Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 25.12.2020

Оьрсийчоь – видеокамерийн а, «арахьарчу агентийн» а дукхаллин лидер

Radiomarsho.com 

Нах видеокамерашца тергалбарца кхоалгIачу меттехь ю Оьрсийчоь; БуьритIехь гIалин администрацин секретариатан куьйгалхо вийна карийна; Федерацин Кхеташоно магадо хьукматаш «арахьара агент» статусе яха

Нах видеокамерашца тергалбарца кхоалгIачу меттехь ю Оьрсийчоь

Radiomarsho.com 

Информацин-аналитикан TelecomDaily агенталло бинчу талламаша бахарехь, Оьрсийчоь ю видеокамерашца нах уггаре чIогIа тергалбечу кхаа пачхьалкхах, яздо РБК-но. Массанхьачул дукха видеокамераш ехкина Китайхь – 200 миллион, цул тIаьхьа ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ – 50 миллион. Германехь 5,2 миллион видеокамераш лаьтта, пхиппа миллион ю уьш Японехь а, Британехь а. TelecomDaily агенталлин талламо гойту Оьрсийчохь уггаре дукха видеокамераш хIиттийнарш коммерцин хьукматаш хилар – ах сов. Къоланаш... Читать дальше...

Лаа дуй, Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьттинчийн цIерашца Нохчийчуьра кIошташ хийцар?

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу кIоштийн цIераш хуьйцуш ю Кадыров Ахьмадан а, Висаитов Мовлидан а, Бенойн Байсангуран а, шейх Мансуран а цIераш а тохкуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инициативана тIетовш долийна хIума ду иза. Карара шо долалучу хенахь хьехнера цо Ленинскан а, Заводан а, Старопромыслан а, Октябран а кIоштийн цIераш хицар нохчийн турплахойн цIеращца. Таханалерачу Iедалхоша муха кхетадо- те  "турпалалла" бохург? Стенца доьзна ду-те цIераш хийца дагадеанчу наха Оьрсийчоьнан импперина дуьхьал... Читать дальше...

Федерацин Кхеташоно магадо хьукматаш «арахьара агент» статусе яха

Radiomarsho.com 

Тахана Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно шен гуламехь къобалдина юкъараллехь политика юьйцу юридикан хьукмат ларалуш йоцу цхьаьнакхетараллаш а, бахархой а "кхечу пачхьалкхан аьттонна" я дуьненаюкъарчу хьукматашна лерина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъех лаьцна информаци гулъеш а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш а белахь, арахьара агенташ лара магош долу низам. "Арахьара агент" статус яла тардо гуламашка, адамашна хьалха Iедалан политика йийца арабевлла нах а, цара нагахь санна иза "кхечу пачхьалкхан дуьхьа" деш делахь. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь 29 стаг кхелхина уьнах дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 29 пациент велла коронавирусах, цомгуш хилла кхин а 1296 вахархо. Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-мохк бу уггаре дукха уьнхой белларг – 13 стаг. Ставропол-махкахь кхелхина 7, Дагестанехь – 4, Кхарачой-Чергазийчохь – 3 ГIебарта-Балкхаройчохь – 2. Iедалана статистикаца, пандеми йолаечхьана схьа Къилбаседа Кавказехь верриг а велларг ву 5663 стаг. Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а коронавирусах цомгуш хилларш: Ставропол-мохк... Читать дальше...

БуьритIехь гIалин администрацин секретариатан куьйгалхо вийна карийна

Radiomarsho.com 

Коьртахь тоьхначу герзаца вийна карийна Къилбаседа ХIирийчохь Каллагов Марат, мехкан коьрта шахьаран администрацин секретариатан куьйгалхо. Ша герз а карийна уллехь Iуьллуш – таллархойн карабин. Хаам баржийна Regnum агенталло. Къилбаседа ХIирийчуьрчу Талламан комитетан урхалло бахарехь, зулам дина ГIура-беттан 24-чохь 14:40 гергга хан яьлча. Карийна дакъа Каллагов ваьхначу цIенна дуьхьал лаьттачу гаражехь. Хилам толлуш ду Iедал.

Новогодний стол чеченцев традиционно украсят жижиг-галнаш и чепалгаш

Radiomarsho.com 

Рассказывают, что однажды некий надтеречный чеченец в отсутсвии дома жены пригласил на ужин соседа-казака, и поставил перед ним все, что нашел в этот вечер на кухне - холодный (а значит затвердевший как камень) "сискал2 (кукурузная лепешка толщиной до 3-5 сантиметров и диаметром в 30-35 см) и "муьста берам2 (кислый рассол – прокисшая соленая молочная сыворотка, в которой иногда годами выдерживается творог – кIалд – древний и неизменный ингредиент кухни чеченцев). Гость, приступая к трапезе, для поддержки разговора спросил, как что называется.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

16-летняя теннисистка Андреева обновила рекорд турниров WTA-1000






Что делать при появлении в небе беспилотника: инструкция, которая спасет вам жизнь

Переезд с комфортом. Реновация в столице идёт полным ходом

С майскими праздниками трубчан поздравляют яркие плакаты и полотнища на крыльце Дома культуры (0+)

В Госдуме предложили увеличить МРОТ в России до 30 тысяч рублей