Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 31.12.2020

Австрино шайн махкара арабохуш бу нохчий. Iедална дуьхьал митингаш йолийна Венехь

Radiomarsho.com 

Тахана, ГIуран-беттан 31-чохь, Нохчийчуьра баьхкина мухIажирш шайн пачхьалкхера арабаха Iалашо хиллера Австрин Iедалхойн. Оцу бахьанца Венехь дуьхьалонан акци дIаяьхьнера. "Карарчу беттан 3-чу дийнахь Австрера 27 нохчочунна депортаци йина, Москва доьдучу кемана тIе е хаийна. Тарло уьш хIинца тIехсов дукха хиларна", - аьлла, хаамбина Маршо Радион хьостано. Цо билгалдаккхарехь, тIаьххьарчу масийтта шарахь, бакъо а йоцуш, Австрехь бехаш хиллера карарчу хенахь арабоху нах. Нохчашна а, иштта ОвхIанистанера... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Шун марзо йоцуш

Radiomarsho.com 

Шун марзо йоцуш ХIора шаро совгIатна вайна КIайн Iа, бIаьсте, аьхке, гуьйре ло. Лехьайойту денойн хьаьркаш вайга, Хенан жайни тIе уьш дIагулйо.   Даьржаш хуьлу дIадаханчун йоза. Со и нийса деша ца луш Iа. Хиндолчара шайгахьа со воху, Хиллачара воьху шайца дIа.   ХIора гIулч а хета суна толам , Дахар - аре хиларна вай зуьйш, Халахетар динчу денойн бохам, Хазахетар алсамдоккхий, хьуьйш.   Синна кхача жимлуш бу цу арахь. Муха нисдер и ас дагца сайн? Кху дуьнено шен дохнах би бала. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. КIант

Radiomarsho.com 

КIант КIант дика хилар ду - ден, ненан сий. Дика кIант - седа бу цаьршинна богуш , Цхьаъ хилла дуьненчохь, дIабайча и. Боданан иллийца йочана йогIу.   Лач дуьйлуш, кадеттарх дуьнено сох, Бода, хьо сих ма ло бIаьргаш схьа къерзон, Карзахе, даръелла, летар ю хьох ДIаэцан стаг воцуш гулъелла серло. 2013 ш.

Хасаров ШаIрани. Дахар

Radiomarsho.com 

Дахар Дахаро аганахь техкаво. Хьоьсту стаг шен - шен цу замано. Велаво, велхаво, вегаво, Ца соцуш, техкачу агано.   Цо, эххар, охьа а воссаво, Кехат а кара ло Абаде. Лен доцу иллеш а кхоллало Кехаташ яздечу дахаре. 2013 ш.

Хасаров ШаIрани. Дуьненан бала

Radiomarsho.com 

Дуьненан бала Дукха ду дуьненчохь хуьлуш дерш хIинца: Йочано хIордан дегI ластийна ирча; Цхьанхьа - ма кхаъ баьккхи, кхеччанхьа – орца; Цхьанна шех бала би дуьнено боккха.   Диканаш вонашца хийцало гуттар. Хьовсал, нах дерзош бу дIа хаза нускал. Шаьш арабовллушехь, шайш - шайн и бала Шайн - шайн цIахь битина тахана цара.   Дикано кхаъ бохьуш, вонаша - чевнаш, Даим а детташ ду сан деган кевнаш. Уьш, дарцо дера ка тухий а, цIийза ХIуманаш хилийтан нахана дийца .   Со гIала югIуш ву диканийн зевнех. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Со хиллера гIалатваьлла

Radiomarsho.com 

Со хиллера гIалатваьлла Ца хаьара стенна оьшу товха. ХIунда оьшу дагна доттагIа. Дош а дацарх цIарах терра довха, ДагтIе кхочу суна моьттура.   Со хиллера чIогIа гIалатваьлла, Юьстах лаьтташ, хьоьжуш дахаре, Цхьа бер санна, тем ца бухуш, хьаьжна Шел баккхийчийн зевне ловзаре.   Цу берана дага хIумнаш даьхки. Мацдели са, синтем дIабаха. Шира ворда хьера йоьдуш хаьрци, Ялтин галеш бердах чу даха …   Кхин ду некъаш цунна хьалха хIинца. Кхин ду оьшург даккхан иза токх. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Заза хилла вага воллу

