Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 30.12.2020

Кадыровга гIалгIайн шога дIахьедар, 71 шо долчу адвокатах "наркоман" ван гIертар

Radiomarsho.com 

Шаьш байъина шайн нах террорхой хиларх тоьшаллаш дехна ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIара; 7I шо долу адвокат изоляторехь вуьтур ву; "Арахьара агенташ" лара таро лучу низамна куьйгъяздина Оьрсийчоьнан президенто

Хасаров ШаIрани. Со жима дуьне ду...

Radiomarsho.com 

*** Со жима дуьне ду дуьненчохь, ГIайре ю дахаран хIорда чохь. Сан денош - олхазарш дIакхоьхьуш, Дог лазош, тулгIеш ю къахьоьгуш. Лам боьлхуш, Iовраша йохуш бух, Иштта йов дIа мокха шога гIум. Кху лаьттахь хьенан дог маьрша ду ? Доццушехь, маьрша ду-м, бохур ду. Хьо кога хIоьттинчу меттера И маршо дIаяхьан бух болу Дуьненний, дахарний юьккъера Адаман бIаьрг тилон и бода. Адаман бIаьрг тилон хьо бода, Ма чIогIа тилвелла со вогIу Дагахь дерг ма - дарра дIааьлла, Лийринчу адмашна совваьлла. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Бералла

Radiomarsho.com 

Бералла Хуьлура сол а сов йогуш Бералла сан - деган гIан ХIумма а ца дуьссу, бохуш, Дуьненчохь тхойшинна дан. И-м гIала хиллера йоккха. Буьххьехь гуш тхуна тхайн ирс. ХIетахь сатийсинчул доккха Ас хIун ди? ХIун ди ас нис? Шен шело чекхйохуш чкъурах, ХIун дисси, бохуш, соь дан ? Хьийзаш ю цу гIалахь суна Ирс санна ца тоъна хан. Бер доьду дIогахь, мохь бетташ, Цунна тIе карчийна хIоз. Дуьне а, хIинца со кхетта, Довзалий хиллера моз. 1973 ш.

Хасаров ШаIрани. Сайн деношка

Radiomarsho.com 

Сайн деношка Хаза-м дай шу, хIай сан денош, Марзо, къахьо дагчу Iенош. Ойла цIинъеш, серлайохуш, Юьккъех гIалаташ а дохуш. Хаза-м дай шу, хIай сан денош, Дуьне, дахар дагна делош, Сатийсамийн тулгIеш керчош, Халла нислун синтем къехкош. Сатуьйсуш ю йоккха аре - м ХIутасаре, гота яре. Шун дезарш ду-кх массо тайпа Жим мел ели сан хан яйа. 1979 ш.

Хасаров ШаIрани. Дахаре

Radiomarsho.com 

Дахаре Тхов боцчу цIа чохь суо кхиарна, ЦIе ялан Iеминчех хиларна Кхоьрур –кха, дахар, со хьох. Ма чIогIа хьаьрчи хьо сох Кема доцчу хIорда чу со тесна, Лами боцчу стиглахь дIахецна, БIаьстенан хи санна макхделла , Шаьлтан дитт санна гатделла? Ма чIогIа хьаьрчи, хьо, сох Дог шелден луьра лаьхьа хилла, Са акха жима нускал хилла Диканашна хьалхара дIатоьттуш, Вонашна со оццул кIел тоьттуш?! Со-м ларлуш лелара хьох Аланза дисна дош хьо лоруш, Доггах и карийна ца волуш. 1992 ш.

Хасаров ШаIрани. Дахаро дика схьалуш...

Radiomarsho.com 

* * * Дахаро дика схьалуш Диканийн гунашна тIера, Вай дийриг лелориг гуш, Заманан гIиллакхаш лела. Къонахчо вахаран мур Дуьненчохь боккхучу хенахь Лаьттийла вонан и тур Цунна тIе ца кхаччал генахь. Хиндолче ла ца ло вай Дуьненан темашна децаш. ХIай кIентий, вай-м дийна дай! Дахарах дузий вай кедаш?! Шух долий дог ца Iало . Шу ду сан диканийн гунаш. Схьадуьлий, велаве со, Яшае дагтIера гIура! 1980 ш.

Хасаров ШаIрани. Дуьне - дуьне долчу хенахь...

