Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 22.12.2020

Оьрсийчохь доьхку эскархочун, ФСБ-н, полицин белхахочун дахарх, бахамах лаьцна яздан

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо къобалдина оперативан-талламан болх бийца а, ницкъхойн дахарх лаьцна информаци яржор а доьхку низам. Мегаш дац оцу белхахойн а, эскархойн а дахар хьахо, церан хьал довзийта, хаамбо "Карарчу Хено" ("Настоящее время"). Пачхьалкхо оцу кепехь Iалашбан къастийначийн го шуьйрра бу: эскархой, кхелахой, прокурораш, полисхой, ФСБ-н белхахой, Росгварди, Талламан комитетан белхахой, арахьара хьал толлу иччархой. ХIинццалц лелачу низамо доьхкура и тайпа информаци яржор, нагахь... Читать дальше...

Хангошвили верна – санкцеш, нераш хьекха – 58 миллион сом, тIом барна – 12 шо

Radiomarsho.com 

Хангошвили Зеламха верна Оьрсийчоьнна санкцеш дуьхьалйохур ю Германино; Нохчийчоьнан министрийн кабинетна гонахара нехаш яха къастийна 58 миллион сом; Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна 12 шо хан тоьхна

Юшаев Султан

Radiomarsho.com 

Мыльников А.А. живописец, народный депутат СССР

Нохчийн тутмакх хIаллакьхьулуш ву набахтехь

Radiomarsho.com 

Полисхо а вийна, зуламхойн тобанехь а хилла аьлла, 2002-чу шарахь Ростов гIаларчу Къилбан гонан тIеман кхело бехкевира 18 шо долу нохчо Дахтаев Iалбек. Шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха 25 шо хан тоьхна цунна. Мурманскерчу ИК-17 колонехь латточу цунна тIехь ницкъбо, сийсазво иза. Дахтаевс бакъоларъярхошка дIахьедина, набахтен хьаькамаша ша низамаш дохадо бохуш, харцо лелайо шеца, ша готтачу камери чохь латторхьама, аьлла.

"Синтеме хьал ду". Терроризмца къуьйсучу Кадыровн кепашца хIун ца тов

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 15-чу дийнахь шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира, ТIехьа-Мартанан кIоштахь дIаяьхьначу леринчу операцехь гIаттамхойн могIаршкахь хилла Байдулаев Казбек вийна аьлла. Кхузахь тамашен хIун дара аьлча, ши бутт хьалха а вийна аьлла, изза Байдулаев дIакхайкхийна хилар. Байдулаевн сурт а цхьана шен постехь зорбане даьккхинера Кадыровс. Оцу тIехь бечу хаамца, 2012-чу шарера схьа дуьйна лехамашкахь хиллера иза. "Регионера хьал кIорггера тхайн тергонехь латтош ду оха... Читать дальше...

31 стаг велла, кхин а 1295 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса 31 пациент д1аваьлла Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь. Коронавирус лаьцна кхин а 1295 стага. Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабо бен хаам. Краснодар-мхкахь велла уьнах 14 вахархо, Ставропол-махкахь - 7, Дагестанехь - 6, ГIалгIайчохь - кхоъ, Нохчийчохь - 1.  Ерриг регионехь COVID-19 цамгарх велларг 4300 вахархо ву, боху Iедалан статистико. 24 сахьтехь а, юхьанца схьа а цомгуш хиллачех йолу Къилбаседа Кавказера статистика: Ставропол-мохк... Читать дальше...

Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна 12 шо хан тоьхна

Radiomarsho.com 

Ростоврчу тIеман кхело Даудов Асланна 12 шо хан тоьхна набахтехь яккха 1995-чу шарахь Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна, хаам бо "Интерфаксо". Талламо бахарехь, нохчийн тIеман баьччин Басаев Шемалан тобанца закъалтхой лоьцуш а, латтош а цо дина "терроризм" олу зулам, декъахь хилла адамаш дойъучу операцин. Даудов къерахилла ша масех зулам дарна – бандитизм, стаг вадор, терроран тохар дар, ша дийриг а кхетош, адамаш дайъарна, аьлла бу кхелан сацам. 1995 шарахь Басаев Шамал коьртехь волчу... Читать дальше...

Пресса:Хангошвили Зеламха верна Оьрсийчоьнна санкцеш дуьхьалйохур ю Германино

Radiomarsho.com 

Хангошвили Зеламха вер толлу кхелозулам Оьрсийчоьнера хилар къаьстийна яьллачул тIаьхьа Германин Iедало санцеш йохур ю Кремлна дуьхьал, хаам бо Lenta.ru интернет-газето, германхойн Der Spiegel журнална тIе а тевжаш. "Iедалерчу хьасташа дуьйцу, Тиргартенехь стаг верца боьзна кхелан сацам арабаьллачул тIаьхьа Европан Бертаца цхьаьна керла санкцеш арахеца езаш хиларх лаьцна", — яздо газето. ТIедогIучу шеран Зазадоккху-баттахь бан беза Хангошвили вер толлучу кхело шен сацам. Стохка Марсхьокху-беттан... Читать дальше...

Нохчийчоьнан министрийн кабинетна гонахара нехаш яха къастийна 58 миллион сом

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан министрийн кабинето тендор кхайкхийна шена гонахара нехаш дIайохург. "Акценты" ресурсо бечу хаамца, аукционан юьхьанцара мах бу 58,2 миллион сом. Пачхьалкхан контракт кхочушдечо цIано латто еза гонах (4,1 млн кв. м.), йила еза цIенойн лардаш, кораш, дIакхехьа еза нехаш, бордюрашна а, некъан тIулгашна а хьекха деза басарш, кира. Довш лаьттачу кху шарахь, йохк-эцаран сайто бахарехь, и тайпа белхаш министрийн кабинетна гонах барна 52 миллион сом ду луш Соьлжа-ГIаларчу "Заря" фирманна. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова и Павлюченкова вышли в полуфинал турнира WTA в Мадриде в парном разряде






Собянин рассказал о строительстве моста через Москву-реку у Берегового проезда

Мир! Труд! Май! И ныне, и присно, и во веке веков

Овсянница, лаванда и тысячелистник: самые некапризные цветы для посадки в мае

В должность вступил новый хоким Мархаматского района