Radiomarsho.com 

Заза хилла вага воллу   Ялта лучу ялтин буьртиго Адамашна хаза эшарш лоькху. Воккхаверца, шен йиш локхург цо, Юх- юха а стага къа а хьоьгу.   Вара стийнах воккхавуьйра и Оьшуш мел дерг хилча кера юьккъехь? Мерзачуьнца къаьхьчу чоман зил Буьссуш меттиг йогIу кху дуьнентIехь.   Синтем хадош тоьхча воно ков. Нахана ца бийриг шеха бала, ДогIуш долчу диканна а тов Эца пайда хиларна шех наха.   Со хIун ю ткъа хIокху дуьненчохь? Динарг хестош, тIаккха бехкаш дохуш, Дегнийн малхо кхион синтар ду - кх... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. БIаьсте  йолуш

Radiomarsho.com 

БIаьсте йолуш Гинчунна цергех хи доккхуш Шен арсаш ирдеш бу нитт. ТIера чан дIайоккхуш доллу КIайн чопа чу Iенош дитт.   Моттало кIайн цIе шех яьлла, Дагош ду цо эзар га, Малх баан са сутар даьлла Лам тIе а далалий Iа.   Цу цIергахь дохделла хьоза, Йиш лоькхуш, аз тодеш ду. Лаьлаш ю дийнан кIайн гIорза Шех дакхош бIаьстенан хIу. 1988 ш.



ТимурзиевгIарна чIир кхайкхор, КадыровгIеран урамаш

Radiomarsho.com 

ТимурзиевгIеран гергарчарна чIир кхайкхор тIедожийна Кадыровс. Би-би-син зерашца, 346 урам бу КадыровгIеран цIарах Нохчийчохь. Кегийрхойн министралла йохийна, цуьнан болх спортан урхалло бийр бу

"Бага хи лаьцна ца Iахь, дийна виса тарло". Нохчийчохь нах идорах

Radiomarsho.com 

Нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-канало йовзийтина Нохчийчуьрчу ницкъхоша шина баттахь нах лечкъорах лаьцна ша хIоттийна статистика. ТIаьххьарчу шина баттахь вайна махкахь 132 вахархо. Кавказ.Реалиига IАДАТ каналан администратораша бинчу хаамца, нах идораш дукха хьолехь кхочу сарахь я буса, нах доьзалшца цхаьна болчу хенахь. "Лецначара кхечеран цIерш а йоху. ТIаккха мога бой лоьцу кхиберш а. Хеннахь орца аьлча, стаг кIелхьара вала а тарло. Оха йовзуьйту массеран цIерш, амма тхуна ца хууш, наха ца хоуьйтуш а ма нисло. Читать дальше...

Соьлж-ГIалахь вийначу шина вешин гергарчарна жоп делла Кадыровс

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тукхумийн векалша динчу къамелашца терроризм бакъеш дешнаш дуй хьовсар тIедожийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Новости агентало бина цунах хаам. Де хьалха видео дIаязйинера цара Нохчийчоьнан Iедалхошка кхайкхам беш, дахначу оршотан дийнахь Соьлжа-ГIалахь полисхоша вийначу ТимурзиевгIеран ши ваша террорхойн Iалашонашца хиларан тоьшаллаш гайта шайна аьлла. Иштта цара тIедиллира, Нохчийчохь лецна ТимурзиевгIеран гергара нах маьршабахар а, байъинчийн декъий схьадалар а. Читать дальше...

Кегийрхойн министраллан болх сацош бу Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу кегийрхойн министралло шайн болх сацош бу. Цуьнан функцеш спортан министралло кхочушйийр ю аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шеран жамIаш деш хIоттийначу кхеташонехь. Структуран а, кадрийн а хийцамех лаьцна вистхуьлучу хенахь цо дIакхайкхийна, Умаров Джамбулат вице-премьер хIоттош ву ша аьлла. "Арахьарчу а, чуьрчу а политикана тIехь Iуналла латтор ду цо", - яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Карарчу шеран Мангал-батте кхаччалц зорбан министр вара Умаров, тIаьхьо... Читать дальше...

