Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Лаа дуй, Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьттинчийн цIерашца Нохчийчуьра кIошташ хийцар?

0
Лаа дуй, Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьттинчийн цIерашца Нохчийчуьра кIошташ хийцар?

Соьлж-ГIаларчу кIоштийн цIераш хуьйцуш ю Кадыров Ахьмадан а, Висаитов Мовлидан а, Бенойн Байсангуран а, шейх Мансуран а цIераш а тохкуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инициативана тIетовш долийна хIума ду иза. Карара шо долалучу хенахь хьехнера цо Ленинскан а, Заводан а, Старопромыслан а, Октябран а кIоштийн цIераш хицар нохчийн турплахойн цIеращца. Таханалерачу Iедалхоша муха кхетадо- те  "турпалалла" бохург? Стенца доьзна ду-те цIераш хийца дагадеанчу наха Оьрсийчоьнан импперина дуьхьал тIемаш бинчу нахе шайн ларам хилар лечкъа цадар - Байсангур а, шейх Мансур а?

Москвана цхьа кхайкхам бар ду-те иза?  Я Кремлан пурбанца арадаьккхина гIуллакх ду, къастийра Кавказ.Реалиино.

Цкъа хьалха къастор вай ма-дарра, лакхахь хьахийна нохчийн къоман кIентий муха гоьбевлла бу а, церан сий деш а, уьш бицбалийта а тахана Нохчийчоьнан коьртехь болчу Iедалхоша дийриг а.

Шейх Мансур (Ушурма) Къилбаседа Кавказан дуьххьара имам лаьттина ву. 18-чу бIешерашкахь ламанхойн халкъан боламан куьйгалла дина ву иза.  1791-чу шарахь Анапа гIап дIалаьцначул тIахьа каравахара иза. Шен тIаьххьара денош текхна цо Шлиссельбурган гIопахь. 

2020-чу шарахь цигарчу набахтехь хилира Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь, Кадыровн тIедилларца.

Лахьан-баттахь шатайпа дагалецира шейх Мансур Нохчийчохь: Куьршаларчу берийн центрерчу пена тIехь цуьнан сурт диллира Marvel комиксан турпалхойн метта.

Оцу юкъанна хьахон догIу, хьаькамаш реза бац Соьлж-ГIалин аэропорто 1990-чу шарера 2000-чу шерашка кхаччалц лелийна шейх Мансуран цIе юха а карлаяккха. 2000-чу шерашкахь шейх Мансуран цIарах техкина урамийн а, Соьлж-ГIалин коьртачу шахьарерчу майданан а, скверийн а цIераш а хийцира Iедалхоша.

19-чу бIешерашкахь гоьваьллера Бенойн Байсангур Кавказан тIамехь дакъалоцуш, имам Шемалан наиб вара иза.

Шемал каравахначул тIаьхьа а дуьхьало латтийра цо оьрсийн эскаршна.

2018-чу шеран Зазадокху-баттахь Ярык-су олучу эвлахь Байсангуран коша тIехь цуьнан безамна стела хIоттийра. Кадыровн тIедилларца, цуьнан сурт а карладаьккхира Куьршаларчу берийн цIийнехь пена тIехь дехкинчу Американ Капитанан а, Человек-паук олучу турпалхойн а суьртийн метта.

Висаитов Мовлад - ШолгIачу дуьненан а, Германина дуьхьал а хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна ву. Орденаш а яьхна, тIамера иза даймахка вирзича, шен гергара нах ца карийра цунна бухахь: 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а махках баьхнера Сталин Иосифан омраца, "мостагIий" бу аьлла, цIе а кхоьллина.

Советан заманан Турпалхо вира цунах иза веллачул тIаьхьа, 1990-чу шарахь.

Кадыров Ахьмад - Нохчийчоьнан куьйгалхочун да ву. 1990-чу шерашкахь муфтий волчу цо Оьрсийчоьнна дуьхьал тIаме  джихаде кхайкхира нохчийн бахархой. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь Кремлехьа вирзира иза, цара хIоттийра иза Оьрсийчоьнан субъектан куьйгалле 2000-чу шарахь.

2004-чу шарахь Соьлж-ГIалахь динчу терактехь вийра иза. Тахана цуьнан цIарах иттанаш объекташ ю республикехь а, цул арахьа а, ю царлахь КадыровгIар схьабевлла эвла а. 

Ткъа меттигерчу динан дайша иштта кхетаво, хIунда декхаре бу Нохчийчоьнан бахархой "Ахмат -сила" баха.