Radiomarsho.com 

* * * * Дуьне - дуьне долчу хенахь, Зама - зама йолчу хенахь Диканах дика олура, Вон а вон лорура. Дуьне - дуьне долчу хенахь, Воцург стаг а вацара. Дуьне – дуьне долчу хенахь, Дацчехь эхь а дацара. ХIинца дерниг гича гIенах, Дуьне – дуьне долчу хенахь , Вай нахала девлла, ала РагI кхочур яцара. 1998 ш.

Хасаров ШаIрани. Куьзга

Radiomarsho.com 

Куьзга Ма бакъ дац дахаран куьзганчохь вайна гург, БIаьргашна оццул и къегарах. Дала а цуьнан ду, даккха а цуьнан ду Массо а шена чу хьежаван. Леррина дIахьаьжча, кхин агIо хиллийца И бакъ-сурт гойтуш цу куьзганан, Дикане, воне кху дахаро идийна Шерашна шераш тIедуьзча хьан. Со шерех чекхвийли. Гинчуьнах цецвели. Ласттийна, буй туьйхи куьзганах, IиндагIан гаьргех ас когаш кIел оьла йи . Лазийна, цIийдели сан дагах. 1986 ш.



Хасаров ШаIрани. Хазахетар

Radiomarsho.com 

Хазахетар Хаз-хазчу эшарийн Мукъамашца яьржина, Аренех зезагийн Нур хилла хьаьрчина Еанчу бIаьстено Соьга ла ца дуьйгIи: Илланча ви цо сох , Шех доккха илли ди. Елха шу, гIайгIанаш, ДIаяло, цхьаналла, Мерза сатийсамаш Сан юха кхачарна. 1974 ш.

ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а цIийнах болчу наха жоп дехна Кадыровга

Radiomarsho.com 

Де хьалха Нохчийчохь вийна ТимурзиевгIеран ши воI билггал террорхой бара алий, тоьшаллаш гайта шайна аьлла, СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а ГIалгIайчохь бехачу вежаралин тайпанаша. Иштта цара хаамбина, байъинчийн гергара нах лаьцна хиларх, уьш маьршабаха аьлла, тIе а дожош. "Соьлж-ГIалахь байъинарш- тхан нах бу, нагахь санна, уьш билггал террорхой хиллехь, зорбане даха тоьшаллаш, цхьа видео хилла а тоьшалла хила ма деза, цкъа делахь. ШолгIа аьлча, шун бакъо яц церан дай-наной а, йиша а лаьцна латтон, оха тIедожадо уьш дIахецар а. Читать дальше...

"Чарующий запах Нового года, его волшебство так и не вернулось ко мне". Читатели Маршо Радио отвечают на вопрос о Новом годе

Radiomarsho.com 

Какое событие в жизни у вас ассоциируется с новогодним праздником? Этот вопрос мы задали нашим читателям накануне Нового года. Султан Езедов, пенсионер, бывший хлебороб из Шалинского района: - Новый год у меня ассоциируется с походами в зимний лес, которые я совершал в детстве вместе с моим отцом, рано ушедшим из жизни. Перед наступлением нового года мы с отцом и моим старшим братом всегда отправлялись в лес за дровами и заодно приносили домой еловые ветки, которые заменяли нам настоящую ёлку. Читать дальше...

71 шо долу адвокат лаьцна вуьтуш сацамбина Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело

Radiomarsho.com 

Наркотикаш лелош хилла аьлла, шеконашца лаьцна 7I шо долу адвокат Мараков Сергей чохь вуьтуш ву. Лахарчу инстанцино дIасавалар а доьхкуш, хIусамехь вуьтуш бина сацам дIа а тоттуш, керла сацам тIеэцна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. "Дечкен-беттан I7-чу кхаччалц тхан коллега лаьцна вуьтуш кхело сацамбина. Апелляцин инстанци кхаьчна гIуллакх цхьана 24 сахьтехь листира. Прокуроро Мараков изоляторехь вуьтуш дехар ца диннаашехь, кхело шайн лаамехь дира оцу кепар хьесам", - аьлла, яздина шен фейсбукехь адвокато Сабинин Андрейс. Читать дальше...

