Хасаров ШаIрани. Заза хилла вага воллу
Заза хилла вага воллу
Ялта лучу ялтин буьртиго
Адамашна хаза эшарш лоькху.
Воккхаверца, шен йиш локхург цо,
Юх- юха а стага къа а хьоьгу.
Вара стийнах воккхавуьйра и
Оьшуш мел дерг хилча кера юьккъехь?
Мерзачуьнца къаьхьчу чоман зил
Буьссуш меттиг йогIу кху дуьнентIехь.
Синтем хадош тоьхча воно ков.
Нахана ца бийриг шеха бала,
ДогIуш долчу диканна а тов
Эца пайда хиларна шех наха.
Со хIун ю ткъа хIокху дуьненчохь?
Динарг хестош, тIаккха бехкаш дохуш,
Дегнийн малхо кхион синтар ду - кх,
Орам кIаргбеш, генаш самадохуш.
Заза хилла вага воллу со .
Цхьаннан цIенчу дагчу вижа воллу.
Хийца ца лахь кху дуьненна со
КIохцал хилла когах ваха воллу.
1984 ш.