"Кадыров Ахьмад -турпалхо вац, - дIахьедо Кавказ.Реалиица динчу къамелахь бакъоларъярхочо Ахъядов Iийсас. - Шейх Мансур а, Висаитов Мовлади а, Бенойн Байсангур а - уьш турпалхой бу. Ткъа мила ву церан цIераш тахка лууш кIошташна? Уьш боьхкинарш, церан лаамаш а, идейш а, некъ а хийцинарш. Колонизаторех Iалашдина цара нохчийн къам. ХIорш тахана нохчийн къам декъа гIерта идеологин планехь.

Царна бIаьргаван ма ца веза шейх Мансур а, Бенойн Байсангур а, Висаитов Мовлади а. Сталинах дозалла муха до цара, нагахь санна, шаьш Висаитов лоруш белахь?

Чоьхьарчу гIуллакхийн министран кабинет чохь Сталинан бюст ма ю латтош".

Билггал, Алхановн белхан стоьла тIехь гайтира Москвара веанчу цхьана хьешана Советан Iедалан баьччан Сталин Иосифан бюст. Цецваьллачу корреспонденто хотту цуьнга: "Хьо нохчо ма ву, хьан стоьла тIехь хIара тайпаниг муха мегар ю?" Жоп лучу меттана хьаставаларца журналист маравуллу Алхановс.

"Шайн ма-хуьллу шаьш даздан гIерта уьш"

Берийн центрехь шейх Мансуран сурт диллар, амма цуьнан цIе дIаяйар шахьаран объекташкара. Нохчийн муфтийн  Межиев Салахьан дуьххьарлера Къилбаседа Кавказан имам латтийначу набахте бIаьргтоха вахар, амма ца воьду иза Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьал тIом бина, тахана набахтешкахь латточаьрга хьажа.

Висаитов Мовладин ларам бар, иштта, шайн къоман кхоалгIа дакъа хIаллакдинчу Сталинах дозалла дар а. Байсангуран сийнна стела хIоттор а, Кадыров Ахьмад вазван гIертар а. ХIун гойту оцу масалша?

"КIоштийн а, урамийн а, яртийн а цIераш хийцар, Marvel комиксан турпалхой хийцар а цхьана Iалашонца деш ду - билггал къоман турпалхой болчу цаьрца цхьана могIарехь ша а, шен а да хьалхататтан лаам хиларца,- дуьйцу Кавказ.Реалиига оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. - Цхьа маниакалан лаам бу-кх и: ша а, шен да вазван гIертар, нахе шаьш турпалхой санна тIеэцийта хьийзаш. Шайн цIераш оцу леларшца тIаьхьарчу тIаьхьенна а яха йита гIерта уьш. Цундела берийн бошмашкахь а цхьана билггал болчу турпалхойн суьрташ дIаоьхкина цара, цаьрца цхьана Кадыров Ахьмадан суьрташ а цхьана. КIошташца лелориг а изза ду. Ленинан кIошт Ахматовн кIошт хир ю? Боккъал а оцу кепашца ша а, шен да а вазвалур ву, наха шаьш турпалхой санна тIеоьцур ду аьлла, билггал тешаш бу уьш".

Шейх Мансур а, Байсангур а турпалхой санна тIеэцар - нохчийн исторехь дуьхьало латтийна нах ларар ду-кх, делахь, билгалдоккху Ахъядов Iийсас.  ХIетте а,  таханалерачу Нохчийчохь дош аьлла, вистхила йиш яц маршонех, суверенитетех.

Iедална дуьхьал социалан машанашкахь дош аьлларг лачкъавой, дIавуьгий, нахана хьалха дIа а хIоттавой, сийсазво, шишана тIе хаавой, я аьллачух гечдар доьхуьйту видео дIаязъеш. Дайша неIалташ кхийкхадо шайн берашна, дийнна доьзалаш махках боху.

Цуьнга ладоьгIча, блогер тешна ву, Кадыровс а, цуьнан гоно а лелораш кепаш ю аьлла. Нохчийн къоман бакъболчу турпалхойн шаьш сий до моттийта хьийза уьш. Кремлан интересашкахь лелош хIума ду: Оьрсийчоьнан Iедална нохчий муьтIахь бан гIерташ.

Москвано мел дукха ахча дайъарх, нохчашна турпалхой ца хета цара кочабухку нах - Кадыров а, Даудов а, Делимханов а. 

"Оьрсийчоьнан Iедал, шена Байсангур а, Шайх Ушарма а, кхиберш а ца безахь а, кийча ду озабезам бан, цхьацца меттигашна цIеран цIерш техкийта – оцу кепехь йо цо шен дуьхьало тахана бевллачу турпалхошна, нохчийн къам маршоне гIерташ къастаеллачу тIеман-политикан карарчу заманан историна дуьхьалоярхьама", - аьлла ю Ахъядовн позици.

Тамашен ду, Соьлж-ГIалин кIошташ цара билгалъяхар цIераш хийца дагахь, уьш ю Ичкерин Iедалхоша тоххара хийцина хилларш. Коьртачу шахьарна 1990-чу шарахь тиллинера Джохар цIе (Нохчийн Ичкерия Республикан  хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран цIе). ТIаьхьо Соьлж-ГIалин кхаа кIоштана техкира Ичкерин кхечу куьйгалхойн цIераш. Веллачул тIаьхьа Яндарбиев Зеламханан а, Масхадов Асланан а, Садулаев Iабдул-Хьалиман а.

***

Бхархошка хеттарш дан йолаеллера Соьлж-ГIалин мэри, шахьарна чуйогIу кIоштийн а, яртийн а цIераш хийцаран хьокъехь. Карарчу беттан 25-чу дийне кхаччалц дIахьош бара харжамаш. Бахархошлахь йоькъучу анкетица а догIуш, реза хилар хоьтту Ленинан кIоштах Ахматан кIошт ян, Старопромыслан кIоштах – Висаитовн (Висаитов Мавлид – СССР-н турпалхо), Октябран кIоштах - Байсангуран (Бенойн Байсангур - 19-чу бIешарахь нохчийн тIеман хьалханча а, Имам Шемилан наиб а хилла ву), Заводан кIоштах – Шайх Мансуран (Мансур ву Къилбаседа Кавказан хилла имам).




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus



Новые вызовы и обеспечение технологического суверенитета квалифицированными кадрами обсудили в Москве

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

"Возрождение интереса к народному искусству и ремеслам в современном мире"


Туристов из каких российских городов больше всего любят в Турции и Египте: россиянка поняла, каких русских там больше всего ждут

C 20 по 26 мая 2024 года проходит Неделя профилактики заболеваний эндокринной системы

Каскадная лестница из мрамора

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)


AML check crypto

Glen Powell’s parents crash Texas movie screening to troll him

Gunmen open fire and kill 4 people, including 3 foreigners, in Afghanistan's central Bamyan province

Ballroom culture coming to the Long Beach Pride Festival


Старый Гоор.

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

АО «ДиМ» демонтировало 40% старого путепровода над железнодорожными путями

На западном объезде Южно-Сахалинска забивают сваи моста через реку Владимировка


Always keep backups: an 'unprecedented' Google Cloud debacle saw a $135 billion pension fund's entire account deleted and services knocked out for nearly two weeks

Five new Steam games you probably missed (May 20, 2024)

Sea War: Raid 1.131.0

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



"Возрождение интереса к народному искусству и ремеслам в современном мире"

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» УЛУЧШАЕТ ЗАКОНЫ, управляет патентами и улучшает командное планирование в целях учёта интереса всего народа.




Открылся прием заявок на регистрацию компаний Москвы в зарубежных маркетплейсах

Что там в IT: ИИ-отрыв Google, ChatGPT почти человек, отечественный BIOS

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.

Священник из Бибирева играет в футбол с сыновьями и жмёт штангу


Свыше 6,6 тыс голосований прошло за 7 лет в столичном «Активном гражданине»

Охрана и безопасность. Как роботы и дроны работают на спортивных объектах?

Мюзикл о городе в Театре Сатиры

Юные подмосковные футболисты победили в финале турнира «Будущее зависит от тебя» в Сочи


Теннисисты Роджер Федерер и Рафаэль Надаль стали лицами рекламной кампании Louis Vuitton

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Шнайдер вышла в финал турнира WTA-125 в Париже, обыграв Грачёву

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP


Пройдёт Международный конкурс имени Айталины Адамовой

В России состоялось первое публичное обсуждение изменений налоговой системы

Фестиваль «Город танцует в парках» прошел в Шатуре

Военный изнасиловал туристку в Греции и подал на нее в суд


Музыкальные новости

«Просто не афиширую»: куда пропала Волочкова с театральной сцены

Создание Сайтов. Создание веб сайта. Создание сайта html. Создание сайтов цена. Создание и продвижение сайтов. Создание сайта с нуля. Создание интернет сайта.

