Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Ахматан кIошт хир ю Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштах

0
Бахархошка хетташ дан йолаелла Соьлж-ГIалин мэри, гIалина чуйогIу кIоштаийн а, яртийн а цIераш хийцар хьокъехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Оцу хькъехь кехаташ дIасадала долийна Соьлж-ГIаларчу бахархошна юкъахь.




Цаьрга харжа кховдийна и цIераш, ткъа луучунна аьтто бина шен вариант тIеязъян.


Анкетица а догIуш, реза хилар хоьтту Ленинан кIоштах Ахматан кIошт ян, Старопромыслан кIоштах – Висаитовн (Мавлид Висаитов – СССР-н турпалхо), Октябран кIоштах - Байсангуран (Бенойн Байсангур - 19-чу бIешарахь нохчийн тIеман хьалханча а, Имам Шемилан наиб а хилла ву), Заводан кIоштах – Шайх Мансуран(Мансур ву Къилбаседа Кавказан хилла имам).  


Таллам беш хиларх лаьцна хаам гучубелира Соьлж-ГIалин мэрин инстаграмехь. Цу тIехь аьлла ма хиллара, оцу юкъахь дакъалоцур ду харжаман бакъо йолчу гIалин лаххара а ах бахархоша.



Кхушара Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедожийра Соьлж-ГIалин мэрана Закриев Ибраьхимна  гIалин кIоштийн а, гIалин поселкийн а цIераш хийцар. Кадыровн омрица Октябран, Старопромыслан, Ленинан, Заводан кIошташна тахка езаш ю, ц ома аллара, "нохчийн халкъан сий долчу кIентийн" цIераш а тохкуш.
Хаьлхо, "халкъан дехарца", КадыровгIар бехачу Хоси-юьртан цIе хийцира "Ахмат-Юрт" аьлла.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса