впавшую в кому мать в Москве, вызвав скорую