Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 11.12.2020

Кхарачой-Чергазийчохь ши эккхийтар дина меттигерчу ФСБ-н декъана уллехь

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчохь Малокарачевскан кIоштIахь ши бомба эккхийтина меттигерчу ФСБ-н декъана уллехь. И бахьана долуш гергаш кхетта чевнаш хилла ву 6 стаг. Царна юкъахь ву МВД-н экспертийн-криминалистийн центран декъан хьаькам Абдурзаков Аскер. "Интерфаксо" бинчухаамца, Учкенен эвлахь Iуьйранна 7 сахьт даьлча иккхина куьйга йина бомба. Территори гоне а лаьцна, говзанчаш цигахь болх бан буьйлабелча, 12 сахьт долуш цига тIевана цхьа стаг. "АллахIу Акбар!", аьлла эккхийтина цо шен дегIах йоьллина хилла бомба. Читать дальше...

Саратовра фудблогер Хадижа Бибарсова

Radiomarsho.com 

Хадижина вуно дика бевза къаьмнийн кхачанаш. Хаза а хета уьш кечбеш – тоьшалла ду дуьненан массо а маьIIехь нах хьовсуш йолу цуьнан видеоблог. Саратов гIалахь юкъараллин жигархо ю Хадижа, амма доггах кечбо, бовзуьйту цо кхача Ютубехь шега хьовсучу миллионаш нахана. Фудблогер йоккхаерца резахилира даймахкарчу хьовсархошна шен къайленаш йовзийта.

26 шо кхечи Нохчийчохь хьалхара тIом балабелла

Radiomarsho.com 

26 шо хьалха, 1994-чу шеран ГIура-беттан 11-чу дийнахь, Нохчийчохь болабелира Хьалхара тIом. Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса цу хьокъехь тIеэцна указ арадаларца, кхаа агIор Нохчийчоьнан территори тIе девлира Оьрсийчоьнан эскарш. Кхин 20 де даьлча уьш т1екхечира Соьлж-ГIалин юккъехь лаьттачу президентан г1ала-ц1анна.   ГIура-беттан оцу Iаьнан дийнахь болабела и тIом бахбелира 1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-гIа де тIекхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан агIонаш динчу маслаIатца... Читать дальше...

Нохчийчохь 1 млрд сом дойур ду "Ведучи" курортехь ло хилийта

Radiomarsho.com 

1,129 миллиард сом дойур ду Нохчийчохь "Ведучи" когсалазийн курортехь ло латто система кхуллуш. Иза оьцур ду федералан бюджетера. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфакс-Маркер" агенталло, республикана оьшург оьцучу тептарна тIе а тевжаш. Болчу хаамца, и болх къовсуш хиллачу аукционехь толам баьккхина "Ордена дружбы народов чеченское управление строительства имени Э.Э. Исмаилова" олучу госпредприятино. Иза ша цхьаъ хилла оцу акционехь дакъалоцуш. Болх тIелаьцначу компанин дезар ду насосан станци кхолла а, ломан трассашна хи латтон гIу яккха а. Читать дальше...

Шекаран а, ораматийн даьттан а мехашна доза тоха дагахь ду Оьрсийчоьнан Iедал

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедал дагахь ду шекаран а, ораматийн даьттан а мехашна доза тоха, уггар лакхара мах билгалбаккхарца. Оцунах лаьцна хаам бо "Карара хан"сайто, РБК агенталлана тIе а тевжаш. Дийцарехь, шекаран килан уггар лакхара мах хир бу 36 сом туьпахь, ша-ша духкуш – 45 сом. Даьттан мах хир бу туьпахь 95 сом, ткъа ша-ша духкуш 110 сом. "Интерфакс" агенталло шена хьстанашна тIе а тевжаш хаам бо, нагахь шекар а, ораматийн даьтта а ша-ша духкуш мехаш цхьаьнаметта чIагIцалахь, йохур ю кхин йолу гIулчаш - масала... Читать дальше...

Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула кхел кхолларан ойла къобалйина Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира гIортор йина адамийн бакъонашкахула леррина кхел хилча дика хир дара, бохучу ойлана. Иза хьахийра Адамийн бакъонашкахула кхеташонан декъашхойн Путинца хиллачу цхьаьнакхетарехь "Антимафия" цIе йолчу леррина вовшахкхеттачу зуламан тобанашна а, коррупцина а дуьхьало йон регионан юкъараллин фондан лараме президенто Мысловский Евгенийс. "Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула кхел кхолларх лаьцначу хьан ойлана тIехь болх бан беза. Цу тайпа институташ ахча дала а, системан хийцамаш бан а оьшуш хуьлу. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Рафаэль Надаль

Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку






В столице стартовал гастрономический проект «Московский завтрак на верандах»

Шойгу презентовали модернизированное вооружение для борьбы с беспилотниками

В России набирает популярность новый вид пассивного дохода: в чем суть

Умер продюсер рок-группы «Кино» Андрей Тропилло