Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 07.12.2020

Хьехархо вийнарг дIавоьллина Шалажахь, Муфтийс кхетийна никъаб ехкар

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь дIавоьллина Францехь хьехархо верна бехкелору Анзоров IабдуллахI; Песков Дмитрийс шеконе диллина Анзоров Iабдуллахь де хьалха Нохчийчохь дIавоьллина бохург; Никъаб лелоро терроризмана тIебуьгу зударий аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан муфтийс

Францера хьехархо верна бехкелору нохчо Нохчийчохь дIавоьлларна комментари йина Кремло

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран зорбан-секретаро Песков Дмитрийс шеконе диллина, Парижана гергахь хьехархо Пати Самюэль верна бехкелору Москох вина Анзоров Iабдуллахь дехьалха Нохчийчохь дIавоьллина бохург. "И стаг дIавоьллина хиларх лаьцна информаци яц соьгахь, ца хаьа суна мел бакъ ду иза, муха хилла иза. Цхьаъ ду сан билггал соьга алалур дерг, шеко а цоуш, юьйцург теракт ю, вуно чIогIа емал яр а, тIеэца йиш йоцуш хилар а бен кхин йийца оьшуш йоцу", - далийна Песковн дешнаш "Интерфаксо". Читать дальше...

Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхан фигурант коьрта лор хIоттийна Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанехь Хасав-юьртарчу дарбанан центран коьрта лор хIоттийна, 2018-чу шарахь, шен даржах пайда а эцна, харц кехат хIотторна жоьпе озийна хилла Гаджиева Алжанат. Дагестанан могашаллан министралло кхетийна цу тайпа сацам шаьш бар, Гаджиевана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх ца толлуш сацийна хиларца.   "Гаджиева Алжанатна дуьхаьл долийна бехктакхаман гIуллакх сайцийнера, зулам дина ца хиларна 2019-чу шарахь ГIуран-беттан 12-чу дийнехь. Дерриг а кховдийна бехкаш юхадаьхна", - даладо министралло деллачу жоьпан дакъа "Черновик" газето. Читать дальше...

Чубоьхкинчу нохчашна накъосталла до адвоката Азас

Radiomarsho.com 

15 шо ду Алиева Аза юриспруденцехь къахьоьгуш йолу. Тахана Саратовхь адвокат болх беш ю иза. Азас лелош долу гIуллакхаш коьртачу декъана набахтехь латточу нохчашца доьзна хуьлу. Хьиджаб лелош ю адвокат, амма оцу духаро шен балхана новкъарло ца йо, боху цо. Маршо Радионна еллачу интервьюхь Алиевас бовзуьйту шен болх-некъ а, шена хьалха Iитталочу халонех а, ткъа иштта цхьадолчу Оьрсийчуьрчу довза дезачу низамех а лаьцна.

Никъаб лелоро терроризмана тIебуьгу зударий аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан муфтийс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахь-Хьаьжас комментари йина республикехь никъаб лелор дехкарна. Цо дийцарехь, оцу кепара духар лелоро зударий тIебуьгу терроризмана. "Цкъа делахь, арахь иштта (массо а санна) ган лууш яцахь, шен цIахь Iан еза. ШолгIа делахь, уьш (зударий) оцу кепара кхечарах дIахьулбелча, цара бусалба ца лору шаьш санна духар доьхна боцу нах. Цунна тIаьхьадогIург ду цара шайна тIе (вайна) дика девзаш долу доьхка дехкар а, бехка боцу адамаш дайъа бахар а", - дIахьедира Нохчийчоьнан муфтийс. Читать дальше...

Нохчийчохь дIавоьллина Францехь хьехархо верна бехкелору Анзоров IабдуллахI

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Шалажахь дIавоьллина ГIадужу-баттахь Францехь хьехархо Пати Самуэль верна бехкелору, цул тIаьхьа полицин белхахоша герз тоьхна вийна Анзоров IабдуллахI. Анзоровн дакъа кIиранан дийнахь дIакхачийнера оцу эвла Туркойн-махкара. Иза дIавуллуш дакъалоцуш вара 200 гергга стаг, хаам бо Кавказ.Реалии сайто. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, Анзоров дIавуллучу дийнахь дIакъевлинера Шалажа, чубуьтуш бацара оцу эвлахь прописка йоцу нах. Тезетахь яьккхина видео ГIадужу-беттан 6-хь дIасаяьржира социалан машанашкахь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Теннисист Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку Корнееву






Вакантная задолженность. Кто будет выбивать долги вместо коллекторов

Американский истребитель F-16 потерпел крушение в Нью-Мексико

В Соединенных Штатах признали проблемы с тестированием гиперзвукового оружия

Все краски Магнитки с высоты: 70 фотофактов о столице черной металлургии