Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 08.12.2020

ГIалгIайчохь хан кхайкхийна курхалла лелийначу юьртан экс-депутатана

Radiomarsho.com 

Хиллачу юьртан депутатана, арахь а вуьтуш, 4 шо хан кхайкхийна курхалла лелорна ГIалгIайчохь. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Меттигерчу талламан комитето бинчу хаамца, харц кехаташ а кечдина, 1995-чу шарахь Нохчийчуьра мухIажир ву ша аьлла, дIаязвелла хилла иза. Цуьнан Iалашо хилла, тIамах бевдда махкахбевллачу нахана хIусам нисъян луш долу ахча эца. 2017-чу шарахь ша кечдина кехаташ шен гергарчу стеган цIартIе даьхна хиллачу юьртан депутата, ткъа гергарчу стага хIусаман сертификат эцна 6 сов миллион сом барамехь. Читать дальше...

"Багара мотт баккха а мега". ХIун хилла нохчийн журналистех?

Radiomarsho.com 

Каимова Анжелика "Кадыров Рамзан хилира…", "цо элира", "цо пхьор дира", "декъалвира", "маж ешира", "спортзалехь дегI дайдеш ву"— иштта буьйлало Нохчийчоьнан Iедалан "Грозный", "Вайнах" телеканалашкахь коьрта хаамаш. Изза керланаш даржадо Нохчийчуьрчу прессо а, интернет хьостанаша а. Ткъа хIун хилла социалан гIайгIанаш, мехкан лазамаш балхош баьхначу журналистех? Стенгахь бу коррупци Iорайохуш, адамийн бакъонийн дискриминацех, ъъоман гIайгIанех яздеш хьийзинарш? Тахана хеза бехкбаккхар, олу, журналистех Iедалан цIуьхьарш хилла... Читать дальше...

Францехь хьехархо вийна Анзоров ша а ву питанах хӀаллакьхилларг, аьлла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Францехь хьехархо вийна Анзоров Iабдуллах ша а ву хӀаллакьхилларг, питана тасар бахьана долуш, дIахьедина ГIура-беттан 7-чу сарахь ЧГТРК "Грозный" телеканалан сарахьлерчу керланашкахь. Анзоров дIаволларх лаьцначу репортажехь шайна хетарг дийцина цуьнан гергарчара. "Цуьнга лан ца делла Пайхамаар сийсазвар. Цара питана ца теснехьара хIумма а хир дацара. Цо дина иза, сий дайар лан а ца делла. Цхьамма дин сийсаз дича, даима а карор ву бекхам бийр болу стаг, шен дахар дIадала кийчаверг", - бохура Анзоров Нурдийс, Анзоровн девашас. Читать дальше...

Францехь кхел еш ю Оьрсийчуьрчу шина футболан фанатана

Radiomarsho.com 

Францерчу Экс-ан-Прованс гIалан кхело листа долийна 2016-чу шарахь Европан футболан чемпионат йолуш Ингалс-махкара веанчу футбо езархочунна тIелатар дарна Оьрсийчуьрчу шина вахархочун дов. Цунах лаьцна хаам бо "Немцойн тулгIе", яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Эшам хилла 55 шо долу ингалсхо хIинца лелаш ву заьIапхочун гIудалкхахь. Цул сов, цуьнан адвоката дийцарехь, чевнаш ярна а, дегаIаткъам хиларна а ур-аттала видеозIенехула тоьшалла дан а гIорасиз ву иза. Бехкевечу шиннах цхьамма дIахьедар дина... Читать дальше...

Сийлаллица верзор? Францехь хьехархо вийнарг муха дIавоьллина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

КIирандийнахь Нохчийчохь дIавоьллина Францехь историн хьехархо Пати Самюэл вийна Анзоров IабдуллахI. 200 сов вахархо хилла тезетахь, ткъа хаамийн гIирсаша довзийтира иза "вазварца верзор". Талламан версица, 18 шо долчу Анзоровс ГIадужу-беттан 18-чохь, сарахь, Парижан йистехь вен а вийна, корта баьккхина Пати Самюэлан. Бахьана хилла цо школехь берашна Мохьаммад Пайхамарна ехкина карикатураш гайтар. Францин полисхоша зулам динчу меттигна гергахь герз тоьхна вийна шаьш лоцуш Анзоров. Таллам боьдучу юкъанна... Читать дальше...

Зорбан-сервисан хьаькам дIаваьккхина Дагестанехь интернетехь посташ хIитторна

Radiomarsho.com 

Дагестанехь балхара дIаваьккхина республикан парламентан зорбан сервисан хьаькам Эрболатов Уллубий. Цунна бехке дуьбллуш ду интернетехь посташ хIиттор. "Эрболатов Уллубийс социалан машанашкарчу шен агIона тIехь гуш-хезаш хIуманаш яздина, пачхьалкхан Iедалша а, цхьана куьйгалхочо а бечу белхан мах хадош", - аьлла ду Халкъан гуламан сайта тIехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Бинчу хаамца а догIуш, Эрбулатовс оцу кепара дохийна пачхьалкхан а, гражданийн а сервисах лаьцна Оьрсийчоьнан Федерацин низам. Читать дальше...

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш

Radiomarsho.com 

Азербайджано довзийтина тIамехь хилла шен дараш Азербайджано довзийтина Ломара Карабах схьайоккхуш 44 дийнахь Эрмалойчоьнца хиллачу тIамехь хилла шен дараш. ТIеман министралло бинчу хамца, тIематасадаларшкахь верриг а кхелхинарг ву 2 783 салти а, эпсар а, шайна юкъахь цIарца цабевзачу эскархойн декъий а долуш. Болчу хаамца, лар йоцуш вайна лоруш ву 100 сов эскархо, карарчу хенахь чевнаш ерзош госпитальшкахь а, могIарерчу дарбанан хIусамашкахь а болчеран терахь ду - 1245. ТIом болабелира Гезгмашин-баттахь (сентябрь) 27-хь... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

WTA предвкушает дуэль Елена Рыбакина — Юлия Путинцева на турнире в Мадриде






Яхтсмен из Московской области стал победителем этапа Кубка России

Михаил Булгаков спустя почти 100 лет сумел сказать правду о посольстве США. Благодаря ошибке посла Линн Трейси

Прозрение

Началось. Цены на квартиры уже меняются