Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 29.12.2020

Хасаров ШаIрани. ГIалат

Radiomarsho.com 

ГIалат Кху дахаро, мехах тарлой, Текхадо вайн денойн тай. Шен шеддаш до новкъахь хено, Мел дIадахна хьоьжуш вай. Некъан чаккхе хилар дицдой Стеган даго хIун ца до?! Цкъа лела и тIемаш кеглой, Цкъа дийнна лам лестабо. И киртигаш хуьлу хала. Воккху цара атта гал. Хуьлу ирча, хуьлу хаза Цара юьтуш йолу лар. Ваьхна олу, нагахь ваьхнехь. Хено декхар диц ца до: ДIайоьдучо гIалат даьхьнехь ЙогIун йолчо лазаво. Цуьнан лазам дагчу бижна , Ас хIинццехьа къурдаш до: «ХIунда, хIунда тIе ца кхаьчна Цу гIалатна... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Дуьне духуш

Radiomarsho.com 

Дуьне духуш Суна моьттура дуьне духуш Стигла чу йоьлху. Хилла и наношна духуш, КIенташна боьлхуш. ТIепаза вайначу шен кIанте Сатийса ваьлча, Дена а, аталой, хаьрций И дагтIе даьржа. Ширделла, тийна Iа сан дуьне Кошан барз боцуш, Мел сирла догIучу дийне ГIатталур доцуш . Стигланаш елха а ца оьшу . КIайн дуьне духуш , Харцоно болатан гIоьмаш Куьйгашна туху. 2003 ш.

Хасаров ШаIрани. Ма даккхий хили вай

Radiomarsho.com 

* * * * * Ма даккхий хили вай, Ма даккхий хили?! Даккхий ца хиларна Кхоьруш вай иди. Дуьненна къар ца луш, Бахьанаш лоьхуш, Дегнашна тIехь дити Лайначийн моьнаш. Вайна а яхъели Буьйсанаш Iаьржа. ТIейогIун Iуьйре а ХIинца вайх кхаьрда. Йицйи вай хийла юьхь, Сибат и амат. Вай юха схьайилли Дахаран абат. Амма цо дуьйцур дац Шен хаза туьйра, Бацалахь идор дац Кхин когашIуьйра. Цунна тIехь дуьненца Нисдалан Iемаш, Вай юха дийра дац Вай дина некъаш. Ма даккхий хили вай, Ма... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Ирча илли

Radiomarsho.com 

Ирча илли Дикчу нехан Вонан дакъа кхочуш, Вочу нехан Доккха луур долуш, Шерийн оццул Сенчу цIергахь вагар Эрна дайа ГIерта теша дахар? Мохк бегаро Мокхазан тарх санна, Бердах кхуссий, Йоккхуш йинчу ломах, ГIерта тахна Со сайн некъах ваккхан ВорхI тIам болу Кху дуьненан волла! ТIемаш тIера Хьоьрсуш дашон суйнаш. Хаза дуьйцуш, Дууш къера дуйнаш, Ваьхьи, къайллах, Цо, лога тIе кхетта, Цхьа гIулч юьххе Iожаллин со метта . Со къар ца лун ЖоьжагIатан бIогIам Бакъдуьнене баханчех ДIатохан... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Со

Radiomarsho.com 

Со Со цIеран чIурам бу богуш, Мел багарх баьгна ца болуш, ХIиллане, ямарт бу бода. ЦIе йогун чIу бу со Iодан. ГIора ду. Са ду сан деттан. Сара бу со бIаьрга кхетта . Со цхьаннан ца хилла ирс ду. Со цхьаннан ца кхиъна кIант ву. Некъ бу со некъах дIакхетта. Чиркх бу со малхана летта, Дагчу а тарлучу Лаьттахь Нийсоно шен каралаьцна. Хьарам сий, хьарам и рицкъа, Ондаллин Iовдала ницкъ а Серлонна некъ болчохь готта Нийсонах къутIа дой гIовтту. Амма са, Са ду сан деттан. Со цIий ду тIулга тIехь детта. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Дика дош

Radiomarsho.com 

Дика дош Со вогуш ву шуна ЦIе летта вогуш Цхьаьнгга а цуьнгара Ваккхалур воцуш Ас айса бина бу Сайна и бала Цундела цхьаъа а Орцах ма вала. Со иштта шелвелла Хилларш дицдина. Дог а сан гIорийна Буту ша бина. Ас айса бина бу Сайна и бала. Цундела цхьаъа а Орцах ма вала. И буту ша башон, ЦIе яйан морса Со хьегна дика дош ДогIуш ду орцах. Хиндолчун серло ю, Са карзахдохуш, Цу дашо йохьучу ГIалийчохь йогуш. 2018 ш.



