ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 21.06.2021

Кадыровна критика йийраш бойъур бу, боху "Грозный" телеканалан директора

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиса къамел дина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн а , мостагIий а хьокъехь. Инстаграмехула яьржинчу видео чохь Ахмадовс боху, ша - "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентаца Кадыров Рамзанца ву", "нагахь санна цхьаъ вен эшахь, вен вогIуш иза велахь, вуьйр ву. Етта езахь, еттар а ю цунна, дош ала эшахь, дош а эр ду цуьнга". "Кадыров Рамзанан мостагI нохчийн къоман мостагI ву", иштта шен мостагI а ву, боху телекомпанин директора. Читать дальше...

Арахь токху хан тоьхна Краснодар-махкарчу ИК-9 набахтин белхахочунна

Radiomarsho.com 

Апшеронан кIоштан кхело сацам кхайкхийна ИК-9 набахтин белхахо лаьттинчунна дуьхьал, хаам бина кIоштан администрацино шен официалан сайта тIехь.  Иза бехкевина, низам а дохош, алссамчу барамехь наркотик лелорна. Талламна цуьнгахь карийна хилла 3 кийла марихуана. Оцу бахьаница кхело диъ шо хан кхайкхийна цунна, амма и хан а цIахь-арахь токхур йолуш. Лермонтов гIаларчу кхело оццул а, оцу кепара а хан туьйхира къола дарх шеко йолуш лаьцначунна еттарна. Оццу хенахь 7,5 шо хан набахтехь такха тоьхна... Читать дальше...

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 23 стаг. Цомгуш хилла кхин а 398

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 22 пациент, цомгуш хилла ву кхин а 398. Iедалан статистико гайтарехь, Краснодар-махкахь COVID-19 кхетта 12 стаг кхелхина, Адыгейхь – кхоъ, Ставропол-махкахь а, ГIалмакхойчохь а – шишша, ГIеберта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а – цхьацца.   Къилбаседа Кавказехь берриг а пандемин муьрехь уьнах велла 11 011 стаг. Краснодар-мохк бу уггаре дукха нах коронавирусах белла, массанхьачул лахара ду и терахь ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а. Читать дальше...

Краснодар: совгIатанна лучу ахчанех бохур бу коронавирус кхетта даржхой

Radiomarsho.com 

Вакцинаци йина а боцуш, коронавирус лацахь, болх дика барна баттахь а, шарахь а лучу ахчанах бохур бу коронавирус лаьцна Краснодаран администрацера даржхой. Иштта ду кIироанах цкъа хуьлучу аппаратан кхеташонехь гIалин мэра Первышов Евгенийс дина дIахьедар, яздо "Коммерсантъ" газето. "Вай массо а герггарчу контактехь болх беш ду адамашца, цундела администрацин белхахочо ун нахера лаьцна ца Iаш, ша даржо а тарло. Роспотребнадзоро а, оперативан штабо цкъачунна декхаре ца бо куьйгалхой вакцинаци йина хила... Читать дальше...

Хан тоха мега бер горахIоттийначу Красноярскерчу яхархочунна

Radiomarsho.com 

Красноярскан полицино бехктакхаман гIуллакх долийна 35 шо долчу меттигерчу яхархочунна дуьхьал, цо шен кIантана хьалха бехк ца биллар доьхуьйтуш 9 шо долчу кIантана еттарна. Цунах лаьцна хаам бина мехкан МВД-н урхалло, яздо Свобода Радионо. Мангал-беттан 20-хь цхьана социалан машанехь видео гучуяьллера Карсноярскан яхархочо нуьцкъала кхиаза долу бер шен кIантана хьалха горахIоттош яьккхина. Таллам дIахьуш бу иштта берана тIехIоьттинчу нахаца оцу зудчуьнца вехаш волу стаг латар хьокъехь а. Эшам... Читать дальше...

Америко сакцеш шорйийр ю, нагахь санна уьш кхоччуш эвсара хир елахь

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан администраци Оьрсийчоьнна рогIера санкцеш кхайкхо кечлуш ю оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш даларца доьзна. Оцу хьокъехь дIахьедина кIирандийнахь президентан Джо Байденан Халкъан кхерамзаллехула хьехамча волчу Салливан Джейка. CNN телеканална еллачу интервьюхь Салливана аьлла, Вашингтон лерина яц Оьрсийчоьно динчу зуламашна, кибер-тIелетаршна, харжамашна юкъагIертарна я Навальныйх долчунна дуьхьало ца еш Iан. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн... Читать дальше...

Халкъан гуламна кечлуш ю Соьлжа-ГIала

Radiomarsho.com 

Кхаарин дийнахь, Мангал-беттан 23-чохь, Нохчийн Республикан халкъийн дуьненаюкъара гулам хир бу Соьлжа-ГIалахь, цигахь дакъалоцур ду иттаннаш пачхьалкхашкарчу 5 эзар делегато, хаам бина "Грозный-информ" агенталло. Гуламе еккъа цхьана Туркойчуьра вогIур ву 37 делегат, боху хьасто. Ахтаев Увайсан цIарх долу волейболан цIа къастийна гулам дIабахьа. Нохчийчохь кхушеран Гезгмашин-беттан 19-чу дийнахь Iедалан массо а тIегIанашкахь дIахьонболу харжамаш дага а лоцуш, махкара халкъ глобалан политикан боламашна... Читать дальше...

Эрмалойчоьнан парламентан харжамашкахь тоьлла Пашинянан парти

Radiomarsho.com 

КIирандийнахь чекхбевллачу Эрмалойчоьнан парламентан харжамашкахь тоьлла Пашинян Никола коьртехь волу "Махкахойн барт" парти – 53,92% кхаьжнаш бу цуьнгахьа. Иштта бу пачхьалкхерчу харжамийн коьрта комиссино, кхаьжнаш берраш а багарбинчул тIаьхьа, баржийна хаам. Амма бакъду, оцу партина 0,8% кхаьжнаш ца тоьъна Iедал дуьззина шен декъашхойх дIахIотто, билгалдоккху ТАСС агенталло. ШолгIачу меттехь йолчу "Эрмалойчоь" блоко хIинцале дIахьедина, харжамийн жамIаш нийса дац, аьлла. "ТIаьххьарчу 8 баттахь леллачу хиламашка хьаьжча... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Теннисист Медведев вышел в полуфинал турнира в Майами, обыграв Харри






Главный акушер-гинеколог Подмосковья объяснила успех проекта «Наша женская консультация»

Московские врачи смогут определять патологии позвоночника с помощью ИИ-сервиса

«Рухнет ЖКХ, сельское хозяйство, транспорт»: чем грозит отказ от мигрантов



Сервис GetPayAll обеспечил россиянам возможность продления подписки на сервис по генерации изображений Midjourney