Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 13.06.2021

Минанийн картина дуьхьал Азербайджано 15 йийсархо дIавелла Эрмалойчоьне

Radiomarsho.com 

Ша Эрмалойчоьне 15 йийсархо дIавелла цо шега къовсамехь йолчу Ломан Карабахехь минанаш йоьхкинчу меттигийн карта дIакхачорна, боху Азербайджано. Шоьтан дийнахь, Мангал-беттан 12-чохь, и информаци бакъйина Эрмалойчоьнан премьер-министран декхарш кхочушдечу Пашинян Николас. Цо бахарехь, барт кхочушбина. Ломан Карабахерчу Агдаман кIоштахь минаш йоьхкина 100 эзар меттиг гойту картано, хаам бина Азербайджанан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Гуржийн Iедалхой тоьшаллехь а болуш, Азербайджанан-Гуьржийнчоьнан... Читать дальше...

Дийнахь-буса коронавирусах 23 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 292

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 23 пациент, цомгуш хилла кхин а 292. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 12 стаг. Ставропол-макхаь уьнах кхелхина – 5, Дагестанехь, Адыгейхь – шишша, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 829 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а. Читать дальше...

Кисловодскан мэр скутер тIера охьакхетта. Реанимацехь ву

Radiomarsho.com 

Ставропол-махкарчу Кисловодск гIалин мэр Курбатов Александр некъахьовзаме нисвелла шен скутерца дIасалелачу юкъанна. Операци йина цунна, лоьраша кхераме лору цуьнгара хьал. Кисловодскан мэрна хилла хьовзам бовзийтина Ставропол-мехкан губернатора Владимиров Владимира шен инстаграмехула, "чIогIа вон охьакхетта иза электросамокат тIера", аьлла. Социалан машанашкахула сурт даржийна хилам гойтуш – скутер ю Iуьллуш, цIийш ду некъа тIехь. "Кисловодскан мэраца нисделлачо юха а гойту Оьрсийчохь шалхенаш лелаш хилар. Читать дальше...

Нохчийчоьнан куьйгалло Дагестанера бакъоларъярхой бехке лору Тарамова Хьалимат "ядорна"

Radiomarsho.com 

Дагестанехь, зударийн зуламах ларбечу хIусамехь, къайлаяьлла хилла Нохчийчуьра яхархо Тарамова Хьалимат лаамза дIайигина ши де даьлча йина хиламна комментари. Мехкан куьйгаллина хетарг довзийтина "Грозный" телеканалехула республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада. Хиллачунна цо бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой. "Нохчийчоьнан а, Дагестанан а полицино бертахь, лаккхарчу корматаллица болх бар бахьана долуш, стаг ца вадавайта аьтто баьлла, тешна ду тхо. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Анастасия Потапова

Потапова всухую обыграла Шнайдер в 1-м круге турнира в Мадриде






По следам Тукая: какие места, где бывал великий поэт, сохранились в Казани

В Самаре перед майскими праздниками вырос спрос на палатки и спальники

Почти 330 лифтов заменят в жилых домах на северо-западе Москвы

В Подмосковье выявлено более 110 нарушений правил охоты