Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 28.06.2021

Грецехь тховкIело ехна Нохчийчуьра вахархо вайна даймахка цIа кхаьчча

Radiomarsho.com 

2017-чу шарахь дуьйна Желтойн-махкахь (Грецехь) тховкIело йоьхуш Iийна Нохчийчуьра 41 шо долу Мусаев ИбрехIим ГIалгIайчоьнан Магасерчу аэропорте кхаьчначул тIаьхьа зIенера вайна. Цуьнан гергарнаш тешна бу, иза полисхоша лаьцна бохучух. "Карарчу беттан 25-чохь суьйранна 19 сахьт 40 минот яьлча Магасе а кхаьчна, цигара Серноводске дIавахна ИбрехIим", - аьлла "Кавказский узел" интернет-гIирсе дийцина Мусаевн гергарчу стага цIе ца яккхар а дехна. Цо бахарехь, хьалхо цуьнан проблема лаьттинчу Серноводскан... Читать дальше...

Дагестанехь шегара даьллачунна гечдар дехна петербургхочо

Radiomarsho.com 

Санкт-Петербургера схьаваьлла, Дагестанехь вехачу жимчу стага къинтIера баьхна меттигера бахархой, ша де хьалха социалан машанехь зорбане даьхначу товш доцчу суьрташна тIехула. Царна тIехь лаьмнийн фонехь зудаберашца лаьтташ ву иза. "Ас даггара доьху сайна бехк цабиллар дукха хан йоццуш сайгара даьллачунна. Боккъал а дуккхаъчух кхетта со. ТIехулара санна хийцалур ву со чуьра а. Суна чIогIа хазахета Дагестан, шуна вас ян дагахь вацара со сайн хотIаца. ТIейогIучу заманчохь оцу кепарниг сайгара долуьйтур дац ас... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь 30 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 619 – цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 30 пациент, цомгуш хилла кхин 619. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 14 вахархо, Ставропол-махкахь – 6, ГIалмакхойчохь - шиъ, Адыгейхь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - кхоккха, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а - цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 241 стаг, боху официало Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Адыгейхь. Читать дальше...

"Ал Къайдо" ультиматум кхайкхийна Шишани Муслимна

Radiomarsho.com 

Нохчийн буьйранча волчу Шишани Муслимна Шемарчу Идлибехь Iаткъаме йолчу "Хайат Тахрир аш-Шам" герзхойн тобанан декъашхоша тIедиллина, шайн могIарех схьакхета аьлла. Шаьш бохург ца дахь, регионера дIагIо аьлла, кхайкхам бина цара. "Хайат Тахрир аш-Шам" тобанан урхалло дIахьедина лараме волчу муджахIедийн командире Шишани Муслиме Идлиб провинцера аравала аьлла. Гуш ду, оцу тобано Шишанина ультиматум хIоттийна хилар: я шайн организацех схьакхета, я дIагIо аьлла. Шишани Муслим дуьхьал ву царах дIакхета"... Читать дальше...

Аьшпашбуьттуш нах Iехош бу аьлла, шеко йолуш нах лецна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нах а Iехош, хьарамлонаш лелон тоба лаьцна Нохчийчохь. Меттигерчу телехьожийлан камераш тIе а хьийсош, бехкаш даьхна цаьргара. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан репортажехь дийцарехь, оцу тобанан декъашхо хиллачу таксхочо, нах тIекхуьйлуш хилла бозбуанчалаш лелочарна. Оцу командерчу цхьана зудчо чIагIонаш йо, ша бакъдолу малик а ду, шегахь нахана дарба ден дакъа а ду бохуш. Соьлж-ГIаларчу бусалба дарба лелочу центран коьртачу говзанчас Эльжуркаев Адама къамел дина лецна балийначаьрца. Стигалкъекъа-баттахь а лийцира Нохчийчохь... Читать дальше...

Курхаллаш лелийна ФСБ-н кхо эпсар лаьцна кхело

Radiomarsho.com 

Баккхийчу барамашкахь курхаллаш лелийна аьлла, Москварчу гарнизонан тIеман кхело ФСБ-н авиацин урхаллан 6-чу декъан лаккхара кхо эпсар лаьцна. "Коммерсанто" бина цунах лаьцна хаам. Бехкаш тIе ца лоцу жоьпе хIиттийначара. Талламчийн версица, оцу декъан полковнико Кравченко Юрийс а, цуьнан гIовсо, подполковнико Сохин Артема а, майоро Романов Сергейс а 64 миллион гергга ахча лачкъийна хилла Ставрополерчу "АсСтрой" фирмаца конртакташ дечу хенахь. Кеманашна лерина авиацин-техникан гIирс Iалашбан вовшахтосу... Читать дальше...

Пхи бутт бу Казахстанехь ММА-н нохчийн латархочунна ницкъбен 

Radiomarsho.com 

Казахстанан къоман кхерамзаллан Комитетан (КНБ) белхахоша шаьш герз а тесна, лаьцна ялх нохчо а, ши гIалгIа а. Ткъа хIинца шаьш зуламаш дина алий, бехкаш тIелаца бохуш, хьийзош бу уьш. Кавказ.Реалиига бина цунах лаьцна хаам лаьцначийн гергарчара. Талламна герга йолчу хьосташа бахарехь, лаьцначех цхьаъ Нохчийчуьра орамаш долу, Казахстанехь вехаш хилла 51 шо долу Джамалдиев Расул ийначу кепехь латаран Азин "Ахмат" лиган сий долу президент ву. Бакъо йоцуш герзаш лелорна Алма-Атарчу къоман кхерамзаллан... Читать дальше...

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан инстаграмера агIо дIакъевлина

Radiomarsho.com 

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан инстаграмера агIо схьаеллалуш яц. Социалан машанашка язбеллачара бина цуьнан тидам. 900 эзар стаг аккаунте язвелла агIо мича бахьанашца къевлина хууш дац. "Халахеттехь а, хIара агIо схьаеллалуш яц. Я агIо дIаяьккхина, я ссылка нийса яц" олий яздо, аккаунте гIоьртича. "Грозный" телехьожийло цкъачунна цхьана а кепара комментари йитина яц шайн инстаграм-агIо дIакъовларх лаьцна. Хила тарлучу бахьанашлахь ду -  Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа тоьхна санкцеш. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова обыграла Шнайдер на старте грунтового турнира WTA 1000 в Мадриде






Клиенты криптобиржи Beribit осадили офис компании в «Москва-Сити»

В Москве 30 человек эвакуировали из шашлычной из-за пожара

Эксперты дали советы по выбору идеального района для семейной жизни в Москве