Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 24.12.2020

Адвокатна – наркотикаш, къолахошна – банк, Соьлжа-ГIалина – «Новичок»?

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лаьцна 71 шо долу адвокат. Наркотикаш лелорна бехкево иза; банк ядийначех шолгIаниг а лаьцна Краснодарехь; Грозев Христо: Цхьана хенахь Соьлжа-ГIала бахана а лелла Навальныйна дIовш делла ФСБ-хой

Банк ядийначех шолгIаниг а лаьцна Краснодарехь

Radiomarsho.com 

Краснодарехь банк яхьарца доьзна шеконехь волу шолгIа стаг лаьцна, полисхошна тIелатарна а во иза бехке, хаамбо "Интерфаксо". Сатосучу хенахь вевзаш воцчу кхаама, нехан ВАЗ машен а ядийна, лачкъийна Краснодарерчу банкехь лаьтта ахчан терминал. ГIалин цхьана урамехь ган а гина, сацийна полисхоша зуламхошкара машен. Тапча йиттина къолахоша дуьхьал, лазийна цхьа Iедалхо. Банканна тIелеттачех цхьаъ герз диттинчу меттигна гена доццуш лаьцна хилла, шиъ ведда, ткъа дIатесначу машена чохь карийна лачкъийна ахчан терминал.

Грозев: Цхьана хенахь Соьлжа-ГIала бахана а лелла Навальныйна дIовш делла ФСБ-хой

Radiomarsho.com 

Информаци зуьйчу Bellingcat тобан декъашхочо, Навальный Алексейна дIовш далар толлучу Болгарерчу журналиста Грозев Христос ша "Медуза" ресурсаца къамел деш хаийтина оппозиционеран духарна тIе кхераме коьчал хьаькхна ФСБ-нера тоба кхечу зуламийн декъахь а хила тарло аьлла. Грозевс бахарехь, изза тоба цхьана яхна лелла БуьритIехь а, Соьлжа-ГIалахь а. "Хуьлийла дац оццул беза говзанчаш деккъа дIа цхьа Навальный бахьанехь вовшахтохар", - билгалдаьккхира журналиста. Цунна хетарехь, оцу тобан цхьана... Читать дальше...

Саратовхь цIахь санна

Radiomarsho.com 

Дикка зама ю Саратовхь нохчийн диаспора кхоллаелла а, цо Оьрсичоьнан регионехь нохчашна Iен а, баха а аьттонаш буйла гойту а. Масех шо ду цIера Гуьмсера волчу Бичигов Ислама оцу гIалахь берашна охьатохарх лата Iамош йолу «Алга-Файт» клуб йиллина. Маршо Радион корреспондент хилира оцу клубехь, гира цига лела оьзда, гIиллакхе кегийнах.

"Кадыров къастор башха товш дац". Путин а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун арахьара политика а

Radiomarsho.com 

Кхечу регионийн куьйгалхоша бечу балхаца дуьстина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хIора шарахь хIотточу пресс-конференцехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Гергарчу Малхбалехь хьоьгуш долу къа. Путине хаттар делла нохчийн журналисташ, цуьнгара кхечу жоьпе сатуьйсуш хиллачух тера дара. Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дуьхьало ешшехь, Соьлж-ГIаларчу "Вайнах" телеканалан корреспонденто Мусаева Мадинас Путине ши хаттар делира. Ший а Кадыров Рамзана доьзна дара. Амма Путина къаста ца вира иза... Читать дальше...

Нохчийчохь лаьцна 71 шо долу адвокат. Наркотикаш лелорна бехкево иза

Radiomarsho.com 

Мараков Сергей, 71 шо долу адвокат, лаьцна могIарчу нехан духарахь хиллачу полисхоша Соьлжа-ГIалахь. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам баийтина цуьнца цхьаьна болх бечу адвоката Кравченко Максима. Кравченкос бахарехь, юхьанца Мараков харцхьа леларна бехкевина, юха – нарокотикаш лелорна, къомал узуш хиларна. "Медикашка таллийтина, лоцучу хенахь иза маларх кхетта хилла, амма ца карийна цуьнан цIийца цхьа а наркотик", - боху Кравченкос. Цунна хетарехь, адвокат лаьцна цо бечу балхаца доьзна. ... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку






Двухлетий ребенок выпал из окна квартиры седьмого этажа на северо-востоке Москвы

Движение транспорта ограничат в центре Томска в День Победы

Киров - на 30-м месте рейтинга российских регионов по доходности вложений в недвижимость

Истории развития дорожной сети Архангельской области посвятят новую выставку в краеведческом музее