Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 14.12.2020

Немцовх ала ду Путинан; Нохчийн ницкъахошна хенаш тоьхна; Австрехь магор ю хьиджабаш

Radiomarsho.com 

Немцов Борис вейтинарг мила ву хаьа Путинна, Песковс дийцарехь. Аптекахочун гIуллакхна тIехула хенаш кхайкхийна нохчийн шина эскархочунна. Австрин школашкахь хьиджабаш магош ю.

Нохчийчоь - журналистика йоцу мохк

Radiomarsho.com 

"Кадыров Рамзан хилира…", "цо элира", "цо пхьор дира", "декъалвира", "маж ешира", "спортзалехь дегI дайдеш ву"— иштта буьйлало Нохчийчоьнан Iедалан "Грозный", "Вайнах" телеканалашкахь коьрта хаамаш. Изза керланаш даржадо Нохчийчуьрчу прессо а, интернет хьостанаша а. Ткъа хIун хилла социалан гIайгIанаш, мехкан лазамаш балхош баьхначу журналистех? Стенгахь бу коррупци Iорайохуш, адамийн бакъонийн дискриминацех, къоман гIайгIанех яздеш хьийзинарш?

Дуьненчуьра 400 гергга журналист набахтехь ву

Radiomarsho.com 

Шайн болх бахьана долуш хаамийн гIирсийн мел лахара а 387 белхахо набахтешкахь хенаш токхуш ву. "Доза доцу репортераш" цIе йолчу бакъоларъяран организацино шайн рапортехь довзийтина и терахьаш. Оцу терахьан эханнал а сов  журналисташ пхеа пачхьалкхийн набахтешкахь бу: Китайхь, СаIуда Iарбийчохь, Мисарахь, Иракъехь, Йеменехь. 50 сов журналист тIепаза вайна, йа йийсарехь ву Шемахь а, Иракъехь а, Йеменехь а. Стохкалерачу зерашца дуьстича, кхин а 35 проценте лакхадаьлла 31 шарера 42 шаре кхаччалц болу... Читать дальше...

Кардашов варна бехкебинчу ницкъахошна арахь яккха хан кхайкхийна. Бакъоларъярхой реза бац

Radiomarsho.com 

Дагестанера вахархо Кардашов Алексей бакъо йоцуш сацийна, цул тIаьхьа тIепаза варна бехкевина тахана Гуьмсерчу кхело Росгвардин хилла ши белхахо Абдурашидов Бекхан а, Дукаев Аслан а. Арахь даккха 3,5 шой хенаш кхайкхийна царна а. "Кавказский узел" агенталло бина цунах хаам. Бакъоларъярхоша кIеда лерина царна дина таIзар. Маршо Радионо яздира, Хасу-Юьртара аптекахо Кардашов Алексей 2017-чу шарахь варах. Иза къайлаха наркотикаш юхкуш ву аьлла хетта лаьцна хилла Нохчийчуьрчу полисхоша. Полицин ялх белхахо вара... Читать дальше...

Песковс журналисташка: Путине хатта, Немцов вейтинарг мила ву алий

Radiomarsho.com 

Оппозиционер Немцов Борис вейтинарг мила ву хаьа Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна аьлла, тIечIагIдина Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Карарчу беттан 10-чохь адамийн бакъонашкахула йолу Кхеташонан декъашхошца шен хиллачу цхьанакхетарехь Путина ша дIахьедина цунах лаьцна аьлла, хаийтина журналисташца къамел деш Песковс. ТIедогIучу еарин дийнахь, 17-чохь кхайкхийначу президентан пресс-конференцехь цуьнга шегга хатта аьлла, кхин совдаьккхина Немцов верах ца дийцина пресс-секретаро. Читать дальше...

Нохчийчохь Кадыровс шена луъург деш дуйла го хан хене мел йолу

Radiomarsho.com 

Владимиров Виктор,                                                                                         "Американ Аз" Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан гонна а, кхайкхийначу керлачу санкцийн хьокъехь дуьйцу бакъоларъярхоша Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хетарехь, деношкахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзананан гонна а, цара жоп лучу структурашна а дуьхьал кхайкхийна санкцеш доцчух кхоьллина а, бух боцуш а ю. Читать дальше...

ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велла 23 стаг.

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 23 стаг, кхин а тIе вирус кхетта 1275 стагах. Эпидемица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла ковидах  итт дархо, Ставрополан махкахь пхиъ, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а шишша кхелхина, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а цхьацца пациент велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 уьнах 407 дархо. Къаьсттина дукха нах къаьстина коронавирусан уьнца Ставрополан кIоштахь – 234 стаг.

ФБК-н белхахо, журналист Низовцев Дмитрий лаьцна Москвахь

Radiomarsho.com 

Москвахь Вернадскан проспектерчу ФСБ-н гIишлона гергахь лаьцна журналист, "Штаб" ютьюб-каналан корреспондент, коррупцица къийсам латточу Фондан белхахо Низовцев Дмитрий. Яздо цунах лаьцна Свобода Радионо. Цо ша бина и хаам твиттерехь, Раменки кIоштан полицин декъехь даьхна суьрташ зорбане а дохуш. Цкъачунна хууш дац, стенна бехке вина иза. Низовцев лацарх яздина иштта ФБК вовшахтоьхначу Навальный Алексейс а. Цо бахарехь, репортаж йоккхуш хилла журналист къайлахчу сервисийн белхахоша лаьцна, дIавигина. Читать дальше...

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш

Radiomarsho.com 

Британина дуьхьал таIзар дийр ду Оьрсийчоьно   Британино кхайкхийначу санкцешна дуьхьал жоп лур ду шаьш аьлла, дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Урхаллан официалан векало Захарова Марияс динчу дIахьедарехь, бух боцуш ду Лондоно Оьрсийчоьнна керла санкцеш дуьхьал яхар. "Пачхьалкхийн юкъаметтигашна тIехь негативе йоьрзур ю ойла йоцуш кхайкхийна демарш аьлла, хета тхуна. Оьрсийчоьнан Iедалхоша бакъо шайгахь юьту жоп луш адеквате берамаш дуьхьал тоха", - аьлла Захаровас. Карладоккху... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Елена Рыбакина выступила с критикой в адрес WTA






Восемь человек пострадали в ДТП с участием маршрутки в Москве

RT: Beribit составляет список возврата денег клиентам по неизвестным принципам

Фархутдинов поблагодарил Путина за наличие российского гимна и флага на ЧЕ по боксу

Лесной пожар ликвидировали в Луховицах