Серганова ТIаус: Керла Шо хьахийча дагаоьккхург – тIом

Radiomarsho.com 

Керла шо. Жимачо дагалоцу стохка я лурчах ша хьегна дика. Ткъа шерашкахь болчу нохчашна даима а цхьаъ бен дац «Керла шо» - 1995-гIаниг – уггаре ирча, уггаре декъаза, уггаре дукха коьртехь лаьтта тIеман Керла шо. Журналиста, бакъоларъярхочо Серганова ТIауса, хIинцца, селхана хилча санна, сирлачу кхетамца, ирачу тергамашца довзуьйту и Шо…

Къилбаседа Кавказ: 36 дархо велла ковидах. Ун даьлла 1 248 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 36 дархо, ун къаьстина кхин а 1 248 стагаца. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 15 пациент, Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а велла ворх-ворхI, Адыгейхь кхоъ велла, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша дархо кхелхина уьнах. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла ковидах 5 862 вахархо. Къаьсттина дукха бу ун даьларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан махкахь – 244 стаг. Читать дальше...

Кадыров Рамзанан а, цуьнан гергарчийн а цIераш лелайо Нохчийчуьрчу 346 урамо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, цуьнан гергарчийн а цIарах махкахь 346 урам бу аьлла, шайн ларарш довзийтина оьрсийн BBC сервисо. Ресурсан зерашца, БIачи-юьртахь КадыровгIеран цIарах исс урам бу. Царех шинна цхьахволчу А.Р. Кадыров-н цIе тиллина. Ши кIант ву Кадыров Рамзанан оцу инициалашца – 15 шо долу Ахьмад а, 13 шо долу Адам а. Оцу эвлахь бу ишта Кадыровн ненан а, ден а, йишин а, шина вешин кIентан а, иштта, республикан куьйгалхочун бIанакъостан, парламентан спикеран Даудов Мохьмадан цIарах урамаш а. Читать дальше...

Соьлж-ГIалахь вийначух чIир кхайкхае аьлла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Дахначу оршотан дийнахь Соьлж-ГIалахь полисхоша вийначу ГIалгIайчуьра схьаваьллачу ТимурзиевгIеран шина вешин гергарчарна чIир кхайкхаяр тIедиллина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана парламентан спикерна Даудов Мохьмадна. "ТIекхайкха уьш, уьш бехкехиларх тоьшаллаш дIагайта, цул тIаьхьа чIир кхайкхае царна вайн вийначу накъостах", - аьлла, дIахьедина пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь Кадыровс. Хиллачу инцидентехь вийра 22 шо долу лахара сержант Джабраилов Мохьмад. Лазийра цуьнан белхан накъост. Читать дальше...

ГIалгIайн тукхамаша тIедожийна ТимурзиевгIеран гергарнаш дIахецар. Даудовца цхьаьнакхета реза ца хилла уьш

Radiomarsho.com 

Дахначу оршотан дийнахь Соьлж-ГIалахь полисхоша вийна ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусейн а террорхойн Iалашонца хиларх тоьшаллаш кхаьчна шайга аьлла, хаамбина ГIалгIайчуьрчу церан цIийнеах болчу наха. ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а вежараллин тайпанаш реза ца хилла Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада Соьлж-ГIала дуьйла аьлча,бахка, амма цара тIедожийна вийначу шинна да-нана а, йиша а дIахеца аьлла. Юкъаралхочо Султыгов Сараждина дуьйцу керлачу видео тIехь, ТимурзиевгIар... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Прямая трансляция матчей Рыбакиной и Путинцевой за выход в 1/8 финала турнира в Мадриде






Синоптики спрогнозировали облачную погоду и до плюс 19 градусов в Москве 1 мая

Переезд с комфортом. Реновация в столице идёт полным ходом

Американский истребитель F-16 потерпел крушение в Нью-Мексико

Вакантная задолженность. Кто будет выбивать долги вместо коллекторов