Хасаров ШаIрани. Цхьа йовхо

Radiomarsho.com 

Цхьа  йовхо Адамаш гергардан аьлла Цхьа йовхо дуьненчу яьлла. ЦIинйо цо сийна стигла а, Дохдо цо Iаьржа латта а, ЙоIаца кIант лаьттан дакх а, Лулара доккха шистаг а, Доккхачу шинастеган нуц а, Зезагаш тIедуьйшун буц а. Туьйранийн дуьненийх хьирчи, Пондарийн эшаршца йилхи, Адмашна хелхарш а Iамий, КIанте йоI маре а ялий, Техка а ди, хьоьстуш нана, Пхьераша мел дина ага Цо хIинццалц. Кхин а мел еха Адамаш ша Iамор деца: Бепигаш чам болуш датта; Маттана, марзо луш, карча; Вовшашна хила а аьхна... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Суьйренан илли

Radiomarsho.com 

Суьйренан илли И шен илли аьлла ели стигла. Сох хьаьрччинчохь йисси цуьнан цIе. Цо хIинца а суна Iадда дитна Шена оццул дезаш хилла де. Со, кхаъ хилла, дIасахьаьжи гонах. Нах а бу шайн денойх гIулчаш еш, ТIекIалдетташ шайн диканаш, вонаш, Хилларш, лелларш, дезарш дагардеш. Шена елош, шена екош гуьйре, ХIинццалц санна бина хьанал болх, Беснеш цIийлуш еъна хаза суьйре Чуерзош бу сан дай баьхна мохк. Хьаам хилла, и сурт дагчу дижна, Цхьа наб кхетта, дIа со вуьжур ву! Беран хенахь цхьамма аьлла илли ХIетахь санна олуш хезар ду. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хьал: 30 дархо велла. Ун даьлла ву 1 286 стаг

Radiomarsho.com 

Яхначу буса-дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 30 пациент, вирус къаьстина кхин а 1 286 стагца. Инфекци ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь 13 стаг велла COVID-19вирусах, Ставрополан махкахь ворхI кхелхина, Дагестанехь ялх, Адыгейхь кхоъ, ГIалгIайчохь цхьа дархо велла ковидах. Къаьсттина дукха буу н даьлла нах тIаьххьарчу 24  сахьтехь Ставрополан махкахь – 242 стаг. Ставрополан мохк + 242 (34 587 ву эпидеми яьржичхьана) Краснодаран... Читать дальше...

"Доза доцу репортераш": 2020-чу шарахь дуьненахь 50 журналист вийна

Radiomarsho.com 

Шаьш бен болх бахьана долуш карарчу шарахь 50 журналист вийна. Царех дукхахберш (68 процент) байъина тIеман конфликташ йоцучу мехкашкахь. Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран "Доза доцу репортераш" ("Репортеры без границ)" организацино зорбане даьккхинчу рапортехь бина и хаам. ТIемаш лаьттачу меттигашкахь байъинера 2016-чу шарахь хаамийн гIирсийн 58 процент белхахой. Организацин документа тIехь дийцарехь, бойъучу журналистийн кхоалгIа дакъа нисло Шемахь а, Йеменехь а, ОвхIанистанехь а, Иракъехь а. Хаа а хууш... Читать дальше...

Кафехь летта гIалмакхойн депутат лаьцна

Radiomarsho.com 

ГIалмакхойчоьнан Халкъан парламентан депутат а, цуьнан ваша а лаьцна, Лахьан-беттан 21-чохь кафехь хиллачу летарех гIуллакх толлучу гурашкахь. Мехкан Талламан комитето бина и хаам. Дийцарехь, оцу хиллачу девнехь лаьцначу шина вашас чевнаш йина веа стагана. Билгладоккху, юьйцучу инцидентна бехке хилар кхин а нах. Уьш лоьхуш бу талламчаша. Хьалхо Ставрополан кIоштахь 24 шо долу полисхо лецира, Новоалександровскерчу самукъадаккхаран клубе веанчу цхьаннах латарна. Лахьан-баттахь Москварчу "Лужники"... Читать дальше...

Голикова: Оьрсийчохь къоьлла ловш бу 80% доьзалш

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан премьер-министро Голикова Татьянас дIахьедина, пачхьалкхехь  тIебогIу пайда хене вала таро лучу барамал а лахара болу 80 процент бахархой – бераш долу доьзалш бу аьлла. Цо бахарехь, царна гIо кхачон оьшург 700 миллиард сом ахча ду. "Къоьллех вала аьтто бен сацамаш тIеэцарх" хьахийна Голиковас, "сихонца ца нислахь а, амма къоьлла эшон" таро хир ю аьлла, билгалдоккхуш. ХIун сацамаш бу бинарш вице-премьеро ца хаийтина. Гезгамашин-баттахь Росстато хааме даьккхира, къен дахар хьоьгучу... Читать дальше...

РСЕ/РС корпорацино емалдина Оьрсийчохь "зорбан гIирсийн кхечу мехкийн агенташна" бахархой юкъатохар  

Radiomarsho.com 

Маршо Радио/Маьрша Европа Радио корпорацино емалдо "Зорбан гIирсаш – кхечу мехкийн агенташ" тептарна Оьрсийчуьра бахархой юкъатохар, шайна юкъахь Маршо Радион Оьрсийн сервисана болх беш болу журналисташ а болуш. Оцу юстицин министраллан сацамах лаьцна хаийтина оршотан дийнахь. Иза дуьххьарлера оцу тайпа сацам бу. Маршо Радио/Маьрша Европан Радион вице-президент а, коьрта редактор а йолчу Синделар Дэйзис Оьрсийчоьнан Iедалша бина сацам бахьана долуш дIахьедина: "Оьрсийчоьно "кхечу мехкийн агенташ"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова и Павлюченкова вышли в полуфинал турнира WTA в Мадриде в парном разряде






Полузащитник Файзуллаев вернется в расположение ЦСКА перед игрой с "Зенитом"

Собянин: Новый мост через Москву-реку свяжет центр, запад и северо-запад города

Двухлетний мальчик умер после падения из окна седьмого этажа в Москве

Члена молдавской оппозиции задержали в аэропорту после визита в Москву