Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 17.12.2020

Мила ву рогIераниг? Стенна лецна амнисти йина нохчийн бIаьхой

Radiomarsho.com 

1990–2000-чу шерашкахь Нохчийчуьрчу тIемашкахь дакъалаьцна нах жоьпе ийзабо Оьрсийчохь. ТIаьххьара лецначех бу вежарий ИдаловгIар. 2000-чу шерашкахь амнисти кхайкхийнера царна, амма деношкахь и шиъ бехкевина тIеман гIаттаман декъашхо хиларна а, Iедалан ницкъашна тIелатарна а. Стенна ца лардина амнистистин хьелаш, стенна ца эцна тидаме лаца тору хан чекхъяьлла хилар? ХIунда бац лоьцуш Нохчийчохь зуламаш дина Оьрсийчоьнан эскархой? Иштачу наханна дуьхьал бехктакхам айбеш хилча, кхерамна кIел ца хIутту Нохчийчоьнан таханлера куьйгалла... Читать дальше...

Нохчийчохь Кадыровс шена луъург до

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан гонна а, кхайкхийначу керлачу санкцийн хьокъехь дуьйцу бакъоларъярхоша

ГIалгIайчуьра виъ вахархо маьршаваккхар дехна Оьрсийчоьнан дипломаташа Мисаран Iедалхошка

Radiomarsho.com 

Мисаран Iедалхошка дехар дина  КъахIирерчу Оьрсийчоьнан векалто, ГIалгIайчоьнан виъ вахархо шайга схьалахьара аьлла. ТАСС агенталло бина и хаам Оьрсийчоьнан омбудсменан Москалькова Татьянин пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Кхелахоша кхин бина сацам а боцуш,  Оьрсийчоьнан бахархой лецна кхоалгIа шо хиларна бевлла уьш Мисаран Iедалхошка. ГIалгIайчуьра схьабевлла кегийрхой: Аушев Илез а, Дзейтов Iела а, Плиев Рамзан а, Чемурзиев Исмаил а 2018-чу шарахь лецира, экстремизмна бехке а бина. Карарчу заманчохь "Тора" цIе йолчу Мисарарчу набахтехь бу уьш.

Францин президентна Макрон Эммануэльна коронавирусан ун даьлла

Radiomarsho.com 

Францин президентна Макрон Эммануэлна коронавирусан ун даьлла. Елисейн майданарчу цIийно бина цунах хаам. Дийцарехь, инфекцин билгалонаш гучуевлла хилла Макронца. ЦIера болх а беш, карантине хиина президент. Хьалхо хааме даьккхира Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Дональдах а, Британин премьер-министрах Джонсон Борисах а вирус кхетта аьлла. Шинна а гIоле хилла. Цхьа могIа пачхьалкхийн урхаллашкара нах кхелхина коронавирусан инфекцех, Францин хилла президент Жискар д'Эстен Валери а цхьана. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 31 дархо

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса 31 пациент кхелхина коронавирусан уьнах. Вирус кхаьстина 1 288 стагаца. Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу штабо динчу зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина COVID-19 вирусах 13 пациент, Дагестанехь бархI, Ставрополан махкахь ворхI, Къилбаседа ХIирийчохь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана кхелхина 4 160 дархо ковидах. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 238 стаг. Ставрополан... Читать дальше...

Нохчийчоьнан Лакхара кхел къера хилла, кIоштан кхело процессан декъахой юкъахь а боцуш сацамбина хиларна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело керстдина, кхелан процессе Тухаева Жанета кхайкхина цахилар, амма, хIетте а цуьнан хьокъехь бина сацам хийцанза бисина. Хьалхарчу инстанцин бакъонашца Тухаеван латкъам луьстур бу шаьш аьлла, хьесап дина кхело. И бохург ду, процессуалан низам дохор тидаме эцна ца Iаш, суьдхочо толлур ду гIуллакхан хьелаш а. Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело тIеэцначу сацамна арз динера Тухаевас, ша кхеле кхайкхина цахиларна, иза юхаэцар а доьхуш. Тухаева Жанетин хиллачу хIусамдас Ибаев Руслана иск яьккхинера кхунна дуьхьал... Читать дальше...

Блогерна Абдурахмановна дина тIелатар листина бевлла кхелахой

Radiomarsho.com 

Европехь вехачу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона динчу тIелатарх гIуллакх листина дели шведахойн кхелехь. Блогеро шен телеграм-каналехь ша бинчу хаамца, дIаяьхьначу кхелан-медицинан экспертизано тIечIагIдина тIелетта Мамаев Руслан а, цуьнан декъахо Шапиаева Эльмира а кхетам чохь а хилла, шайгара даьллачух жоьпе озон йиш а ю аьлла. КарабогIучу Дечкен-баттахь кхелахоша бовзуьйтур бу шаьш бина сацам. Абдурахмановс бахарехь, прокуроро мел лахара а итт шо хан ехна киллерна, ткъа цуьнан декъашхочунна бархI шо. Читать дальше...

ТIаьххьара 12 сахьт - цхьаболу хиламаш

Radiomarsho.com 

Куьршала кIоштахь полисхошна тIелатар дина Куьршала кIоштахь ницкъаллийн структурийн белхахоша талламбан дагахь буьйсанна сацийначу машенчуьра бевзаш боцучу наха граната кхоьсина хилла аьлла, яздо "Интерфакс" агенталло, шайн хьостана тIетевжина. ТIелатар динарш байина, уьш муьлш хилла толлуш ду карарчу хенахь. "Куьршала кIоштахь буса хилла ю и инцидент. Талламаш бечу хенахь автомобиль сацийнера. Кехаташ гайта аьлча, полисхой болчу агIор оьккхуьйтург ластийна хиллера цара", - дийцина "Интерфакс" агенталле. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Полина Михайлова

Россиянка Полина Михайлова стала чемпионкой Франции по настольному теннису






Аркадий, ты где?

«Муфаса: Король Лев»: компания Disney готовит к показу новый фильм

РИА Новости сообщило о взрыве в общежитии РУДН в Москве

Коды 250 и 550 появятся на автомобильных номерах в Московской области