Звезде ТНТ Марине Кравец исполняется 40 лет

Бутман и Агутин выступят на фестивале «Ангара-джаз» в Иркутске



«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» УЛУЧШАЕТ ЗАКОНЫ, управляет патентами и улучшает командное планирование в целях учёта интереса всего народа.

Творческие способы использования мозаики из стекла в дизайне интерьера

"Возрождение интереса к народному искусству и ремеслам в современном мире"


Маркетологи рассказали, что влияет на популярность компании в 2ГИС

Активиста Булатова оштрафовали на 50 тысяч рублей за дискредитацию армии

Легенда "Спартака" Ловчев: немного перестал уважать Галицкого за отставку Ивича

Наследие Шаляпина и Рахманинова представили на выставке-форуме «Россия»


Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о строительстве и модернизации автомобильных дорог

Онлайн-продажи автомобилей Citroen калужской сборки стартуют в России

В Брянскую область не пустили пчел из Беларуси

Запорожская область становится флагманом импортозамещения в России


Глава МИД КНР Ван И заявил, что Пекин ценит позицию Москвы по Тайваню

«Газпром-Медиа» и Медиакорпорация Китая подписали соглашение о сотрудничестве

Владимир Путин попросил передать послание духовному лидеру Ирана

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.


«Продукт эволюции»: чем опасен новый штамм COVID-19 FLiRT и насколько он заразен

Светлану Немоляеву госпитализировали с COVID-19 в Москве




Как быстро оформить медицинскую справку в Москве

Врач Тяжельников предупредил, кому стоит быть осторожней с черным чаем

В Москве завершился Всероссийский форум «Здоровье нации – основа процветания России».

Осторожно ВПЧ! Доктор Кутушов рассказал от чего появляются папилломы на теле


Зеленский заявил, что обеспокоен заявлениями республиканцев в США


Росгвардейцы обеспечили правопорядок во время футбольных матчей в Москве

В полуфинале конкурса «Это у нас семейное» в ЦФО победили 74 семьи

Охрана и безопасность. Как роботы и дроны работают на спортивных объектах?

Бились лопатами, палками и бейсбольными битами: Мигранты устроили массовую драку в Новой Москве


Президент Камеруна получил послание от Президента Лукашенко



Собянин: Проект "Активный гражданин" помогает делать Москву лучше

Собянин рассказал о развитии инновационной экосистемы Москвы

Собянин объявил о запуске масштабного фестиваля "Лето в Москве. Все на улицу!"

Собянин: На ВДНХ открылась экспозиция об истории цифровизации Москвы


Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о достижениях национальных целей по экологии

В Московской области сотрудники Росгвардии присоединились к ежегодной экологической акции «Наш лес. Посади свое дерево»

Ежемесячную денежную выплату получают более 1,6 млн пострадавших от радиации

Собянин рассказал о развитии инновационной экосистемы Москвы


Пройдёт Международный конкурс имени Айталины Адамовой

В России состоялось первое публичное обсуждение изменений налоговой системы

Мюзикл о городе в Театре Сатиры

Премию Фета получил поэт из Югры


Байкеры Архангельска открыли мотосезон

Истории жителей Поморья представили в семейном мюзикле в Архангельске

В Архангельске назвали лучшие любительские творческие коллективы Северо-Запада

Еженедельный вестник катастроф


Выставка славянских истоков «В бессмертье уходит всеведенье литер простых»

Театр и Культура, Россия и Дети: 15 мая театр кукол Ульгэр представил спектакль «Мүнгэн мүшэдүүд» в стенах Художественного музея для первых классов гимназии №29 Улан-Удэ

Премию Фета получил поэт из Югры

Литературный монолог «По праву памяти», к 105-й годовщине со дня рождения А.С. Крупнякова, советского и российского писателя.


Дома жителей Краснодарского края затопило из-за разгула стихии

Джикия попал в число 11 лучших игроков 29-го тура РПЛ

Активиста Тимура Булатова оштрафовали за дискредитацию ВС РФ

В России увеличился размер среднего штрафа ГИБДД












Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру






Пройдёт Международный конкурс имени Айталины Адамовой

Юные подмосковные футболисты победили в финале турнира «Будущее зависит от тебя» в Сочи

В России состоялось первое публичное обсуждение изменений налоговой системы

Военный изнасиловал туристку в Греции и подал на нее в суд