Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 28.12.2020

Соьлж-ГIалахь ши полисхо вийна. ТIелеттарш байъина ницкъахоша

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалин юккъехь герзаш диттина аьлла, хааме даьккхина оршотан дийнахь Mash Telegram-канало. Цуьнан информацица, Машаран ураме дIавоьрзучохь кхийса долийра герзаш. Дийцарехь, полисхошна дина тIелатар ду иза. Baza телеграм-канало яздо, полицин белхахошна тIелеттачеран карахь уьрсаш хиллера, бохуш. Цаьргара герз даккха гIоьртинера уьш, дуьхьало йина вийна тIелетта шиъ. Вийна иштта ППС-н ши белхахо а. IАДАТ телеграм-каналан хьасташа бинчу хаамца, тIелеттачех цхьаъ дийна ву. Цигахь яьккхинчу видео тIехь гайтарца, лазийна ву иза.

"Кадыров къастор башха товш дац"

Radiomarsho.com 

Кхечу регионийн куьйгалхоша бечу балхаца дуьстира Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хIора шарахь хIотточу пресс-конференцехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Гергарчу Малхбалехь хьоьгуш долу къа. Путине хаттар делла нохчийн журналисташ цуьнгара кхечу жоьпе сатуьйсуш хиллачух тера дара.

ТIехь ницкъбина шен хIусамда вийнарг хенал а хьалха маьршаваккхарна латкъам бина ГIалгIайчуьрчу яхархочо

Radiomarsho.com 

Къизаллаш лелорна кхел йина хилла ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран хилла хьаькам Хамхоев Тимур юха а колони вахийтар доьху  Долиев Мохьмадах йисинчу зудчо. Кху деношкахь, тоьхначу хенал а хьалха (УДО), араваьккхинера иза. Хамхоев набахтера аравоккхуш кхело бинчу сацамна апелляцин арз чуделла Долиева Марьяма. Долиевн гергарчаьрга, иза маьршаваккхарх кхело сацам тIеэцначул тIаьхьа бен хаийтина цахилар а, иштта иза къиза зулам дарна чувоьллина хилар а билгалдоккху зудчо шен кехата тIехь. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу 629 вахархочунна маха тоьхна коронавирусана дуьхьал

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу 600 сов вахархочо коронавирусан инфекцина дуьхьал мехий деттийтина, яздо REGNUM агенталло. Бу уш медицинан белхахой а, хьехархой а, иштта адамашна даха хьелаш латточу организацийн белхахой а аьлла, хаам бина махкарчу могушалла Iалашъяран министралло оршотан дийнахь. "Вакцинацех чекхбевллачарех цхьа а ца велла, я церан могушаллина хилла зен а дац", - аьлла ду инстаграмерчу официалан аккаунтехь министралло бинчу хаамехь. "Мехий тоьхначул тIаьхьа дикачу хьолехь бу берриш а. ДегIана зене дерза тарло маха тохар... Читать дальше...

Коронавирусах лаьцна Уханера репортажаш йинчу журналистана набахтехь яккха хан тоьхна Китайхь

Radiomarsho.com 

Ухань гIалахь коронавирус гучуяларх Чиллан-баттахь хаамаш Iорабаьхначу журналистана набахтехь яккха хан кхайкхийна Китайхь. Яздо цунах лаьцна Азаттык Радионо. Видеороликаш дIаязъеш, уьш интерентехь яржош хилла 37 шо долчу Чжань Чжана. COVID-19  вирус гучуяьллачу хьалхарчу деношкахь гIала ун сацон гIертачу юкъанна, видео тIехь гойтура юьзна дарбан хIусамаш а, крематореш а. Вирусан эпицентрера репортажаш ярна набахтехь даккха диъ шо хан кхайкхийна, хьалхо юристан болх бинчу журналистана аьлла цуьнан адвокато. Читать дальше...

53% дайша-наноша дIехьедо, цIахь доьшу шайн бераш дешарна тIаьхьадуьсу аьлла

Radiomarsho.com 

"Актион Образование" сервисийн тобанна тIетевжина, хаам бо РБК ангенталло, дешаран программина бераш тIаьхьадуьсуш хиларх 53 процент дайша-наноша дIахьедина хилар лаьцна. Кхо эзар сов стага жоьпаш делла бинчу хаттамехь. Бу царалахь 1,6 эзар гергга школийн директорш а, церан гIовсаш а, иштта Оьрсийчоьнан 65 регионера 1,4 эзар да-нана а. Школийн куьйгалхой реза ца хилла дайша-наноша дIахьедечуьнца. Хеттарш динчу 47 процент директорша дIахьедина, кIеззиг дешархой бен бац тIаьхьабуьсуш кху шарахь, ткъа хIора пхоьалгIачо (22%) чIагIдо... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь: 24 дархо велла ковидах, ун даьлла 1 283 стагана

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла коронавирусах 24 пациент, ун даьлла 1 283 стагана. Оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь 12 стаг велла, Ставрополан махкахь пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а шишша, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а цхьацца стаг велла уьнах. Пандеми марсаяьлчхьана кхелхина Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах 5 759 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш, тIаьххьарчу 24 сахьтехь билгалдаккхарца, Ставрополан кIоштахь – 245 стаг. Читать дальше...

ГIалмакхой махках баьхна 77 шо кхечи

Radiomarsho.com 

"Бандититалла лелорна а, Советан режимана дуьхьал латтарна" а бехкебина гIалмакхой Сибрех хьовсийна 77 шо кхечи. ГIалмакхойчоьнан АССР дIайохош а, бахархой махках бохуш а омра дира 1943-чу шеран ГIуран-беттан 27-чу дийнахь. ГIалмакхойчоьнан массо а кIошташкара нах аьчган некъан станцешка а лаьхкина, цигахь вагонашка ховшийра. Ши бутт хьалха оццу вагонашкахь депортаци йинера кхарачошна а. Ерриг а вовшахтоьхнарг 46 эшелон яра, царна чохь дIавигира 93 139 стаг (26 359 доьзал). ГIалмакхой дIакхалхийра Алтайн а... Читать дальше...

Песков: коронавирусана дуьхьал маха тохийта дагахь ву Путин

Radiomarsho.com 

Коронавирусана дуьхьал йолу «Спутник V» вакцина яйта дагахь ву шена Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир аьлла, дIахьедина Кремлан официалан векало Песков Дмитрийс дахначу кIирандийнахь. Азаттык Радионо бина и хаам. Де хьалха Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министралло 60 шарал тIехбевллачу бахархошна магийна пачхьалкхехь кечйинчу вакцинах пайда эца. Министраллан дIахьедарца, оцу хенара болчу нахана юкъахь 90 проценте ю оцу молханан эвсаралла. Путинан 68 шо ду. Карарчу беттан 17-чохь хиллачу пресс-конференцехь Путина элира... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Касаткина проиграла Путинцевой и не смогла выйти в 1/4 финала турнира WTA в Мадриде






В столичных кафе предложат особое меню в рамках проекта «Московский завтрак» - Сергунина

Мир! Труд! Май! И ныне, и присно, и во веке веков

Двухлетний ребенок выпал с 7 этажа на улице Корнейчука

Шойгу призвал повысить объёмы поставок вооружения и техники в армию