ГIебарта-Балкхаройчуьра ши стаг бехкевина Шемарчу тIаме вахарна

Radiomarsho.com 

Терроризмна бехкевинчу меттигерчу шина вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна ГIебарта-Балкхаройчохь. Ницкъахойн версица, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца тIемаш бан Шема дIа а вахана, цигара кхин юха ца веана и шиъ.  Талламчаша дийцарехь, 42, 35 шераш долу и ши стаг Iарбойн махка вахана цхьаъ 2013-чу шарахь, шолгIаниг 2017-чохь. Шайн лаамехь даIишах дIакхетта хилла ший а, Шеман пачхьалкхан эскаршна дуьхьал тIемаш бархьама, хаамбина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Талламан комитетан пресс-центро. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах велла 37 дархо. Ун даьлла 1 273 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 37 дархо, вирус кхетта кхин а 1 273 стагана. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 уьнах 14 стаг, Ставрополан махкахь кхелхина бархI, Дагестанехь ялх, Къилбаседа ХIирийчохь виъ, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша дархо велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана COVID-19 вирусах велла 5 826 стаг. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу дийнахь ун даьлла нах Ставрополан махкахь – 246 стаг. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан бахархойх "арахьара агент" ала бакъо елла Путина

Radiomarsho.com 

Шо чекхдала ши де дисинчу заманчохь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIечIагIйина, парламенто хьалхо тIеэцна хилла, я керла юкъаяьхна низамийн проекташ. Куьйгъяздинчу документашлахь ду Оьрсийчоьнан бахархой "арахьара агенташ" лара таро луш долу низам а цхьана. Бакъонан информацин официалан интернет-порталехь зорбане даьккхина документ хIинцале а. Низамца а догIуш, "арахьара агент" ву ала бакъо ю, политика лелош я Оьрсийчохь "цхьана Iалашонца тIеман а, тIеман-техникан а сферехь хаамаш гулбеш"... Читать дальше...

Коронавирусан тестах чекхваьлларг бен чувуьтур вац Туркойчоьно

Radiomarsho.com 

Кеманца шайн пачхьалкхе богIучу нахе тахана, ГIуран-беттан 30-чохь дуьйна коронавирус яц аьлла, тоьшаллин кехат хоттур ду Туркойчоьно. "Пачхьалкхехь лелачу низамашца а догIуш, Туркойчу богIу пассажираш, я Туркойчухула бевлла кхечу мехкашка боьлхучу нехан карахь кехат хила деза ПЦР-тестах чекхбевлла. Хила еза иза кемана ховшале тIаьххьарчу 72 сахьтехь йина. ГIуран-беттан 30-чохь делкъанна 12 сахьт даьллачул тIаьхьа дуьйна низам болх беш хир ду. 6 шаре довлазчу берашна тест ян оьшуш дац", - аьлла,... Читать дальше...

"Левада-центр": 1991-чу шарера схьа лерича, къаьсттина чолхе дара бахархошна 2020 шо

Radiomarsho.com 

2020-гIа шо къаьсттина чолхе дара Оьрсийчоьнан бахархошна 1991-чу шарера схьа лерича. "Левада-центро" бинчу талламан жамIаша гойту иштта терахьаш. Оьрсийн "Свобода" Радионо яздо цунах лаьцна. Цуьнца а догIуш, 1991-чу шарера схьа дуьйна дуьххьара 88 процент бахархоша дIахьедина, доьду шо пачхьалкхна къаьсттина хала дара, цул хьалха хиллачул а аьлла. Хаттамехь дакъалаьцначу 65 процент респонденташа аьлла, шайна а, шайн доьзалашна а 1998-чу шарера схьа дуьйна Iаламат чолхе дара доьду шо. Хеттаршкахь... Читать дальше...

Къоман турпалхойн цIераш техкина Соьлж-ГIалин кIошташна

Radiomarsho.com 

Ленинан а, Октябран а, Заводской а, Старопромыслан а кIоштий цIераш хийцина нохчийн къоман турпалхойн цIерашца. Мехкан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан а, Бенойн Байсангуран а, Кавказаy дуьххьарчу имаман Шейх Мансуран а, Советан заманан Турпалхочун Висаитов Мовдидан а цIераш лелор ю билгалъяьхначу меттигаша. "ВКонтактерчу" шен пена тIехь бина цунах хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Шахьаран бахархошка хеттарш деш, боккха болх дIабаьхьира цIераш хийцале хьалха комиссино. Iаламат жигаралла гайтира бахархоша оцу хаттамехь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина узнала неприятную новость перед "казахстанским дерби"






Фархутдинов поблагодарил Путина за наличие российского гимна и флага на ЧЕ по боксу

Перед покупкой мяса его следует пощупать

RT: Beribit составляет список возврата денег клиентам по неизвестным принципам

Прогулки по Германии: Мюнхен, Германия