Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 09.12.2020

Оьрсийчуьра коронавирусана духьал вакцина эца дагахь яц Туркойчоь

Radiomarsho.com 

Туркойчоь дагахь яц Оьрсийчохь яьккхина коронавирусана дуьхьал вакцина эца. Цунах лаьцна яздо Reuters агенталло, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Туркойн-мехкан могашалла Iалашъяран министро Коджа Фахреттина дIахьедина, препарат лабараторин оьшучу зерах чекхяьлла яц, цундела цхьаьна пачхьалкхан бакъо яц иза лело аьлла. Министро цIе ца яьккхиyа вакцинин, амма хьалхо Оьрсийчоьнан могашаллан министралло хайитинера Туркойчоь лууш хиларх лаьцна шайгара "Спутник V" вакцина эца. Иза COVID-19 пандемина... Читать дальше...

Доьзалехь ницкъ барна хан тоьхна ХIирийчуьрчу вахархочунна. Зудчо доьхуш хилла цунна гечдар

Radiomarsho.com 

Луьрчу рожехь колонехь яккха цхьа шо, цхьа бутт  хан тоьхна Къилбаседа ХIирийчуьрчу вахархочунна, шен зудчунна а, цуьнан кхечу марехь винчу кIантана а еттарна. Кхело къасторца, инцидент хиллера кхушара Зазадоккху-баттахь. 30 шо долу бехкевинчо йиттина хIусамнанна а, цуьнан кIантана а, цул тIаьхьа кхерамаш тийсина хилла цу шинна, урс а ддаьккхина. И бахьана долуш хье меттахбаьлла а хилла кIентан, хаам бо Кавказ.Реалиино. Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратуро дийцарехь, и стаг хьалха а колонехь хан техкна ву, шен цIахь наркотикаш латторна. Читать дальше...

Нохчийн 5 жима стаг лаьцна Францехь, вайна стаг вийна карийна Дагестанехь, сизохь витина Белхароев

Radiomarsho.com 

5 жима стаг лаьцна Францехь Пати Самюэль вер толлуш; Белхороев Якъуб кхин дIа а талламан изоляторехь латто сацам бина кхело; Дагестанехь вийна республикан куьйгалхочун администрацин хьаькаман Гасанов Алексейн ваша Гасанов Виталий.

Кадыровн говраш, "иноагенташ", пандеми. Къарлур юй Оьрсийчохь коррупци?

Radiomarsho.com 

Перевозчиков Валерий Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана са яккха хоьхкуш лелийна Европера говраш йисина финансех хаьдда – Американ Шататаша а, Европан Берто а санкцешна бухавахийтина церан да. Къайленехь, аьлча а, декларацешка ца яздеш лела "говрийн ахча" дуьххьара довзийтира масех шо хьалха коррупци толлучу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" цхьаьнакхетаралло. Муха дирзира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьал баккъал а мел ду, стенах гулло зер? Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиигашен интервьюхь  дуьйцу "Трансперенси Интернешнл ... Читать дальше...

Сийлаллица верзинний Анзоров?

Radiomarsho.com 

КIиранан дийнахь Нохчийчохь дIавоьллина Францехь историн хьехархо Пати Самюэль вийна Анзоров IабдуллахI. 200 сов вахархо хилла тезетахь, ткъа хаамийн гIирсаша довзийтира иза "вазварца верзор" санна.

ГIалгIайчоь: шайхан БатIал-Хьаьжин тIаьхьенийн хьалханча Белхароев кхин дIа а лаьцна латто сацам бина кхело

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Халккъан гуламан депутат хилла, шайхан БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллин хьалханча Белхороев Якъуб кхин дIа а талламан изоляторехь латто сацам бина кхело. Иза лаьцна низамаш лардон органин белхахоша кхушеран аьхка пачхьалкхан хазнера ахча лачкъийна аьлла. Белхароев кхин дIа талламан изоляторехь латто сацам бинарг ю Москвара Басманан кIоштан кхел. Кавказ.Реалиин хьастано бинчу хаамца, гергарчу кхаа баттахь Белхароев вуьтур ву "Лефортовохь". Цунна дуьхьал толлуш ду рицкъ доладаккхарца а... Читать дальше...

Францехь хьехархо Пати Самюэль вер толлуш лаьцна кхин а 5 нохчо

Radiomarsho.com 

Нохчийн къомах волу 5 жима стаг лаьцна Францехь оршотан Iуьйранна, ГIуран-беттан 7-хь меттигера хьехархо Пати Самюэль вер толлуш. Низамаш лардон органашна хетарехь, цара интернетехула кехаташ яздина хиллачух тера ду Пати вийначу 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIе, джихадан тема а хьехош, хаам бо Кавказ.Реалиино, France Bleu зорбан гIирсана тIе а тевжаш. ДIалецна нохчий бу 18-21 шераш долуш. Уьш полисхоша дIабигна Францин ХIордаца Сена (Seine-Maritime) а, Лакхара Луара (Haute-Loire) шина департаментехь. Читать дальше...

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш

Radiomarsho.com 

Вийна карийна Дагестанан куьйгалхочун администрацин ваша Вийна Дагестанан администрацин куьйгалхочун Гасанов Алексейн ваша Гасанов Виталий. Цуьнан дакъа карийна Махачкалана гергахь, иза вехачу куьпахь. "Кривая Балка олу поселок толлуш дакъа карийна лоьхуш волчу Гасанов Виталин. Цуьнан дегIа тIехь накхана тIехь урс тоьхна чов карийна. Кхалхаран бахьана къастош ду", хаам бо ТАСС агеталло, республикерчу ницкъаллин структурашкарчу хьостана тIе а тевжаш. Baza телеграм-канало хаам барехь, Гасановн дакъа карийна ГIуран-беттан 8-хь... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев сыграет с Бубликом в Мадриде 






«Спартак» прорабатывал вариант с возможным назначением тренера АПЛ

Компания PPF Страхование жизни – лидер среди страховщиков жизни по финансовой устойчивости

Горячая степь: что посмотреть и чем заняться в Калмыкии весной

Москва и Бишкек подписали соглашение о сотрудничестве до 2027 года