Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 27.06.2021

Набахтин урхаллин белхахочун доьзалера гIишлош дIаяьхна Новороссийскехь

Radiomarsho.com 

Краснодар-мехкан кхело хийцам боцуш битина хьалхарчу инстанцин кхело Новороссийскера 46 миллион сов мах болу гIишлош пачхьалкхан долаерзо бина сацам. Бахаман да бу Пермь-махкарчу тайIарш кхочушдечу федералан урхаллехь болхбечу зудчун доьзал – цуьнга тоьшаллаш гул ца дан делла и хIусамаш эца шена ахча стенгара даьлла. Дуьйцург ду лаьттан дакъа а, цу тIера ши хьешан цIа а – 3000 квадрат-метр. Оцу бахаман мах дуккха а совболу зудчо масийтта шарахь декларацеш хIиттош, ша даьккхина аьлла, гайтинчу ахчанал. Читать дальше...

Кадыров "Цхьааллин Оьрсийчоь" партехула саца воллу шегарчу даржехь

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзана официалехь дIахьедина ша Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже харжавала дагахь хиларх лаьцна. ДоьазлагIа "Цхьааллин Оьрсийчоь" партехула шегара дарж долахь сацо лаам бу цуьнан. Оцу хьокъехь партин махкарчу декъо хIинцале дIаяьхьина конференци, массо а декъашхочо лаьцна Кадыровн агIо. "Кху тIаьххьарчу деношка кхаччалц шеко яра сан харжамашкахь дакъалацарца доьзна. Махкахойн масех процент дуьхьал хилахь а хIоттор яц ас сайн кандидатура, аьлла Iара со. Амма сайн кандидатура дарже йилла... Читать дальше...

Туркойчоь вовшахбоза йоллу Iаьржа а, Мармаран а хIордаш

Radiomarsho.com 

Шоьтадийнахь Туркойчоьно белхаш болийна Iаьржа хIорд Мармаран хIордах бузу харш доккхуш. Пачхьалкхан исторехь уггаре йоккха инфраструктурин проект ю иза. Болх болор даздечу барамехь дакъалаьцна Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Реджепа, хаам бо "Анадолу" агенталло. Хорша цIе хир ю "Истамбул", Босфоро боххьу пайда бохьур бу цо, белхаш берзо дагахь ду туркойн Iедал 2028-чу шарахь. Мах бу юьхьарлаьцначу проектан 15 миллиард доллар. Дукха хенахь дуьйна ши хIорд вовошахбоза лаам бара ЭрдогIан Реджепан. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Вероника Кудерметова завершила выступление на турнире WTA в Мадриде






Житель Подмосковья на кроссовере разбился на трассе в Воронежской области

Кузбасские росгвардейцы написали «Диктант Победы»

Астраханский проект стал лауреатом Международного профессионального конкурса НОПРИЗ на лучший проект – 2023

Собянин: Москва взяла Гран-при премии «Умный город» за цифровизацию горхозяйства