Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 23.12.2020

Полисхочун фураьшка, «арахьара агенташ», набахтера террорхойн бен

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра схьаваьлла стаг Москвахь полицин подполковниках латар ду толлуш; "политикан бала болу" нах арахьана агенташ лара магийна Пачхьалкхан Думо; набахтехь террорхойн машин декъавахарна кхел йина ГIебарта-Балкхаройчоьнан вахархочунна

"Политикан бала болу" нах арахьара агенташ лара магийна Пачхьалкхан Думо

Radiomarsho.com 

Кхаарин дийнахь Пачхьалкхан Думо тIеэцна юкъараллехь политика юьйцу юридикан хьукмат ларалуш йоцу цхьаьнакхетараллаш а, бахархой а "кхечу пачхьалкхан аьттонна" я дуьненаюкъарчу хьукматашна лерина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъех лаьцна информаци гулъеш а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш а белахь, арахьара агенташ лара магош долу низам. Оццу низамца дозалуш кхин цхьа низам а тIеэцна Думехь. Цо 5 шаре кхаччалц набахтехь такха хан къастайо "арахьарчу агенташна", цара шаьш оцу категоре яздар Iедале ца дехнехь а... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 26 вахархо, цамгар кхетта кхин а 1304-нна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан щтабан хаамца, 26 пациент кхелхина Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь, цомгуш хилла кхин а 1304 стаг. Уггаре дукха нах белла коронавирусах, статисташа бахарехь, Краснодар-махкахь – 13 стаг. Дагестанехь кхелхина 5, ГIалмакхойчохь – 4, ГIалгIайчохь – 3, ГIебарта-Балкхаройчохь – 1. Пандемин муьрехь верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву, Iедалан хаамашца, 4326 стаг. Т1аьххьарчу дийнан а, юьхьанца схьа а долчу барийн терахьаш иштта ду: Ставропол-мохк... Читать дальше...

Набахтехь террорхойн машин дакъавахарна кхел йина ГIебарта-Балкхаройчоьнан вахархочунна

Radiomarsho.com 

Ростоврчу тIеман кхело шен сацамца террорхойн юкъараллин декъавахарна бехке а веш, 5,5 шо хан тоьхна ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Жигунов Михаилна, яздо Regnum агенталло. Талламан версица, наркотикаш лелорна ГIалмакхойчохь набахти ша токхучу хенахь, 20I5-чу шеран бIаьста, террорхойн машанна юкъавахана иза. Лаьттина цуьнан декъахь 20I7-чу шеран гурралц – ша набахтера мукъаваллалц. ГIалмакхойчуьрчу Яшкуль юьртарчу набахтехь 20I3-чу шарахь кхоллаелла терроран тоба, боху ницкъхоша, цуьнан декъа вахана I00 сов тутмакх. Читать дальше...

Нохчийчуьра схьаваьлла стаг Москвахь полицин подполковниках латар  ду толлуш

Radiomarsho.com 

Москварчу Коньково кIоштахь меттигерчу полицин куьйгалхочун гIовсах летта цIера Нохчийчуьра волу вахархо. Иза нисделла оцу жимчу стага меттигерчу клубехь даьккхина дов листа полици еъча, хаамбо РБК-но. Агенталлин хьасташа дийцарехь, цо "бар чохь гIурт баржийна, ханах летта, шишанаш лестийна хьешашна тIе". Дов листа баьхкина полисхой, коьртехь подполковник Гриднев Алексей а волуш. "Зуламхочо тIехьашхула  тIехьаьдда, тоьхна, коьртара куй божийна полисхочун", — яздо агенталло. "Iедалан векална... Читать дальше...

Султан Юшаев: Живопись - это пища для моей души

Radiomarsho.com 

Он родился в чеченской семье в дагестанской селе Хасавюрт, учился в Академии художеств Санкт-Петербурге (бывший Ленинград), как дипломную работу написал картину на запретную в советские времена тему о депортации чеченцев, завоевывал медали за лучший дизайн ковров на Лейпцигской международной ярмарке, стал автором герба , объявившей о своей независимости, Чеченской Республики. Он стал известным художником на Западе, членом Общества Бельгийских Профессиональных Художников. Его картины находятся в коллекции королевы Бельгии Матильды. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






В Соединенных Штатах признали проблемы с тестированием гиперзвукового оружия

АРМЕНИЯ. В Армении заявили о сохраняющихся проблемах в отношениях с Россией

Не хотела при нем мерить джинсы. Абьюзер в Москве при всех покромсал бывшую

Синоптики спрогнозировали облачную погоду и до +19 градусов в Москве 1 мая