Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 10.12.2020

Цхьаьнатоьхначу Шататаша санкцеш кхайкхийна Кадыровна дуьхьал

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийна Оьрсийчохь а, Йеменехь а, Гаити Республикехь а адамийн бакъонаш талхош болчу Iедалхошна дуьхьал. Санкцийн тептарна тIехь болчу нахана юкъахь ву – Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Американ финансийн министраллин дIахьедарехь аьлла ду, Кадыров воцург, санкццеш дуьхьал яьхна кхин а Оьрсийчохь регистраци йинчу 6 компанина а, ткъа иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца юххера уьйраш йолчу 5 стагана а. Цул сов... Читать дальше...

Саакашвилин хIусамнана Берлинехь цхьаьнакхета дагахь хилла Хангошвилица, лехам айина Facebook-на дуьхьал

Radiomarsho.com 

Саакашвили Михаилан хIусамнана Берлинехь цхьаьнакхета дагахь хилла Хангошвили Зелимхица; Санкт-Петербургехь рейд дIахьуш полисхоша массерна а йиттира, цхьа а стаг къаста ца веш, Facebook бехке еш ю, конкуренташ охьатаIорна а, монополина дуьхьал низам дохарна а

Имам Шемал каравахана я йийсар вина? Историн къестамаш (1-ра дакъа)

Radiomarsho.com 

Баккхий къийсамаш лаьтта социалан машанашкахь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а исторехь Имам Шемална кхочучу меттигах лаьцна. Иза кест-кеста хирг ду. ТIаьххьарчу заманашкахь Кавказан тIом биллина бу политикан хьежамашкахь. Хеттарш хила тарло эзарнаш, амма дискуссешкахь хадош хуьлу мехаш боьрзу ламанхойн баьччанашна а санна, Оьрсийчоьнан тIеман-политикан истеблишментана тIе. Бакъду, историкаша тоххара жоьпаш делла хеттарш ду гIиттораш. Иттаннаш эзарнашкахь ду архивашкахь документаш – цара гойту муьлхха а тIеман операци... Читать дальше...

Starship кеман прототип иккхина зуьйш тIемадаьллачул тIаьхьа охьахууш

Radiomarsho.com 

SpaceX компанин Starship космосан кеманан прототип иккхина Техас штатерчу космодромехь охьахууш, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Тест еш тIемадаьккхинера кема кхаарин дийнахь. Цо некъ бира 6,5 минотехь. Кема хьаладелира Мексикан аймина тIехула, 12,5 километр лакхалле а кхочуш. Юха, ана йистаца дIанисделла, лаха а даьлла, хьала а дирзина, охьахууш лаьттах хьакхалуш иккхина иза. Иза дара керла кема зеран уггар чолхе дакъа. SpaceX компанин куьйгалхочо дийцарехь, оцу кеман аьтто хир бу Марс тIе адамаш дига.

"Левада": кегийрхошна юкъахь Путинан рейтинг охьаяьлла шозза гергга

Radiomarsho.com 

Путин Владимиран рейтинг юьсуш ю карантин юкъаяккхале хиллачу тIегIантIехь. Нагахь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш гергарчу мукъачу деношкахь хилча, цуьнгахьа кхаж таса кийча хир бара 39% бахархой. Цунна тоьшалла ду "Левада-центро" бинчу талламан жамIаш, яздо Маршо Радион Оьрсий сервисо, "Открытые медиа" зорбан-гIирсана тIе а тевжаш. 2019-чу шарахь ГIуран-баттахь Путинехьа кхаж таса кийча бара 38% Оьрсийчьура бахархой. Цхьана шарахь 36% тIера 20% охьадаьлла 18-24 шераш долчу кегийрхошна юкъахь Путинехьа кхаж таса лууш болчеран дакъа. Читать дальше...

Санкт-Петербургаy вице-губернатор: "Ницкъбар дехкар ду полицин"

Radiomarsho.com 

Санкт-Петербурган вице губернаторо Елин Евгенийс дIахьедар дина, "полици ницкъбаран орган ю", цундела "цьунан агIор ницкъбар – цуьнан декхар ду", аьлла. Иштта комментари йина цо, Невски проспектехь Commode барехь садоIуш хиллачу нахана полицин белхахоша еттар кхетош, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Iедалхочо бехказдаьккхина нахана еттар, бар-о болх муха бо хьажа баьхкина Роспотребнадзоран белхахой арабовлуьйтуш ца хиллера аьлла. Елинан дешнаш далийна Петербургерчу "Фонтанка" зорбан гIирсо. ... Читать дальше...

Хангошвили вийначу дийнахь Берлинехь цуьнца цхьанакхета дагахь хилла Саакашвилин хIусамнана  

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан хиллачу президентан Саакашвили Михаилан хIусамнана Берлинехь цхьаьнакхета дагахь хилла нохчийн тIемалойн хьалханча хиллачу, Гуьржийчоьнан махкахочуьнца Хангошвили Зелимхица, 2019-чу шарахь Товбеца-беттан 23-хь, иза вийначу дийнахь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Оцунах лаьцна хаам бина Берлинан зулам-девнаш къасторан урхаллин талламан комитетан куьйгалхочо, Хангошвили верца йоьзначу кхелан кхаарин дийнахь хиллачу рогIерчу кхеташонехь. Шен оцу Iалашонах лаьцна талламхошка телефонехула дийцина ша Рулофс Сандрас. Читать дальше...

Американ федералан махбаран комиссино лехам айина Facebook-на дуьхьал

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а федералан махбаран комиссино а, 46 штатан прокурораша а, кхин а шина кIошто а лехам айина Facebook-на дуьхьал иза бехке еш, кокуренташ охьатаIорна а, монополина дуьхьал низам дохарна а. Регуляторша бинчу хаамехь дуьйцуш ду, Facebook бакъо йоцуш шен монополи латтош ю социалан машанашкахь, кхиаме хила мега конкурташ а оьцуш. Федералан махбарехула комиссино дехар дина кхеле Facebook-на тIедожадахьара аьлла, Instagram а, WhatsApp а йохкар а, тIейогIучу хенахь оцу... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Рыбакина узнала неприятную новость перед "казахстанским дерби"






Источник 360.ru: трое подростков пострадали при аварии в Москве

Апрель в Москве вошел в тройку за самых теплых за все время наблюдений

В Москве наградили лидеров отечественного бизнеса и культуры

Началось. Цены на квартиры уже меняются